Ши синтар шолг1а дакъа

Иса Махмудов
-Х1ара ма доккха х1ума ду! Х1ара ма ирча х1ума ду. Сан х1ун бехк бара? И х1ун дара цара динарг? – бохуш, инзардуьйлура даима а дездан 1емина долу синтар. Х1инца-м бехк а бацара цуьнан. Хьун хьокхуш схьадог1учу адамаша ца кхоадора кегийра синтарш, церан 1алашо сихха даккхий дитташ охьатохар яра. – "Дог1а ма деана, кегийра дитташ денлур ду, хъун къонлур ю" – аьлла, арабевлла бара уьш.
Лаххара дуьйна хада а дой, охьатухий, тракторна т1аьхьа а тосий, д1атакхадора цара дитташ.
 – Ма доккха х1ума ду х1ара! И мел долу дитташ суна т1ехула д1атакхо дезаш хилла-кх церан!? Сан х1ора г1а а цостуш, сан дег1ан чкъор доккхуш, г1ора д1адокхуш хили-кх х1ара ас даимна сатийсина йолу серло гар. Хьо дийна дуй? – аьлла, д1а мохь туьйхира  цо шена уллорчу накъосте.
– Со-м хьо лийна даллалц 1ара. Дийна ду со-м. Сатохалуш ю сан чевнаш.
Х1окху пекъаран хьал а дацара кхин тоьлла. Делахь а, шега хийцалуш доцчу хьолана собаре хила 1емина дара иза. – Хьуна хьайна йина чевнаш бен ца го. Д1а-схьа хьажахьа, мел ду вай санна малхе сатийсина синтарш баххьаш а даьхна, генаш кегдина, бухдаьхна 1оьхкуш!? Синтарша сатийсина маьлхан з1аьнарш стиглахула яьржина гора. Даккхийчу дитташа стигал а хьулйина, малх ца гуш литтинчу синтаршна, цхьана йоццачу заманахь и з1аьнарш шайна схьагича, шайна хьун хьокхуш йина чевнаш а йицъеллера. Шайна т1ехь дийна дисина массо а г1а малхехьа а дерзийна, уьш тешамца хьоьжура цуьнга. Х1инца дуьйна маьрша яра стигал. Амма цара ойла ца йора цу маьлхан йовхо т1ех хиларо х1ун до. Царна хьалха гина, девзаш хьал дацара и. Ца девзарг атта хетара. Амма хазалло 1ехийначчохь д1айолу 1уьйре.
Синтаршкахь г1ора латтош долу 1уьйренан тхи, дерриге а церан дог1маша д1ахудуш, д1адайра. Х1инца маьлхан з1аьнарш нисса синтаршна т1е хьоьжура.
– Ваай, х1ара ма инзаре х1ума ду! Цу малхо со ма ч1ог1а дагадо! Сан даръелла чевнаш 1овжийна цо! Х1инца аса х1ун де? Ишта со лийра дуйла хиънехь, аса сатуьйсур ма дацара оцу малхе! – бохуш, карзахдуьйлура аьрха синтар.
– Жимма сатохахь, дуккханга а ма кхаьчна хьоьгахь боллу бала. Ишта хьо дездерах тодала х1умма а дац. Цхьа чов йоцуш хилча-м, хама а бийр  бацара кху маршонан. Жим-жима чевнаш йоьрзур ю. Дог1а ма-деана сихха меттах1уьттур ма ду вай.
– Ма эли-кх ахь! Хьо х1утту метта? И хьан дисина долу ши-кхо г1а х1инца цхьана газано д1акхоллур ду. Т1аккха лаьттар ду хьо дог1а даллалц бохуш.
– Ма к1езиг сагатдо ахь сан хьолана. Кху хьуьнхахь ц1е ялахь а, хьан г1уллакх хилчахьана, х1умма а дац... Хала зама а, атта зама а, массарна цхьатерра ца йог1у. Даккхийчу дитташа хьайна д1акъевлина малх бен ца гора хьуна, х1инца цара луш хиллачу 1индаг1ан хама а хии хьуна.
– Оцу диттийн 1индаг1ехь ца латта-м сох цу маьлхан йовхоно чим хилийтахьара! Шайн ницкъ кхаьчнехь, и 1индаг1а а лур дацара цара. Сан чкъор хадош со лазийнехь а, уьш д1адаьхна хала-м ца хета суна. Х1ара дуьне а, 1алам а массарна цхьатерра кхоьллина ду. И шена доладаккха стигал кхийдахь а, цхьа де дог1у лаьтто ша генахь ца хиллийла хоуьйтуш.
– И дерриге а хьайна хууш хилча, хьо вуон-м деттало. Тхих дисина т1аьххьара т1адамаш а ма легади ахь.
– Ахь 1ама-м дийр ду. Доккхуш дег1 а доцуш, хьоьца къанлуш ма лаьтта со!
– Синтарах хуьлу-кх ткъа дитт а. Малх а, дог1а а шен цхьана барамехь хилча, сихха доккхахуьлу дитт. Шаьш даккхиийхилар церан бехк ма бац.
– Оффай-кх... Хьуна маца гина теша малх я дог1а? Цара уьш вайга  кхачийтина кхин? Вай лелла довлале, шаьш леш долуш санна, д1а ма узура цара х1ора дог1анан т1адам. Х1инца 1аьбна хир ду уьш. Сох тийса а ца долуьйтуш даьхна делара уьш д1а...
– Делахь, хьан луур кхочушхилла-кх, ахь жимма сатоьхчахьана чевнаш йоьрзур ю. Т1аккха малх а хазлур бу хьуна.
Дезадечу синтарна г1овг1а сецна аьлла хетачу меттехь, юха а мохь белира:
 - Хьо йиса кхин  даа г1а доцуш, со доцург кхи синтар дацар хьун…?
Ша кхуьнга дукха сатеснача санна хьалхара шина   когаца, ишта а цестина долу цхьа г1а хедош йоллура йокха, баьццара цаьпцалг.
Хьун хаькхачхьана цаьпцалгаш яьржинера кхузахь.
Церан екаро, шатайпа денйора тийна хуьлуш йолу аьхкенан суьйре.
- Пурба дац хьуна,  цаьпцалг, д1акхоссаяла! Хезий хьуна, хьо дукхаяхарг, -  бохуш доьлура  шолг1а синтар.
Цхьаъ детталуш, важа цунах доьлуш, ши синтар лаьтташехь, шена т1ехьара ши ког г1ортийна, ишта а дарделла долу синтрар ц1еххьана ластош, кхоссаелла д1аяхара цепцалг.
 Дитташ онда мел девли а, хьуьнан хьал тишло. Керла синтарш а ца кхуьу. Чехка шайн болх чекхбаккха даьхкинчу адамийн к1езиг бала бара хьуьнан дахарца. Цара ца хоьржура стоьман дитт а, аккази а. Шайн ч1аг1аллина генашца вовшех хьаьрчина, леккха боьххьехь шайн генаш даржийна, шайн орамех тешна лаьттачу дитташна ца моьттура шаьш охьатоха лаьттахь ницкъ хир бу аьлла. Хийла хенак1уро з1ок еттарх, чано букъ беттарх, мехаш ц1ийзарх, дог1анаш хьийзарх, шекдевлла а дацара даккхий дитташ. «Хьун хьокхур ю боху! Цхьа де дог1ур ду даккхий дитташ охьадетташ…» – бохуш, лахарчу синтарша а, акхароша а, хьозарчаша а дийцарх тешаш а, цара дуьйцург дош хеташ а дацара даккхий дитташ. Хьуьнан цхьана маь11ехь диг детта, херх хьекха болийча а, и шайна хеззашехь, тешаш дацара и дитташ. Амма тоьлла - тоьлла дитт хьалха а дожош, шаьш охьадетта долийча, де ийшира даккхийчу диттийн. Шайна долахь хетта йолу лакхе а генахь йисира. Уьш эгаро тешам белира дуккха а кегийчу синтаршна.
 Охьадеттачу диттийн г1овг1а д1а а яьлла, хьалха санна дукха дацахь а, олхазарийн декаро денйина еара 1уьйре. Дайн диллинчу бецан тхино жимма г1ора делира синтаршна. Чов йин-йинчохь селхана малхо деттина чкъор тхино к1аддина, 1ийжочуьра сецнера.
  Х1инца кхоччуш меттах1итта кхарна оьшург деккъа цхьа дог1а дара. И даре сатесна дара синтарш а, йокъалло эт1ийна латта а. Дикка лаьттира маьлхан довха денош. Къоначу синтарийн хийла г1а дуьйжийра дог1ане сатуьйсуш. Эххар а, стигал кхолош,  гулъелира мархаш. Стелахаьштигаш еттара. Шийлачу дог1анан т1адамаш лаьтта хьаьвдира. Т1еэгачу т1адамаша х1ора г1а дегадора. Геннара хьаьжча, цу дог1анехь хелхадуьйлуш долуш санна хеталора синтарийн г1аш. Хелхадийлал  оцу дог1анах кхаъ хилла а дара синтарш. Шортта ницкъ белира дог1ано синтаршна. Тоелира гондахьара г1а-буц а. Х1инца маьлхан йовхо лан а г1ора дара гаьннашкахь.
 – Эхх1ай, х1ара ю-кха 1уьйре! Маьрша, сирла, екхна... Тахана ма хаза бу малх а, самукъане ду 1алам а, – аьлла хазийра аьрха амал йолчу синтаро.
– Бакъ ду - те суна хезаш дерг? Хьо реза долуш де деана - те вайна!? – аьлла дистхилира тийна хуьлушдерг.
– Аса сатесна де ду х1ара. Цундела суна лаьа кхунах 1аба. Хьоьга ладоьг1уш а ца лаьтташ, суна малхехьа а дирзина, чехка доккхахилар тоьлу.
– Чехка даккхийхиллачу диташна динарг гирий хьуна?
– Со ахь дуьйцург хезаш дац-кх. Сан сатийсам лекха бу, са а лекха дера ду.
– Делахь хьо а лекха. Дукха гена ма далалахь, со дицлур ду хьуна!
– Синтарийн къоьлла яцара кху хьуьнхахь-м. Дицлур дац, хьо сеттина а даьлла, соьца нисса доккхахилахь-м!
– Х1аъ, дика ду. Ахь х1ун до хьожур ду со, – аьлла, шен массо г1а малхе а дерзийна, аркъал а даьлла, д1ахоьттира аьрха амал йолуш долу синтар.
 Дог1ано лийчош, малхо дохдеш, цхьа йоцца зама еара синтаршна. И маршо шайгахь ехха лаьттарг хиларх тешна дара уьш. Цара керла г1аш хоьцура. Т1ейог1учу б1аьста ша-ша заза доккхур ду аьлла хеташ а дара дуккха а синтарш.
Амма синтаршна ца гора шайна, дуьхьалара даккхий дитташ д1а а даьхна, шайна схьаеллаелла йолу стигал бен. Царна дицделлера дитташ д1адаьхнехь а, церан дисина долу орамаш х1инца а ницкъ болуш хилар.
 Д1адаьхначу диттийн орамийн лаьтта деана дог1а мийла алсам ницкъ бара. Цара алсам муьйлура дог1анан хи. Цундела оцу орамашна т1ехь я уллохь девлла  долу синтарш дукха сиха кхиира ондадовла. Цара генаш хоьцуш, жим-жима д1акъовла йолийра стигал. Дитт дожарх, цо хецна орам ницкъ болуш хуьлу. Цундела, адамаша даккхий дитташ орамашца бухдаххалц, сатийсам а хилла юьсур ю дуккха а синтаршна маршо...


19.08.2020