Даима а лехамехь ю

Банжаев Аьрзу
         "Даймохк" газет. Номер 61. 8 август 2020 шо.

Вайн турпалхочун авто-
биографи йоьшуш, ойла
кхоллало, хьажахьа, ша
муьлха некъ харжа беза
ца хууш, хьере хилла
лелла-кх хIара, олий. Иза
иштта дац. Цхьадолу
адамаш массо хIума до-
вза лууш, массо хIуманна
тIаьхьакхиа лууш хуь-
лу. Шен цхьа гIуллакх
нис ца делча, кхечунна
тIедоьрзуш адам а хуьлу.
Царах цхьа а Саламова
Аминина догIуш дац, цо
говзалла караерийнехь а,
белхан меттигаш хийци-
нехь а. Жимчохь дуьйна
дешарехь а, балхахь а
кхиамаш бохуш схьаеа-
на иза. Вай лакхахь ма-
аллара, иза цунна керла
хIума довза лаар дуй-
те аьлла хета, цо цхьа
хIума дIацакхехьар.
Устрада-ГIалахь 1989-чу
шарахь товбецан (сентябрь)
беттан 12-чу дийнахь дуь-
нен чу яьлла Амина. Цхьа-
на хенахь Соьлжа-ГIалахь
а, цул тIаьхьа Курчалой-
Эвлахь а яхар хилла цуьнан.
ГIалахь ялх класс чек-
хъяьккхинчул тIаьхьа, не-
наненаца Курчалой-Эвлахь
яьхна. Цигахь иза дешарна
дика тIаьхьакхуьуш хилар-
на, масех класс хьалайок-
кху. УьссалгIачу классехь
доьшуш йолуш, школехь
а, кIоштахь а дIаяьхьначу
олимпиадашкахь толаман
меттигаш ехира цо. Амина
ша баьхначу кхиамех тоам
бина ца Iийра, масех шарахь
репетиторшна тIеоьхуш,
шен хаарш тIедуьзира цо.
Школехь дешна яьлча,
Соьлжа-ГIаларчу Политех-
никин техникуме юристан
говзалла караерзо деша яха-
ра иза, юха «Россин кер-
ла университет» дешаран
кхерчахь экономистан гов-
залла караерзийра. Даима а
керлачунна тIегIерташ йолу
иза, ингалсан мотт Iамо йо-
лаелира. Кхечу къоман мотт
а, церан культура а йовза
лаам хиларе терра, цу тIехь
а каелира цуьнан.
Коьртаниг – вайн къоман
культурица уллера гергар-
ло дара цуьнан. Культурин
балхахь хьалхара гIулчаш
Курчалойн-Эвлан культурин
кхерчахь кечдархо (оформи-
тель) йолуш ехира цо. Оцу
балхаца цхьаьна, Аминас
мероприятеш вовшахтухуш
дукха белхаш бира. Тахана
а оцу декъехь къахьоьгуш
ю иза.
Ла к к х а рч у т I е г I а н е х ь
дIаяьхьна мероприятеш ю
цуьнан. Билгалдаккха догIу
«Синмехаллаш» проектехь
Аминас язйинчу сценко
1-ра меттиг яьккхина хи-
лар. Культурица йоккха зIе
хиларе терра, Нохчийн Ре-
спубликин кинематогра-
фин урхаллин директоран
гIоьнчин, «Грозный Сити»
арахьарчу зIенийн говзан-
чин, «Вайнахавиа-н» куьй-
галхочун гIоьнчин, Колизей
спорт-холлан генеральни
деректоран заместителан,
«Единая Россия» партин
а, Россин къоман юкъарчу
фронтан а декъашхо йолуш
а белхаш бина цо.
Массо беран санна, Аминин
а бара жимачохь дуьйна,
журналист хила лууш, даг
чохь кхобуш цхьа лаам. Иза
йоккха хиллачул тIаьхьа,
кхин а чIагIбелира цуьнан.
Оцу лаамо журналистике
ялийра иза. Журналистан
болх, даго къобал а бой,
безало цунна. Шен дахаран
некъ цуьнца буоза ойла хуь-
лу цуьнан. Нохчийн Респу-
бликин журналистийн со-
юзан куьйгалхочун гIоьнча
йолуш, дIаболабо цо журна-
листикехь болх. Цул тIаьхьа
Нохчийн пачхьалкхан уни-
верситете журналистан гов-
залла караерзо деша йоьду
иза. Цо цхьацца официале
сайташкахь публикацеш
йина, «Вайнах» телерадио-
компанехь шен йолийна про-
ект а ю цуьнан, халахеташ
делахь а, цкъачунна сецна
лаьтташ.
Туристийн «Беной тревел»
ООО компанин арахьарчу
гIуллакхашкахула йолчу ве-
калан болх беш ю иза.
2019-чу шарахь дуьйна Рос-
син Журналистийн а, 2020-
чу шарахь дуьйна Дуьне-
наюкъарчу журналистийн
а союзийн декъашхо ю иза.
Шен лаамех, шен ницкъах
тешо а, кхидIа некъ байта
а цунна делла тоьшалла ду
иза.
Амина карарчу хенахь шен
ницкъех тешаш хиларна,
цо кхин а лаккхара похIма
гойтург хиларх а теша.