Нохчийн мотт

Амнат Умалатова
Ненан мотт, стенгара лаха те ас тахна,
Хьох лаьцна дийца сайн даггара дешнаш
Хьоьга болчу безамо со паналле яьхьна,
Бакъдолуш, хьо хесто тоьур дац шераш.

Ненан мотт, сан дуьххьара деган б1аьсте,
Сан дозалла хьо хиларо дахар къагийна.
Хьан исбаьхьалло сан ойланаш хьаьстина,
Уьш массо ахь хьайн к1оргаллийца юьйцина.

Хьо боцуш йиш ма яц сан цхьана а денна
Хьо боцуш ма йог1ийла суна цхьа а 1уьйре.
Ненах а даьлла, цхьалхха диссина бер санна,
Хьох яьлла ма йог1ийла суна цхьа а суьйре.

Ненан мотт, хилалахь хьо массо а ханна,
Г1орийначу дийнахь кхетта сирла малх.
Ирсе ю со тахана хьо бийца хаарна сайна,
Мехала бу суна хьан хадийна мах.

25.04.2020