Мохьмада лехна ирс

Петимат Абубакарова
Мохьмад бер дара …Х1инца мотт шарбелла вог1уш-4,5шо долуш…
Аса даим хьийзавора иза,хьошалг1а яхча цхьацца кхетамаш цунна бовзийта къамелаш а деш.
Цкъа со цкъа йог1уш Мохьмаде олу аса  :
-х1ун я аса хьуна?
Мохьмад ло санна к1айн ву,цунах дехоша,хьовзош,"нигар" олу.
-Пепа,хьайна луург я ахьа суна.
-Дика ду Нецас юха йог1уш ирс дахьар ду хьуна.
К1анта дукха лерина ларйо со.
Со чоьхьаяларца:
Пепа,схьаеъний ахьа суна яхьар ю аьлларг?
-Х1ун яхьар ю аьллера,хьовзаво аса Мохьмад.
-Ирс дахьара ду ца аьллера ахьа суна хьо Вашийца йог1уш.
-чохьдицделла схьайог1у со,дахьар ду Нецас юхайог1уш.
  Со машенахь д1айуьгуш бу уьш  цу сарахь,жима Мохьмад а ву машенахь.
Со чуйоьдуш ю охьа а йоьссира.
-Пепа,сихха чу а г1ой хьадалахь и ирс,ахь лур ду ца аьллера.
-Х1ан-х1а буьйсанна дала мегаш дац,аса дийнахь хьадахьар ду,-елало со.
-Пепа,цкъа марадоллийта соьга иза…
 Со дуккха  а  йийлира  жимчу  Мохьмадах.
Аса ч1аг1о йира цунна  цхьа  хазо тайниг яхьа ирс ц1е а тиллина.Эцна жима  пису  к1орни даьхьара аса цунна.
Пису дукха дезара Мохьмадна…Цуо Буси аьлла ц1е а тиллинера цунна.Иза цуьнан ирс  дара…