Ши синтар хьалхара дакъа

Иса Махмудов
Луьстачу хьуьнан юккъехь г1орасиз а хилла, дуьненца дахар къуьйсуш, лаьттара жима ши синтар.
Дуьнен т1ехь массеран а шен-шен ма хиллар, шина синтаран а ду шатайпа дахаран хьал а, бала - сингаттам а, дуьне дезар а.
Буьйсанца де хийцалуш, сирла са даьржаш, шок лекха дуьйлира 1уьйренан олхазар.
Олхазар дека доьлча набарха девллачу синтарех цхьамма, дезадеш долийра шен чехка къамел:
- Хьажахь, хьажахь, хезий хьун?
Юха а, олхазарша хаийти-кх суна буьйса д1аяьллийла, церан аьзнаша даьккхи-кх со тийначу набарах…
Хьо-м даимна санна парг1ат ду, хьуна мега шадерриг, дист мукъне хилахь!
Со-м ца дола хьоьх цецдаьлла а, сел бала боцуш, хьо муха 1ало…
Ас санна ца туьйса ахь дуьненан серлонга са?
Вайша маца хира ду-те, х1ара гондахьара дитташ санна, доккха а, онда а?
Цхьана хазачу кхаэ сатуьйсуш, даккхий синош дохучу адамо санна, сатийсамца дуьйцура синтаро:
- Х1орш санна, сайн массо г1а а диллина, качделла, даьржина, парг1ат а даьлла, кху лаьттах дуьххьара сайх патаран чохь г1а хьаьрчинча дуьйна айса са тесначу цу малхах 1ебаш…
И 1уьйранна г1оттуш, дуьне а хьостуш, цо яржайо з1аьнарш гулъеш сан мара.
И, суьйранна бузуш, де новкъа доккхуш, цо тоьхна з1аьнарш сайцанна йийшош.
И лоруш, и хестош, баркаллаш бохуш цунна лаьттара дара со… со дитт а хеташ…
Сатийсамо г1аттийна шен къона ойла, юха йирзича, кхин хийцам боцуш ша карийча … юхаъ шен дезадер карладохура синтаро:
- Ткъа х1инц кхарна цуьнан йовхо к1ордийча… де, дох а делла, делкъенга даьлча…
Наггахь сада1а охкийча г1аш, кхарех чекхйуьйлу и г1ийла з1аьнарш…
Шайна т1ера саг1ийна луш йолуш санна, лекхара халла кхийдайо схьа…
Х1етте а царех тоам бан безаш, кхин серло йоцуш вайн латта деза…
Ца 1ебаш, кху лаьттан массо а цинц лоцуш, кхара тийсинчу орамашна юккъехь…
Кхеран йист йоцчу1индаг1ехь делла д1а ца долуш, денделла дуьненан серлонга ца долуш…
Кху хьолехь хиларна хастамаш беш, даиман дехар-те вайша ши синтар хилла?
Хьажахь вайшиннан бос боцу г1ашка, чекх са го кхарна мазанах санна…
Муьлха-муьлха чхьаьвриг а ца еша вайха , ур-аттал м1ара тасаъ… г1а хазаделла а…
Х1ара йоккха хьун гатъелла лелачу акхароша а ма бетта ларамза т1е когаш…
Царна вайша диттех тера а ца хета, я т1ейог1учу хенахь хир ду аьлла а…
Цхьа буьртиг боьжча цунна орам тассал меттиг шаьш цабитча а ца 1ебаш .
Шайна т1амарш – генаш кура д1аса -даржийна дуьненан серло а ма къуьйлу кхара…
Хьажахь церан аркъала сеттар, суна гина а йоцчу стигала кхийдаш…
Хьо ма ч1ог1а парг1ат ду, ахь дош а ма ца олу, схьагарехь хьо даккхий де хьайгарчу хьолах!
Шоллаг1а синтар кхуьнга ладег1а 1емина дар. Дуьххьара хезаш дацар цунна кхо дуьйцуриг.
Делахь а, вукхо, ша диттане а ца дитича, наггахь дистхуьлур, амма ала г1ертарг чекх доккхийташ-м дацар…
- «Аса хьоьга»- аьлла, дистхила доьлча, юхаъ шен яппарш йолийра вукхо: - Ахь соьга шело х1уттур ю, 1а дог1ур ду элира.
И шело массарнаъ цхьабоьсса хир ю. Кхаъ баттахь и лайча, керла зама йог1ур ю.
Цу замано шеца йовхо яхьар ю, малх а гур бу, баьццара г1аш девра ду.
Ахь сайга со тешош дийцича, со майрра дахнера ша буьллучу 1аьнан к1ела…
Ткъа х1инца и х1ара елахь, ахь соьга язйина йийцина зама…
И к1айн ло дашар бен, г1орийначара сатийсам бостуш, кхин суна-м гина яц йовхо…
- Ма сих дукха хьо, цхьана дийнахь ца кхуьу хьун а!
Х1ара хьун вай массераъ: кхиина даьллачу диттийн а, къона даьллачу синтарийн а ма ю!
Массо а цхьатерра бакъонаш йолуш кхуьнан дай ма ду вай…
- Со хьаша чано ! Ахь дуьйцург дера ду кхиъ хаза!!!
Х1ара хьун вайн массераъ хилча …
Латтано дог1а ца худуче кхаччалц к1орга,ч1абанашца дуцуш орамаш а тийсина…
Г1оттучу малхо можачу з1аьнаршца хьастарца г1овтош.
Бузучу малхо ц1ен з1аьнаршца дийшош, тийначу цу батто шайн г1енаш лардеш.
Стигал кхевдинчу баьццарчу генаша цу лекхахь шабарш деш, мох баьллачхьа лесташ…
Цул сов, ахь ладог1ахь! Вайн набарх доху и зевне олхазар мичхьара дека!?
Иза а ма ду церан генаш т1е хуьйшуш, царна иллеш бохуш…
- Хьо сиха ду, ахь дош алаъ ца дуьта со … массо х1уман шен зама хуьлуш ю …
- Церан генаш т1ехь декарх аз хаза олхазар, хьуна а новкъо яц цуьнга ладег1а…
Уьш а ма хилла цкъа къона синтарш, вайша санна де доцуш г1ора сиз г1ийла…
Царна ца гинарг, цара лайнадоцуриг ма дац вайшингахь тахна!
- Цахаъ цара х1у лайна, царна х1у гина-м… Ахь ма дуьйцца делахь, дицца-м сиха делла х1орш…
Вайшиъ санна готтонехь шаьш лаьттина делхьара-м, хам хуур бара…
Царна т1ехь стом а лата бо уггаре тоьлларг, и баа хьаьган хуьла дуккха а садолу х1умнаш…
Ткъа вайшинна т1ехь маца бера бу-те стом!? Бос хаза а, чам мерза а… Сан стом баа гуллур яра массо а садолу х1ума!
- Кхни х1ун до техьа ахь!? Хьуна стенах хаьа хьо стом болучу диттех дуйла?
Кхоран бухахь даьлла лаьтташ дац вайша! Я 1ожан бухахь а дац…
Эрна дерш а ца дуьйцуш, 1ад 1е дезара хьо…
- Х1инца и х1ун ду ахь долийнарг? Кхор бац… 1аж бац… Со акказех тера-м ца хета хьуна?
- Даимна а дезаъ ца деш, ахь цхьажимма ладог1ахьара, ойла яхьара, кхетар дар хьо…
ца хезна хьун акхароша шабарш деш? Кху хьуьнхара шаьш д1аяха езар ю бохуш г1айг1ане ма ю уьш.
- Ма г1айг1ане хила ца оьшур кху нийсо йоцчу хьуьнхара д1аяхарх…
Шаьш яххал йоьлхуш, вайх ка а ца етташ мукъне а г1ахьара уьш!
- Юха а хьайнарг дуьйцу-кх ахь! Уьш д1аяхарн бахьан х1унда ца хотту ахь!?
- Церан санна д1адаха йиш хилча-м, ас кхузахь цхьа г1а дожжал хан-зама йоккхур яцар…
Т1аккха дийцахь, хьо ма дуй вайн шадерг хууш… х1унда йоьлху акхарой хьуьнхара д1а, кхарна а гаттъелла х1ара?
- Церан ц1а духуш ху… хьун йолалучуьра дуьйна цхьа адамаш ду боха цара и хьокхуш схьадог1уш…
- Вай… т1аккха вай а хьокхур ду цара, ма доккха х1ум ду х1ара дакъазалла!?
- Х1ан-х1а, цара д1адохушдерш даккхий, тоьлла дитташ ду, ораман юххера хада а дой, цкъа а ирахь лаьттина а доцуш санна охьа дохка боха цара.
Хьун карлайоккхуш бу уьш, къона синтарш а, кегий дитташ а ца хьедо цара…
Т1аккха гур бу хьун и малх а, дуьненан серло а, доккха а хир ду хьо, хьуна гуттара а новкъа хиллачу диттийн меттан доккха а хилла д1ахуттур ду хьо!
Шерашкахь т1ек1ел легна дахка деллачу генех хиллачу латтах г1ийла тасабеллачу шен орам схьабаллала, цу къамелах кхаъ хилла детталора синтар:
- Ахь боккъала а бохий? Со юхаъ 1ехош-м дац хьо? Со д1асацийта дуьйцуш хир ду ахь и!?
Т1аккха хьо х1унда дац самукъане, вайшимма сатийсина зама ма ю гергайог1ушъерг, хьо х1унда ду г1айг1ане?
Кхунах цецдуьйлуш, хаттаршца , чуьра дуьйлура синтем боцу синтар.
Шолг1аниг х1ума толлуш хуьлуш дара, цундела башха доккха цадера и цу герга бохучу хийцамех.
- Со-м ойла еш лаьттара… Цхьа г1о доцуш дика а ца хуьла, шена т1аьхьа дика доцуш г1о а ца хуьла.
Вайна т1едог1ург, вайн дика а хеташ, г1о ду-техьа, я х1ара готталла д1аяккха дог1уш дика ду-техьа!?
Дуккха а шерашкахь кху хьуьнан дай хилла лаьттина долу х1ара даккхий дитташ охьадетта адамаш доьлча, кхарна юккъехь, ахь ма бах, кхарна мегарг дуйла а ца хууш долу вайшиъ, вайша санна долу къона синтарш ца лазош хир дуй-те, уьш хьаькхна д1адаьхча вайна даха хуур дуй-те…
Цул сов, х1инца уьш д1а а даьхна, уьш санна вай даккхий а хилла д1ах1иттича, юха вай хьакха а дог1ур ма ду и адамаш.
Т1аккха оьшурий-те вайша цу гуш йоцучу серлонга кхийда? Дийнахь цкъа бен ца кхетахь а, цу маьлхан з1аьнарех тоам бинехь тоьларий-те вайшинна? - бохуш хаттарша хьаьрча сан генех…
- Оввайкх… гина а дац, хезна а дац хьуна и адамаш, хьо х1инца ле а кхоьруш ду царех, чано, барзо, цхьогало ца динарг х1у дийра ду адамаша? Хьо де ма дехьара цара, хьо доккхачу диттанах тар а делла хьакхарна-м кхоьрийца хьо!?…
Валлах1 дара хьо кхин доккха а ца хуьлийтуш латтийта дезаш…
Х1орш д1адаьхча оцу стигал хьала а кхевдина, баьццарчу г1аша, стоьмаша даздина сайна генаш даржийна лаьттар ду-кх со.
Докха хира ду со, цу адмашка охьатохалур доцуш, кху гонахьара масийттамо тесна орамаш ас цхьаммо тосур ду.
Иштта ницкъ болуш со хилча адамаш ларор дац соьца…
- Гой хьуна, хьо х1инцале а ду даржа кийча, онда а даьлла, хьайна а даьлла д1ахоьтти хьо-м, хьуна уллохь вайша санна синтараш довла а ма тарло …
Сих ма ло, хьо даккхий дерах, со г1айг1ане хиларх, вайшинга хоьттуш дац адамаш шаьш лелориг. Хьожур ду вайша цара вайна х1ун дахьа!
Шайн сийлаллех, ниц1къах даккхий деш лаьттиначу диттийна хьал а хуьйцуш долчу адамаш хоийта даима а х1умма а лаьтташ доцийла…
Собаре хир ду вайша замане дуьллур вайша и дерриге а…

1. Патар – почка, побег, росток (растения);
2. Чхьаьвриг – таракан, насекомое.
3. Ча, чано – медведь;
4. Аккази – акация;
2014 шо 1ийса Махмудов