Джабраилова Азманах кхоллараллех дош

Банжаев Аьрзу
"Аргун" газет. 28-29 лоьмар. 27 июль 2020 шо.

Т1аьхьарчу шерашкахь
нохчийн литературехь цхьа
кхачамбацар дара - бе-
рашна лерина литература
к1еззиг хилар. И кхачамба-
цар Яздархойн союзо уггар
хьалха долчу шен дек- харшна юкъадахийтинчух
тера ду. Цу т1е а доьг1на,
берашна яздеш болу яздар- хой гуттар мехала хилар
а, церан книгаш кхечарел
хьалха зорбане йохург хи- лар а хаийтира Яздархойн
союзо. Жимма а берашна
язлуш, яздеш болу яздар- хой иркара х1иттийра цу
хаамо. Ишттачарех цхьамо- г1а яздархой гучубевлира.
Цул т1аьхьа хье а ца луш,
т1аьхьий, хьалхий бераш- на лерина церан цхьайтта
книжка ара а елира 2017 –
2018 чу шерашкахь. Царех
цхьаъ яра таханлерачу вайн
турпалхочун Джабраилова
Азманан книга а.
Джабраилова Азманан
дуьнен чу ялар хилла 1952
– чу шеран г1уран (де-
кабрь) бетан 14 - чу дийнахь
Малхбалерачу Казахстанан
областехь, Каменевка олу-
чу юьртахь, Джабраилов
Мохьмадан, Асмаан доьза-
леххь.
1957 – чу шарахь, нохчийн
къомана ц1адерза бакъо
еллачу хенахь, шайн дай
баьхначу Йоккхачу – Атаг1а
ц1абирзира церан доьзал.
Ц1а даьхкинчул т1аьхьа
дуьххьара «Ленинан некъ»
газета схьадоьллуш кор-
респондентан дарже балха
х1оьттина иза. Ткъе пхеа
шарахь цу газетехь болх бо
цуо. СССР-ан журналистийн
Союзан декъашхо а хилла
Мохьмад. Ткъа нанас Асмаа
шина шарана йолу х1умнаш
тега 1амош йолу школа чекх
а яьккхина, шайн к1оштар-
чу оьздангаллин кхерчахь
зудберашна х1умнаш тега
1амош дуккха шерашкахь
белхаш бина.
Ткъа Азман ден а, ненан
а лорах ца йоьду. Цуо шена
кхин некъ хоржу: шайн юьр- тара № 1 йолу школа яькк- хинчул т1аьхьа деша йоьду
иза Нохчийн пачхьалкхан
университете. Историче- ски факультет хоржу йо1а.
Дешна яьлча, шен юьртарчу
школехь истори хьоьхуш
д1аболабо цуо шен хьехар-
хочун къинхьегаман некъ.
Цу юкъана к1еззигчу ханна
оьрсийн мотт а, литература
а хьоьху цуо цигахь.
Школехь ткъе ялх шарахь
болх бо Азмана.
Доккха зеделларг ду цуь-
нан педагогикехь. Иштта
и хиларе терра, лакхарчу
дешаран хьаьрмахь а болх
тешабо Азманах. 2003 ша-
рахь Йоккхачу – Атаг1ахь
схьайиллинчу кхузаманан
академин филиалан дирек-
торан болх бан йолало иза.
2009 шо кхаччалц болх бо
цуо цигахь.
Карарчу хенахь пенсехь
ю Азман.
Ша школехь йолуш язъян
йолаелла Азман дуьххьар-
лера байташ. Азман бераш-
на язйина 1аш яц. Цуьнан
дуккха байташ ю баккхий-
чарна язйина а. Массо тема
ю цуьнан кхоллараллехь:
патриотизм,1алам, безам,
философи…
Азманан байташ зорбане
йийлина «Даймохк», «Гумс»,
«Аргун», «Нийсо» газеташ-
кахь а, «Стела1ад», «Орга»,
«Нана» журналашкахь а,
ЯЗДАРХОЙХ ДИЙЦАРШ
Джабраилова Азманан кхоллараллех дош
иштта «Грозный в стихах»
аьллачу юкъарчу гуларехь
а. Берашна лерина «Берал-
лин аз» аьлла, шен книга а
араяьлла цуьнан.
Азмана оьрсийн а, нохчийн
а шина маттахь язйо шен
говзарш.
2018-чу шеран къоман ли-
тературин «Шеран поэт»
аьллачу къовсаман декъа-
шхо а ю иза. Диплом а ду
цунна цу къовсамехь делла.
Оцу «Шеран поэт» къовса-
мехь дакъалаьцначу номи-
нантийн юкъарчу гуларна
юкъаяхана Азманан оьрсийн
маттахь язйина йолу пхиъ
байт. Маяковскийн мидал а
елла цунна.
Эшаршка йирзина байташ а
ю вайн турпалхочун. Масала,
Хамзатова Хедас д1алокхуш
йолу «Кхочур ю со Ата-
г1а», «Нуржовх1ар» тобана
юкъарчу солисткас Яхъяева
Аминас д1алокхуш йолу
«Хьомениг» а, «Безам» а.
Азманан берашна лерина
книга хьалха араяларе тер-
ра, дукхах болу тидам вай
цуьнан берийн кхолларал-
лина т1ебахийта лерина бу,
кхи дерг юьстах дита лери-
на дацахь а. Цуьнца доьзна
хьалха суна йийцаре ян лаьа
цуьнан берашна лерина йолу
говзарш. Азманан берашна
язйина йолу байташ берана
масал эца йиш йолуш ю.
Цуьнан байташ да – нана
диэза, да – нана лара 1амош,
бераш дикачуьнга марздеш,
дика деша 1амош, 1аламца
къинхетаме хила 1амош,
1аламан хазалла гойтуш ю.
Масала, царех ю «Марша я,
хьаша» ц1е йолу байт.
Марша я, хьаша
Бовхачу махкара
Ч1ег1ардиг схьадеъна,
Цо зевне екайо
Б1аьстенан эшар.
Комаьрша 1енайо
Маьлхо шен з1аьнарш.
1аьнан ч1аг1онех
Даьстина латта.
Марша я, хьаша,
Беркате б1аьсте!
Ахьа-м цу 1аьнан
Къайленаш яьсти!
Х1инцца лакхахь вай ялий-
начу кху байтехь автора
хьуна хьалха хаза б1аьсте-
нан сурт х1оттийна ца 1аш,
бераш а, баккхийнаш – м
муххале а, атта кхетар бо-
луш, философски ойла ян
некъ а буьллу. Иза цу байта
т1ера х1ара т1аьххьара 8
мог1а схьаэцча, гуш ду:
…Комаьрша 1енайо
Маьлхо шен з1аьнарш.
1аьнан ч1аг1онех
Даьстина латта.
Марша я, хьаша,
Беркате б1аьсте!
Ахьа-м цу 1аьнан
Къайленаш яьсти!
Кху байтан ши маь1на ду:
цхьаъ, вай ма – аллара,
дуьххьала д1адолу маь1на
ду, шолг1аниг: хазалло,
дикалло вуон ойла хуьйцу,
парг1ато цкъа мацца т1ейо-
г1у, бала, г1айг1а даима ца
лаьтта, боху маь1на. Дика
кхетам бу иза берашна.
Ишттачу масаллица кхио а
деза бераш.
Азмана кху байтехь и сурт
иштта философски дустуш
гайтинехь а, цуьнан цхьана
а хенан х1оттамца ч1ир яц.
Цунна беза шеран муьлхха
а мур. Шеран х1ора муьрана
язйина байт ю цуьнан. Иза
иштта хилар х1инца кху
«Лайн чимаш» ц1е йолчу
байто цунна тоьшалла а до.
Х1ара байт вай кхузахь яло-
ран бахьана ду вай хьалха
йийцаре йина йолу байт а
1аьнах льацна хилар:
Лайн чимаш, х1аваэхь
хьийзаш,
Жовх1арш санна лепа.
1аьно царех ло а дина,
Аренашка тесна.
Кераюкъе гулдан воьлча,
Лайн чимаша х1илла ди.
Куьгийн йовхо хааелча,
Царех хили сихха хи…
Берашна язъеш яра аьл-
ла, дешнаш дукха аттачу
даьхна, поэзех д1а ца хаьдда
автор.
Берашна, чохь дена – на-
нна г1о – накъосталла дан
а, дешар марздан а хьоьху
Азманан говзарша. Х1ара
байт ешча, школан про-
грамми т1ехь хилла йолу
Махмаев Жамалдин байташ
дагаеара суна. И бохург дац
х1ара байт цуьнчарех тера ю
бохург, Жамалдин и говзар
санна берашна пайде хила
1амош ю бохург ду Азманан
х1ара «Раяна» боху говзар а.
Горгам хьокху, х1ума юь-
тту,
Кхача кечбо, пхьег1аш
юьлу-
Сарралц каде хьийза Нана,
Цунна г1о деш ю Раяна.
Яц и лууш новкъа г1ерта,
Йиша йижи техкош ага.
Тайнигаш д1аехкина,
Ц1енна нуй цо хьаькхина.
Лаьа книга еша 1ама.
Элпаш яздан 1ама г1ерта.
Къолам, ручка дезаш ю,
Школе яха лууш ю.
Кестта, йоккха хилча
Хир ю лор хьох, дешча.
Фольклорах а пайда оьцу
Азмана. Масала, цуьнан
«Аганан илли» байтехь го
иза:
Тийна буьйса лаьтта йоь-
сси,
Летош стиглахь седарчий.
К1адвелла сан Дашо К1ор-
ни,
Д1авуьжу хан т1екхечи.
Хезаш "Бисмилла" а дакк-
хий
Сирла б1аьргаш къовла
д1а,
Хаза г1енаш гур ду хьуна
Дашо К1орни, дижа д1а.
Д1а вижа, сан синтем бо-
цург!
Кхана дог1у керла де.
Абаделлалц дукха вахарг,
Кхане хир ю беркате.
Тийна буьйса лаьтта йоь-
сси,
Летош стиглахь седарчий.
К1адделла сан Дашо К1ор-
ни,
Д1адуьжу хан т1екхечи.
Вай лакхахь ма – аллара,
берашна язйина 1аш яц
Азман. Дукха говзарш ю
цуьнан массо темина бохург
санна баккхийчарна язйина
а. Цу говзаршна юкъахь
дуккха ю ешархочунна сих
хьакхалуш ерш а. Дог дела-
до цара, дог делхадо цара.
Воккхачунна шен жималла
дага а йоуьйтур йолуш,
жимачун са карзах а до-
хур долуш йолчех Азманан
х1ара безамах йолу байт
билгалъяккха лаьа суна.
Дагадаийта лаьа, «Хьомениг
» аьлла йолчу кху байта
т1ехь « Нуржовх1ар» тобана
юкъарчу Яхъяева Аминас
д1алокхуш хилла эшар а:
Эсала, мела мох б1аьстено
хьаькхира.
Со йовзар хьайна кхаъ
хилла– ахь элира,
Б1аьргашца со хьоьстуш,
ойланаш карчийра.
Безамо ягайой суна-м ца
хиънера…
Ахь эли– езарца хаьржи со
хьайн даго.
Оьздачу амалца сан дагчу
кхийда хьо.
Деган не1 яьстина хьан
хазчу г1иллакхо,
Синтемах яьккхи со хьан
дешнийн аьхналло.
Хьо гича синк1оргехь хаз-
хетар айъало.
Безам ца бевзина дог аьрха
деттало.
Алахьа, х1унда хьо ца хета
хийра,
Х1унда хьан ц1арах сан
ойланаш хьерча?
Дуьххьарчу безамо дог хь-
остуш хилла.
Хьох 1ехаделла дог ду хьан
сих хаьгна.
Шовданан шабаршца деган
аз ийна,
Хьан ц1арах аз декош даго
йиш лекхна.
Безамо ягайой суна-м ца
хиънера,
Дуьххьарчу безамо дог хь-
остуш хилла!
Жималла, дуьненах во-
ккхавер даима ца лаьтта,
кху дахаран некъахь дукха
хазахетарш, халахетраш,
къестарш нислуш хуьлу.
Т1аьхь – т1аьхьа, хан мел
йолу кху дуьненах вокк-
хавер к1еззиг хуьлу. Аз-
мана а лайна шен дахаран
некъахь и цатемаш. Цара
дог 1ийжадо цуьнан. Мелла
адамийн йовхо еза цунна,
адамашца уьйр ю цуьнан,
сагатло цуьнан дуьненах
д1акъаьстинчарна, юха-
дерзалур доций хуъушехь,
сатуьйсу цуо хиллачуьнга.
И дерриге х1окху «Дахаро
чехайо» бохучу шен байтехь
охьа а дуьллу цуо.
Дахаро чехайо,
Геналло хьегайо.
Ткъа дагна-м ца тоьа
Адамийн йовхо!
Къестаран балано
Бlаьрахиш лиешадо,
Дахарх дlакъаьстинарш
Биц соьга-м ца бало.
Гlенаша lехайо,
Сатийсам алсамбо.
Самахдерг, гlенахдерг
Цхьатерра-м ца нисло.
Замано со къанйо,
Дегlан ницкъ иэшабо.
Жималлехь мел хилларг
Ойлане дерзадо.
Дахаран терзано
Хиллачийн жамlаш до.
Хилладерг замано
Юха-м ца дерзадо...
Азманан байташкахь дерг,
х1ора адамо бохург санна,
адмаша лиэлийнарг ду, бе- раллин мур хуьлийла иза, я
воккхачуьнан дега1ийжам
хуьлийла иза. Цундела вайн
дегнашка, синошка кхочу
цуьнан кхолларалла.
Азманан араяьллачу кху
книгина т1аьхьа, баккхий- чарна лерина книга ара- яккха а шортта говзарш ю.
Уьш цкъачунна шайн дийне
хьоьжуш лаьтташ ю. Кху
статья т1ехь ерш санна, лер-
са хьоьсту авторан байтийн
кочар шорлойла лаьа. Шен
балхах кхачойина саца да-
гахь йоцчу цуьнан цу т1ехь
кадериг хиларх теша а лаьа.