Чорда г1ан

Амнат Умалатова
Сан 1уьйре х1инца селханчул а сирла ю,
Сан корера хьозано а кхин эшар лоькху,
Моттало цунна а гина г1енаха хаза сурт,
Моьтту иза а мерза яхначу замано хьоьсту.

Со-м г1енаха тахана шовданца йист хилира,
Цуьнан ц1еналийна меллаша куьг а хьоькхуш,
Б1ешарахь къийлинарг цо соьга дийцира,
Тергам беш 1ийра со цуьнга ладоьг1уш.
Цхьана къонахчун безам бовзийтира суна цо,
Дерриге а езаре эхь хеташ дийца,
Шен кийрара б1аьсте кхин къийла а ца лой,
1аламе къонахчо и кхийдош хилла.

Езаран ц1енналла хица юстуш хилла цо,
Ткъа б1аьргийн бос - сийначу стиглаца,
Эсала аз - х1орданан синтеме г1овг1анца,
Г1иллакх - б1аьстенан алц1енз1амца.

Б1ешарахь ша къийлинаг соьга дуьйцуш,
Самукъане ловзадуьйлура  и шийла шовда,
Ткъа хьозано сан корехь йиш хезна лоькхуш,
Набарха елира со, г1ан дохош чорда!

03.02.2020