***

Амнат Умалатова
Сайн деган лаамашка ла а доьг1уш,
Массо а до1а царна лорура ас.
Аллах1а жоп даларе сатуьйсуш,
Кийрахь кхиадора собаран хас.

Ткъа ц1еххьана и хас г1орош хеташ,
Кхочура соьга цкъа а цадехнарг.
Дала Шен беза къинхетамех кхетош,
Ирс кхочура цхьанхьа а цалехнарг.


20.06.2020