Декъазниг

Хаваж Цинцаев
          Гумаков Езид сан шича велахь а (сан йоккхахйолчу дейишин воккхахволу к1ант), сан ден нийсархо вара. Юкъахь йолчу хенан башхалле хьаьжна доцуш, воккха ши доттаг1 вара тхойшиъ. Суна хазахетара цуьнца къамел деш. К1орда а ца войтуш, хьан деган к1оргге а кхевдий, хьан сагатдийриг дийцийта хаьара цунна. Сайн сагатдечу муьлхха а х1уман т1ехь дагаволура со цуьнах, цо д1асайийцарна а ца кхоьруш, муьлхха а къайле а тешайора.
          Бакъдолуш, хаза куц ца кхаьчнера Езидна. Лохачу дег1ахь волу и, цхьана б1аьргана г1уьнжара хьожуш а вара. Цул а цхьа корта лекха йолу цуьнан озачу дег1ара х1усамнана Асмаъ, ц1ийндена улле х1оьттича, кхин а лекха хетара.
          Цхьа башха аг1о яра Езидан – хаза кечвалар а, ч1арх-аьлла хилар а. Д1ахьаьжначу хенахь шевиотан китель а, галпеш йолу хеча а юхий, кечлой хуьлура Езид. Чохь сурт а гуш къагийна эткаш, х1ора ког мел боккху ц1ийзаш хуьлура. Васт кхочушдора аг1ор боккхуш туьллучу куйно я сталинка олучу хурашкано. Йовхачу хенахь Езидан коьртахь  нохчийн пес хуьлура. Цхьа товш хуьлура и охьахецначу кучаца, детица кечдинчу дуткъачу доьхканца г1одаюкъ йихкина волавелча.
          Кхузткъалг1а шераш дара. Китель, галпеш йолу хеча, эткаш модера д1айовла кхиънера, амма Езид царна тешаме висинера. Цунна б1аьрга ган а ца езара костюмаш, ирахь кач болу кучамаш, туфлеш.
          Иштта тамашийна вар-кха сан доттаг1. Ас дозалла дора тхаьшшиннан доттаг1аллех. Суна Езидехь ца товш дерг цхьаъ дара – шех лаьцна цунна дийца цахаар я цалаар. Суна баккхийчаьргара хезнера Езида йоккха хан юкъа ца юлуш, набахти чохь мелла а хенаш яьхна хилар. Цигахь леллачу цуьнан хьуьнарех а, майраллех а. «Ницкъ ца беллехь а, къонахчуьна дог делла суна Дала!» – олу бохура цо цигахь сих-сиха. Юьртахь дукха дийцарш даьржара Езидан хьунарех а, леламех а лоций. Амма суна мел ч1ог1а лиъча а, Езида ша ца дуьйцура шех лаьцна.
          Цкъа цхьана сарахь юьртарчу клуба хьалха гулбеллачу кегийчу наха Езида Киргизехь долуш дина цхьа х1ума дуьйцуш хезира суна.
         
          Чохь хан яьккхина араваьлла Езид хилла дан х1ума доцуш волавелла лелаш. Воьду-уш, базара кхаьчна х1ара жижиг духкучу туькана улле нисвелла. Цу уллехь ца соцуш, т1ехволуш волу и, хаспаш дечо т1аьхьа мохь тоьхна, сацийна:
          – Х1ей, нохчи, жижиг эцахь! Ахча ма кхоадехь, дахар доца ду хьуна!
          Мухха делахь а, Езид нохчи вуй хиънера жижиг духкучунна.
          Езидна-м лаьара дера, ц1ерачарна жижиг дахьа а, уьш цуьнах 1абон а, ша чам баккха а, амма шен кисанан хьал а хууш, т1ехволуш хилла. Аттачу балхах т1аьхьара вала дагахь хаспанча а ца хилла.
          – Х1ун до ахь, нохчи, ойла а ца еш, д1аэца! Жижиг хьанал ду хьуна, динан берриге а бехкамаш а ларбеш, урс хьаькхна а бу сту…
          Хадам боллуш т1еволавелла Езид. П1елг а бетташ, харжа мегар долуш дукха нисделла жижиг хилла хьалакхозуш а, г1опасти т1е охьадиллина а. Х1ара эцархо ша т1ех ца валийтина, г1адваханчу хаспанчас г1опасти т1е куьг хьажийра:
          – Хьайна деззарг къастаде… Маса кийла узу хьуна?
          – Х1ара хьайна а дитий, и д1ора меже озал, – аьлла, Езида хьалакхозучех меже гайтира.
          – Э-э-э… нохчичунна жижиг довза-м хьаха девза, – бур-бур дора хаспанчас. Езида и муха аьлла-м тидам а ца бира цо.
 
          З1акар т1ера пханар схьа а эцна, вукху жижигаш т1ехула и г1опасти т1е а тесна, элира хаспанчас:
          – Х1ан, хьажал! Т1аккха? Дерриге а д1аоьций ахь? Ткъе пхи кийла гергга хир ду-кх х1ара!   Узий вайшимма?
          Езида, вист а ца хуьлуш, г1одаюкъара д1алачкъина урс хьала а даьккхина, куьг чу таса атта хилийта, пханарх и урс тесна, херо яьккхира. Т1аккха цхьана куьйга хаспанча шена т1е а озийна, вукха куьйга цуьна логе урс а лаьцна, лерехь цхьа шабарш дира. Хаспанча дукха сиха юхаиккхиира! Б1аьргаш хье т1е а баьхна, 1адийча санна, 1ара и. Езид, шек а воцуш, пханар схьа а эцна, парг1атчу боларехь ц1а вахара.
 
          Цхьа сахьт далале Езидан не1аре масех стаг х1оьттира, коьртехь куьпан участков а волуш. Езидана хьалхе дуьйна вевзаш вара и участков. Цуьнца цхьана теш х1отта валийна ши стаг а, бохамхилларг а вара. Езид шайна хьалха х1уттушехь, хаьттира участковс:
          – Х1ара вуй и?
          Ву аьлла, т1еч1аг1динчул т1аьхьа, кхин дийцар-алар доцуш бехк кхийдон велира и Езиде, хаспанчина т1е  а летта, цуьнан долалла схьадаккха дагахь зулам дина, дахарна а, могашаллина а зене кхерамаш а тийсина бохуш. Езид дукха ч1ог1а инзар а ваьлла,   шега кхийдош болу бехк аьттехьа а т1е ца лоцуш, элира:
          – Бакъ дац и! Жижиг суна карийна ду!
          – ?!
          – Новкъа вог1уш вара со, д1ахьажча, некъа йистехь шаршу юкъа а хьарчийна, 1уьллуш цхьа х1ума ю-кх. Шаршу схьаяьсти ас – жижиг ду-кх! Схьа а эцна, ц1а деа ас и т1аккха.
          – Гумаков, ахь х1ун дуьйцу?! Х1а?! Хьуо теший хьо айхьа дуьйцучух?
          – Ма-дарра дуьйцу-кх ас…
          - Гумаков, пхийтта шо ду со кху юьртахь веха, пхийтта шо ду со кху новкъа х1ора дийнахь д1асалелаш. Амма суна цкъа а ца карийна кху новкъахь жижиган цуьрг а!
          - Цул сов, тахханалц и цхьанна а карийна олуш а ца хезна суна, – чуьравуьйлура участков.
          К1еззиг соцунг1а х1оьттира. Т1аккха боьхначу оьрсийн маттахь, шена мотт ца хуучуха:
          - Эээ… Началник… Начит, ты нечасливый… – элира Езида.
          Цул т1аьхьа дукха г1арадевллачу оцу дешнашца и ала г1оьртинарг: «Хьо т1аккха декъаза стаг ву-кх», – дара.
 
          И х1ума сайна хезначул т1аьхьа дукха хан ялале ас Езиде шегга хаьттира, бакъ дарий и аьлла. Со шен доттаг1 а хилча, цо и дийцар кхин а т1едузаре догдохуш вара со. Вела а къежна, и бакъ дац бохучух тешийра цо со, наха шайггара кхоьллина дара аьлла.
          Цул т1аьхьа дикка шераш девллачул т1аьхьа, кхин  цкъа а цу къамела т1е юхавирзира со. Езида даре дира и бакъ дара аьлла. Хаспанча ша вара бехке, цо ша д1аваха ца витира аьлла, т1е а туьйхира цо. Цу т1е, жижиган чам баккха лаар а дара хьалхалелхаш, мацалла ма яра д1аялаза. 
          Хьалха хаьттича, даре х1унда ца дира ахь аьлла шега хаьттича:
          – Суна ца лаьара жимачу хьуна и хьуьнар хета. 1овдал масал сиха ма оьцу схьа, – элира цо.
          Иштта вар-кха и – сан шича а, доттаг1 а…




                Оьрсийн маттера гочдинарг - Петирова Пет1амат
                (Перевод с русского - Петимат Петирова)

              2020 шарахь "ГОЧ" журналан 3-чу лоьмаран т1е зорбане даьлла дийцар
                (Рассказ опубликован в 2020 году в 3 номере журнале "ГОЧ")