Хьехархочун некъ

Петимат Абубакарова
    Иссалг1ачу  классехь  яхара со  Казахстанехь Семиозерны к1ошт1ехь оьрсийн ишколе.Да-нана доьзал а эцна ,хене бовла кхаьчнера цу пана махка.Нохчийн Республикехь 7 бер кхаба таронаш яцара х1ета,198. шарахь.Ткъа казахийн  шерачу шийлачу аренашкахь бина болчу нохчашна шайн бераллин иэсера и мохк беркате хетара,цигахь рицкъа лаха а боьлхура.
Дукхаха долу белхаш цхьацца г1ишлош яран,юха меттах1отторан декъехь хуьлура.
Сой ,сан жимаха  йолу ши йиший-Замий,Марзеттий, оьрсийн школе д1анисъелира,ткъа Ризванний, Матий- казахийн школе…
Юьхьанца хала дара масех къаьмнех долчу, хаарш сов долчу берашна юкъахь.Буьйцург оьрсийн мотт белахь а, дуьйцучух кхетахь а, хийра хетара суна  со царна юкъахь,д1акхоьссина х1ума санна, цхьалха  яра со сайн ойланашца,д1аиэ лаьара, делахь а кхин амал яра сан,нохчийн г1иллаккхехь кхиъначу хало дара цхьацца йолу кхечу къаьмний зудаберашна а,божаршна а юкъахь йолу эвхьазлонаш ган а, лан а…
Со  шоллаг1чу парти т1ехь 1аш яра ,суна т1ехьарчу парти т1ехь ехаш йолу  Погорелова Надя а,Тисленко Света а ший а украинка яра, хьалхарчу парти т1ехь Люда Кесляр, немцо яра,т1еман хенахь махкахь баьхна бисинчу немцойх, Статкевич Станислав а украинхо вара.Украйнера нах а бара цкъа мацалло човхийна дуьнен т1ехь баьржина лелла ,цхьаццанхьа йоккхачу Союзан шахьарехь д1анисбелла,яхь йолуш  бара уьш,амма хьаг1 алсамо хаалора цхьаццаболчаьргахь…Белорусаш а бара классехь,соьца гергарло тасаделира Рухлядева Танин,иза  догц1ена адам дара,делахь а дешарца бала бацара цуьнан. Класс йоккха яра тхан,суна дагахьбиснарш и аса лакхахь хьахийнарш ,классехь уггаре а т1ахъаьллачех дешархой бара.
Нохчашка безам бацара оцу Погорелова Надин,иза даим а царна лен г1ерташ хуьлура,ткъа Светас г1одохура соьгахьа. Маттана шера яцара со,юртахь кхиъна хиларе терра,оьрсийн юкъаметтигаллин къамелшера дацара сан,дешарна къар ца яла-м  г1ертара…Даим а  къахьоьгура литература урокашна т1ехь.Толстой а,Достоевский а х1етта вевзира,церан башха кхолларалла а.Бородинехь хиллачу т1амах лаьцна Толстойс муха яздина дуьйцуш кечам бен элира соьга.Аса дагахь 1амайира  Бородинан т1ом буьйцу меттигаш.Хьехархочо Надежда Ивановнас ч1ог1а хастийра со. Иза ца ладелира Надига.
Переменехь цаяшарца элира:
-Ты что наизусть заучиваешь? (Дагахь 1амайо ахьа ?)
Оцу дешнашкахь 1оттар хааелира  суна,хьуна х1унда ца хаьа тхуна санна оьрсийн мотт бохург дара и.Сайна халахеттехь а ца хаийтира аса иза,амма шоллаг1чу дийнахь дозаллийца школе даьхьира аса сайн байташ юкъаяхна нохчийн дуьхьарлера берийн журнал «Стела1ад».Надя-м  ешар яцара цу балхах,аса Танина а, Людина а довзийтира цу дийнахь нохчийн йоза ,нохчийн мотт хаза хилар а ,к1оргге йолуш хилар а. Таняна цхьацца дешнаш а хьийхира аса.
Надя хьаьрса а йолуш,хадийна йоца месаш а йолуш яра,сийна б1аьргаш а долуш,дег1ана г1ийла а йоцуш,ткъа Света юткъа-лекха ,озийна юьхь-марш а,1аьржа б1аьрг-цкъоцкъам а долуш,еха юьйцина ши к1ажар а йолуш яра.Суна нохчийн йо1ах тера хетара иза.Таня а яра сирла хьаьрса лохчу дег1ехь а йолуш.
Уггаре царех схьаийна ерг Таня яра,цуо дукха хазаахеташ доттаг1алла тесира соьца,со шайга хьошалг1а а йигира,гуттар суна товш дерг дан г1ерташ,д1аса уьдура,ИА хуьллу со шайн 1адатех кхето г1ерташ яьлли. Аса чай мелира,чорпа йоьттира цхьаьна хедар чу…Хьакхий даьттан т1ехь йина ю элира,аса цхьа къурд а бийр бацара,дино йихкина йолу дела.Х1ета дин ч1ог1а дихкина дара,амма нохчийн 1адатехь дисина ч1аг1делла г1иллакхаш дукха дара бусулба динера схьаэцна Советийн 1едале а д1а ца дахалуш дисина.
   Школехь ч1ог1а луьра низам дара д1ах1оттийна,учахь сайн  Марзеттий,Замий соьга йист хила т1ейог1ура переменехь, и шиъ хьалхарчу классе яханера.Зама Марзетаца юха а хьалхарчу классе яха дезаш яра ,Марзетана оьрсийн мотт ледара хаарна. Соьга йистхила йиш яцара церан т1екхоче хьехархойхьцхьаъ  волуш. «Говорить только на русском языке!»-яра заманан  коьрта лозунг.
Делахь а хьехархой а бара тайп-тайпана:къинхетаме а,адамалла йолуш берш алсам нислора.
Массара а цхьабосса езаш,хестош т1еийцира со… Истори хьоьхуш яра иза ,Нина Николаевна,ч1ог1а соьца т1ек1аре яра.Даим а хоттуш,тидам беш…Тхан нене аьллера цуо,ша со кхин Кавказе ц1а юьгуьйтур яц,Кустанайхь исторически факультете дешаяхийта лаа  бу шеен со аьллера...Нанна ч1ог1а кхаъ хуьлура иштта цхьаццамо со хастийча…Да а г1ад воьдура.
Къаьсттина литература яра суна езаелла,Надежда Ивановнас мел ца йоьшучуьнан а дог доуьйтура книга еша. Цхьа к1оргге йолуш дуьйцура цуо муьлхачу а яздархочух. Достоевскийн «Къалатор ,тобадар а», «Миска нах», Толстойн «Т1ом,машар а» х1ета йийшира дуьххьара.
Дагахь  дисира  Андрей Болконскийн васт достуш далийна 1аламан башха сарташ. Андрей Болконский лаза а вина ,Аустерлицехь ,эрна арахь ,стигална к1ел цхьалха висича цуьнан дахарех а,1ожаллех а хила башха ойланаш  сан ойланех ийна иесехь сецира дуккха а шерашна.Иштта хьоме  хила д1ах1оьттира Наташа Ростовин васт а. Надежда Ивановнас х1ета литературни къовсамехь урок д1аяьхьира тхоьца: Наташа Ростовас Андрейн хан йиллинера,амма дас т1амехь вахчавала д1ахьажийра шеен к1ант.Шарахь хьежа езаш яра йо1,амма  Наташин корта хьовзийра   Анатоль Курагин бохучу цхьаьна  яьссачу х1умано,ша куц-кеп долуш вара ,амма  мох хььавзинчу аг1ор  вара. Иза Наташин къоналлин г1алат дара. Шоллаг1чу дийнахь тхан сочиненеш схьаеара. Ерриге а классо бехкбинера Наташин.Надеждас лерина билгалбаьккхира сан болх,Надин юхь кхола а еш.
-Молодец,Петимат,мне понравилось твое великодушие по отношению к Наташе.Ты одна из всех заступилась за нее.
Хьехархочо безам бохуьйтуш хиллера предмете,и бакъду…
Физика,хими урокаш мел дика яра,суна юьртахь цкъа а ца гинера и тайпа эксперименташ.Дависа,жимчохь дуьйна аса кхузахь дешнехьара,мел дукха хаарш хир дара сан олйи хетара. «Вас из дас»  -и немецки дешнаш олура тхан физик хьехархочо,немцо волчух тера дара. Физика 1илма дика хьоьхура цуо,х1етта нур 7  декъах дуй хиира суна. Ткъа муха дагахь латто еза а 1емира церан беснийн раг1. «Каждый охотник желает знать где сидит фазан!»
Хьаг1-иза деган мекхалла ю,Адаман бераш дуьне т1е ма девлли гучуяьлла а ю,Х1абилна Къаьбила тешанбехк барца. Доьзалехь а гучуйолу иза…Бераш кегий долуш ахьа царех цхьаъ хьаьстича ,вукхуьнга ца лало ,иза оцу хьог1ан з1ийдигаш ю… Массо а ца вуьйцу аса.Тхан классехь а бара иштачех.Де –дийне мел дели алсам хестайора хьехархоша со,царна нохчащлахь хазахетарг г1иллакх дара:хьехархо чу ара йолуш со хьалаг1оттура даим,къамелехь дош лардора,божаршца т1ек1аре цахилар…
Цундела цхьаболчара ,аьлча а,Надя яра соьца къаьсттина г1оьртина,суна ала х1ума лохуш хир бара.
  Истори урокехь дара тхо,Даймехкан т1еман тема яра.Нина Николаевнас  шовкъаца йийцира Даймехакан г1ароллехь лаьттинчу къаьмнех…
Переменехь Надяс хаьттира соьга.
-Хеда,нохчаша ца бина Даймохк ларбеш т1ом,книги т1ехь хьахийна ма бац уьш цхьаьнхьа а.
Со юьйхира,со кхийрина хаттар дара иза…Суна ала деза ца хаьара,со юьйхира,со дика кхийтира йоь1ан мекарлонех.Нохчийн къам ц1еран даккхар тхо Даймахкана ямарт хиларна т1едуьгура цу къамело.Иза бакъдоций хаьара суна деган къайленехь,амма 14-15 шо бен хан йоцучу сан цунна дуьхьал дало цхьа а делил дацара.
Харцо яра сан къоманна т1ехь Даджало кхоьллина,дерриге а къам бехке дан г1ортарца…
Со кхийтира дешарна т1е тидам бахийта безаш хилар.Къинхьегамций бен толам хир боций а хиира. Суна х1ета ца вевзара Халид Ошаев а,цуьнана Брестах лаьцна книга а…Хаарш къайладаьхна дара…Къайле йинера нохчийн къоман исторех,дахарх а…
(чекхдаккхаза дийцар)   2008,  25 апрель