Доьхкарш

Хаваж Цинцаев
          - Ахь х1ун дай? Ас санна, хьай доьхка д1атаса ахь, -  элира Дагас шеца юьрта тезета ван машена чухиинчу шен накъосте.
          - Вала воллу-кх и доьхкарш б1аьрга дахка ца дезаш, - ша Дагас аьлчунна реза ца хилар хаитира вукхо.
          - Хьуна дезахь а, ца дезахь а д1а ца тесча-м ца дола х1орш, - машен хьала а латийна, д1айолаялитийра Дагас.
          - Сай ког а, куьг а д1адихкича санна, цхьа  дегаза  хета  суна и доьхка д1атесча.
          - Ца тесча, хьан к1ента хеннара бен йоцу цхьа мер1уьрг дуьхьал а йолий, юьхь т1ехь мел дерг охьадоккха-кх. Цара тухуш дола г1уда-м ас хьеха а ца до. Атта дац цулла  а некъа бакъонаш а ца йохош лелар? Дера ду-кх… Т1аккха, цхьанна а дена несала ца воьду хьо, юьхь1аьржачу а ца х1утту, - дуьйцара Дагас лерина машен т1ам а хьовзош.
          Г1али юккъера ара а ваьлла схьавог1уш  «Развилка»  олучу метте кхечира х1ара шиъ. 1уьйре  т1ех иккхинехь а, г1алин чуйог1уш, арайовлуш, шинна а аг1ор п1елг санна лелаш, дукха машенаш яра. Царна юккъера кхера машен схьа а къастина, шок а тоьхна, шен карара г1аж кхарна   т1еерзийра ГАИ-н белхалочо. Т1аккха цу г1ожаца машен сацо еза меттиг а гайтира  цо.  Сих  ца луш, некъа т1е юха  а  хьоьжуш  кхарна  т1е  веара  иза.
          - Ассалам 1алейкум! Инспектор ДПС  сержант Магомадов, -  аьтту куьг шен лергъюххе  лецира  цо.
          - Ва 1алейкум салам, жима къонах, - салам схьаийцира Дагас. – Х1оккхул дукха  машенаш юккъера тхойша сацавар цхьа бахьана хир ду-кх хьан?!
          - Х1ара сан болх бу-кх иштта, - хье юккъе шад а х1оттийна, леррина машен чу хьаьжира сержант. – Кехаташ дуй вайгахь?
          - Кехаташ бохий ахь?  Мацах цхьамма баьхчунний дайна, кехаташ-м хьаха дара вайгахь хьуна деззарш, - техпаспорт а, машен лело бакъо а корехула д1акховдийра Дагас.
          Цаьрга дикка хьажа а хьаьжна:
          - Страховка юй хьоьгахь? -  аьлла  хаьттира  цо.
          - Страховка а ю, - шен накъоста голаш т1ехула д1а а кхевдина, г1утакхчуьра  файл чохь долу кехаташ схьа а эцна, уьш а гаишнике д1аделира Дагас.  - Кхи х1умма оьший?
          Вист а ца хуьлуш кехаташка хьийжира сержант вехха. Т1аккха д1о дехьахь некъана пурх а ерзийна лаьтташ йолу шайн машенна т1е вахара иза. Машена чохь 1аш кхуьнан накъост вара, голаш т1е ноутбук а йиллина.
          - Х1а, бази чохь пробить дехьа х1орш, - аьлла, шен накъосте д1акховдийра цо Дагин кехаташ.  Царна  таллам  бе  бохург  дара  цуьнан  иза.
          Машенна чохь верг, ц1е яьлча санна, ноутбук т1е п1елгаш детта волавелира. Д1асалелаш йолу машенашка леррина б1аьрг а бетташ, сержант а лаьттара. Иштта пхи-ялх минот елира.  Дага шен машен  чохь 1аш  вара, х1орш лелла ца бовларна дог  а  эт1аш. Т1аьххьара  а, куьзгана б1аьрг охьа а бахитина, мохь туьйхира цо ДПС белхалочуьнга:
          - Хьажахь, дукхавахарг, и  сан кехаташ схьалохьа,  хьуо ваьллехь!
          Шайн машен т1е а вахана, Дагин кехаташ схьа а эцна,  кхунна реза воцуш т1евеара сержант.
          - Аптечка юй хьоьгахь?
          - Дера ю!
          - Ц1ейойург  юй  т1аккха?
          - Иза а йолуш ю! Лаьтта х1оттош йолу аварийни  хьаьрк  а  ю. Д1агайти хьуна?!
          - Ма гайта! Х1а! Х1орш ду  хьуна хьан  кехаташ! Некъ дика хуьлда.
          - Атта-м ца эли ахь иза! Дела реза хьуна а хуьлда.
          - Д1авало, д1авало! - кхарна  дуьхьал  даккха  кхин  х1ума  ца  карорна  реза  воцуш  хилар гуш дара  сержанта оьг1азечу юьхь т1ехь, багахь хаза къамел хиллехь а.
          Машен д1а а йолаялийтина,т1аьхьа  мохь  туьйхира цо, 1а1 ца велла:
          - И доьхкарш,  шаьшшиъ  чувожарна  кхоьруш,  тесна дара шуьшинна?!