Хетарг Ненан мотт бека сан сица

Айза Барзанукаева
Г1араваьллачу нохчийн поэта Сулейманов Ахьмада аьлла дешнаш ду: «Кхо х1ума ду дуьненчохь даима цхьаьна хила дезаш, вовшех даьхча кхуьй а леш: Даймохккий, ненан моттий, халккъий…»
Доккха маь1на долш ду и дешнаш.  Вайна массарна а даккхий декхарш т1едохку цара. Ойла йойту. Оцу кхаа х1уманца цкъа а хада йиш йоцу з1е  ю вайн х1ораннин.   Ткъа тахана  ненан маттаца кхолладелла  хьал ч1ог1а г1айг1ане ду. Вай ваьш  х1аллакбеш бу ненан мотт.
Х1ара т1аьхьара масех шо даллалц школе дахаза долчу берийн проблема яра царна оьрсийн мотт ца хаар, я ледара хаар. Дешар 1амор оьрсийн маттахь хиларна  царна хала хир ду 1илманах кхета, аьлла, хетара вайна. Шеко йоцуш, дан а дара берашна 20-30 шо хьалха шайна ца хуучу маттахь 1-чу классехь дуьйна хьехархочо урок луш, цо дуьйцучунна т1аьхьакхиа. Амма телефонаш, планшеташ бераша караерзийчхьана, хьал б1остнехьа дирзина. Дай-нанойл а «гергара» телефонаш ю берийн. Ткъа шайн хан бераша ца яйичхьана, уьш к1езиг тергалдеш, царна бовл-бовлуш хера бевлла баккхийнаш. Т1аккха цу берийн синойн «доладеш», церан шайн гергарчаьрца йолу уьйр малъеш, церан «верасаш» хилла телефонаш. Вайна ма-хаъара, цу телефонашна чохь буьйцуш болу мотт нохчийниг бац.  Цундела тахана, ч1ег1ардигаша санна,  кхо-диъ шо кхаьчхьана бераша буьйцуш берг оьрсийн мотт бу. Иза-м иштта зене а дацара, цу маттаца цхьана берашна шайн ненан  мотт а хаахьара. Нохчийн мотт школехь а 1амор бара, аьлла, хеташ берш а бу, цул сов – иза 1ама ца бича а х1уммаъ хала ца хеташ берш а бу баккхийчарна юккъехь. Амма вайн дегнашкахь шеко кхоллаяла еза: «Х1ара хьал иштта д1адодахь, х1ун хир-те вайн маттах?» Дуьненахь х1ора шарахь леш долчу меттанийн    кхоллам хила там бу нохчийн меттан а. Тишъелла йог1учу бедарх тера хета вайн меттан хьал цхьаццаболчара и буьйцуш. Мамо – папо – бабо  олуш хезча вай цец ца довлучу кхаьчна. Дешархоша олуш хиларал сов, шовзткъа шаре бевлла г1еметта х1иттинчара а олу цу тайпана.
Кхин цхьа керла кеп «карийна» вайна «д1а-схьа» бохучу куцдешан. «Туда-сюда» боху маь1на ду цуьнан оьрсийн маттахь («Оьрсийн-нохчийн словарь», 1.Т.Карасаев, А.Г.Мациев, М., 2000 шо; жоьпаллин редактор И.Ю.Алироев, редакторш 1.Т.Карасаев, А.Д.Тимаев, Я.1.Эсхаджиев).  Оццу дешан «Нохчийн-оьрсийн словарь» т1ехь (А.Г.Мациев, М., 2000 шо; жоьпаллин редактор Ю.Д.Дешериев) иштта кеп ю «д1ай-схьай» - «туда-сюда». Тахана хезаш дерг «д1аЙс» ду! Цхьа-ши шо хьалха оцу кепехь и дош сайна цхьана жимчуьнгахь хезча, аса оцу г1алатана т1е тидам бахийтира, нийса ала дезачу кеппара хаза а хозуьйтуш. Амма и дош  нийса ца олуш болу нах алсамбевлла х1инца. Ца бевзачу наха шайна юкъахь къамел деш уьш нисбархьама юкъа г1оьртийла а ма  дац, олий, 1ад1аш верг хир ву. Т1аккха цу дешан оцу тайпана кеп хиллаяьлла д1ах1утту эххар а.  И г1уллакх иштта д1адодахь, вайн мотт г1алатийн «асаро» букъбийр бу.
Хьастаг1а цхьа видео ги суна ватсап чохь. Йозанца болх беш, лаккхара дешар дешна волчу стага шен къамелехь «ваха» (воьду, вахара, вахна, г1ор-г1ур ву) - «идти»  бохучу дешан дукхаллин терахьехь карарчу хенахь «д1абоьлхуш» аларан меттана «боьдуш» элира, буьйцурш нах боллушехь. Сихвелча г1алат волуш а хуьлу, цундела даьлла хир ду оцу стеган багара нийса ца алар. Х1ара йоза деш йолчу соьгара а долу г1алат. Со ала г1ерташ дерг – вайн нохчийн мотт, вайн ненан мотт вай экама лелон безара бохург ду. 
Вай дуьйцуш долчу «д1ай-схьай» бохучу дашах тера кхин цхьаъ ду,  Дешериев Юнус жоьпаллин  редактор волчу дошам т1ехь далийна. Цу т1ехь иштта боху: «д1асхьа» - глагольная приставка, обозначает движение, направленное к говорящему и от говорящего, напр., д1асхьакъаста – разойтись в разные стороны; д1асхьадаржа – разбрестись, бажа д1асхьабаьржина; д1асхьадаржо – раскинуть, раскидывать, рассылать, распространить д1асхьадекъа – распределить, д1асхьадовла – расступиться, разойтись;  д1асхьадахьа – разнести, доставить; д1асхьаида – бегать в разных направлениях».
Вайна ма-гарра, хьал долуш (богатый) бу вайн мотт. Арсанукаев Шайхис шен байта т1ехь а боху нохчийн меттан башхаллех лаьцна: «Доьзалехь бийцар а дастама хеташ, хьуо винчу ненан мотт д1атесна ахь. «Сов къен бу дешнашна, бац атта кхеташ!» - бохуш, и сийсазбан ца хета иэхь. Ладог1ал цкъа соьга, «хьекъале корта», ладог1ал, яккхий д1а лергара потт: йист йоцу х1орд санна, бу хьуна шорта ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт».
Х1ара къамел долош аса далийра Сулейманов Ахьмадан дешнаш  «Даймохк, ненан мотт, халкъ». Вайх  милла стенга водахь а – оцу кхаа х1уманах д1ахада йиш яц вайн! Даймохк – халкъ ду, халкъ – Даймохк бу, ткъа царна юккъера з1е – ненан мотт бу. Доладеш, ларбеш, ненан мотт 1алашбеш болх бан беза вай. Цунах лаьцна Касумов Сайд-Мохьмада аьлла дешнаш а далош, дерзадо аса х1ара къамел: «Ненан мотт язло сан ц1ийца. Ненан мотт бека  сан сица. Сан бакъо ю иза бийца. Амма яц бакъо и хийца.»