А. П. Чехов Цаваьлла хилла трагик Дачникийн дахаре

Абу Исмаилов
Цхьана суьртехь забар

Дакъалоцуш бу
Иван Иванович Толкачев, доьзалан да
Алексей Алексеевич Мурашкин, цуьнан доттагI
 Петарбух . Мурашкинан квартира. Кабинет. КIеда  мебель. Мурашкин яздеш ву. Чоьхьаволу Толкачов. Цуьнан карахь а, марахь ю: стогарна тIеуллург, берийн вилспет, зударийн куйнаш чохь долу, кхо гIутакх, зударийн коч юкъахьарчийна йоккха ларча,  нихан шишанаш чохь долу тIоьрмиг, дуккха а кегийра хоьскаш.Тентакваьлча санна бIаьргаш а къарзадой, диван тIе охьахоу иза.
Мурашкин: Марша ва хьо, Иван  Иваныч!Ма воккхаве со! Хьо стенгара вогIу?
Толкачов: (халла садоьIуш). Хьомениг !..цхьа дехар ду сан хьоьга…доьху хьоь…кханалера де тIекхаччалц тапча лохьа соьга. Накъост хилахь!
Мурашкин: ХIун дан волу хьо тапчанах?
Толкачов: Оьшу…охI, сан ваша.. Хи кховдадехьа чехкка!..Оьшу…Буьйсанна хьуна юккъехула  дIаваха деза, цундела, хьан хаьа. Юхалург лохьа,  гIуллакх дехьа!
Муращкин: Э-э, аьшщпаш буьтту ахь, Иван Иваныч! ХIун Iаьржа хьун юьйцу ахь? Цхьа дагалаьцна хир ду ахь. Хьан юьхь тIе мА-хьаьжжинехь вониг хьоьху суна даго. Хьуна вон хетта? ХIун хила хьуна?
Толкачов: Собар дехь, жимма садаIийтахь… ОхI..сан дела…ГIелвелла жIаьла санна. Кхин туоха са дац. Хилахь сан доттагI, хIуммаъ ца хоьттуш, тапча лохьа! Доьху хьоь!
Мурашкин:Тоьур ду! Иван Иваныч! И хIун синкIезгалла ю? Доьзалан да, инарлин даржехь! Эхь ду хьуна!
Толкачов: ХIун доьзалан да? Со Iазап токхуш ву-кх.Со – дужуш долу даьхни, негр, лай, боьха хIума ю-кх.Цхьана дикане сатуьсуш, айса со кхечу дуьнентIе дIа ца хьажош Iаш. Со бехчалг, Iовдал, тентак ю!. Стенна веха со? ХIунда? (Хьалаэккха.) Ахь алахь, со стенна вехаш ву?ХIара хаддаза долу дегIан а, синан а Iазап ас хIунда ловш ду? Делан дуьхьа иза делахь-м со кхетар вара! Амма зударийн кучамийн а, стогарна тIеухкучеран   лай хилар! ХIан=хIан.Тоьур ду!. Тоьур ду!
Мурашкин: Мохь ма хьиекхахь, лулахошна хозуьйту ахь!
Толкачов: Суна бен а дац, лулахошна хазахь а! Ахь ца лахь, кхечо лур ю соьга тапча! Со кхин вехар волуш вац. Иза сецца ду!.
Мурашкин: Собар дехьа, сан нуьйда схьаяьккхи ахь. Сих а ца луш, дийцахь. Со ца кхиета, хIун ду хьан дахарехь галдаьлларг?
Толкачов: ХIун ду? Ахь хоьтту, хIун ду? ЛадогIалахь, ас дуьйцур ду хьуна! Хьоьга и дийцича, суна  сайнаъ жимма  хьаам хир бацар  техьа, охьа хуур ву вайша. ЛадогIалахь. ОхI… салецар…схьаоьцур, масала таханлера де. Хьуна ма-хаара Iуьйрайнна итт сахьт даьлччахьана сарахь диъ даллалц канцелерехь къахьега деза. Йовхо, тов, мозий, кегари. Секретарь отпуске яхна, Храпов зуда яло ара ваьлла, кхиболу кегийра гIуллакххой дачанашкахула, спектаклашкахула кхидолу шайн ирахьIеран гIуллакхашкахула лела марзабелла. Берриг набарна бетта, гIелбелла,  маларш мийлина беста а бистина схьабогIу. Секретаран декхарш кхочушдеш ву аьрру лергана онда а волуш, безамо галваьккхина цхьа пекъар. Дехаре богIурш чIогIа сиха а, оьгIазе а, кхерамаш туьйсуш а хуьлу. Иштта, орца даккхал чIогIа кегари бу. Кегарий а, сийна кIур а. Ткъа болх: хIора дийнахь юх-юха изза кехаташ, аьрзанаш, исправкаш, хIорда санна цхьа сурт ду дерриге а. Кхетий хьо, бIаьргаш хье тIе дуьйлу. Хи лохьа суна.(хи молу). ГIеллой, холчухIуттий балхара араволу. ХIума а йиъна охьавижжал бен кхи гIора а доцуш. Мичахь хаттар хьуна! Диц ма де хьо дачник хилар. ТIаккха хьо лай ву, паспас ю, котаман кIорни санна тIедахкарш кхочушдан вада веза.
Тхан дачанашкахь иштта хьал кхолладелла. Нагахь санна хьо гIала воьдуш велахь, хьан хIусамнанас тIедиллинарг ца хьехош, мульххачуъ лулахоша хьуна шайн тIедахкарш до. ХIусамнанас олу соьга, шен ярархо йолчу а гIой, цо коч дика ца тегарна, иза човхае, олий. Соничкина мачаш хийца оьшу, стунйишина цIен дарий эца деза… Собарделахь, ас дIадоьшу хьуна. (Киснара схьадоккхий кехат доьшу). Стогарна тIеуллург, ах кийла дIакъийна йоьхь, 5  кепекана бурч, Мишина чо качъян даьтта, кхо кийла шекар, йоьзан чара схьа эца еза цIера, карболка,  I0 кепекан подар, 20 шиша ниха, чагIар къонза… ОхI, Мишина пальто а цIера схьаэца еза, калош а. ХIара сан хIусамненан а, доьзалхойн а омра ду.
  Ткъа, Дала дIаэцарш лулахоша а, бевзачара а тIедиллинарш. Кхана ВласингIеран  Володя вина де ду. Цунна вилспет эца еза, Вихрина берах ю, хIора дийнахь акушерка йолчу воьдуш, цуьнга схьакхайкха дезаш ву со. Сан киснахь пхи кехат ду, сан киснарчу йовлакхах дина шеддаш ду.
  ЭхI, сан ваша, болх чекхбаьллачул тIаьхьа юхавогIу хан хиллалц, жIаьла санна мотт ара а баьккхина ида дезаш хуьлу сан. Туьканара аптеке, цигара дIа ярархо йолчу, тIаккха йоьхьаш духкучу, тIаккха юха а аптеке. Кхузахь ког тасало, цигахь ахча охьадожадо, кхозлагIчохь ахча дIадала вицлой, гIовгIанца йохкархой тIаьхьабовлу… Тьфу! Оцу идаро тентак воккхий, гIелвой, охьавижча а, сахиллалц саьрмикаш дуьхьалтуьйсу. ХIан, хIинца и дерриг тIедиллинарг кхочуш дина ваьлча, и ерриге а чалх цхьаьна муха вовшах таса еза, схьа муха ян еза? Цхьаьна тарлур дуй стогарна тIеуллург а, йоьзан чара  а? Я вилспет а, ниха чохь долу шишанаш а. Ойла ян еза. Амма, ахь мела ойла йича а, цхьа хIума йохайо, Iанайо. Ткъа вокзалехь, вагон чохь латтар ву хьо верриг а варжа а ваьржина, тIоьрмигех, гIутакхех вуьзна. ЦIерпошта йола елча, наха шайн меттигашкара хьан хIуманаш дIасакхуьссур ю, мохь хьоькхур бу, кондукторе а кхойкхуш. Ткъа со лаьтташ ву бIаьргаш а бетташ, гIаж йиттина, вир санна.
  Кхин дIа ладогIа ахь. Тхешан даче схьакхочу со. ХIинца дика хIума а йиина, агIор ваьлла наб ян деза. Мичара?
  Сан хIусамнана соьга хьоьжуш йолу дукха хан ю. ХIума кхаьллина валале, вай театре даха деза, олий, такхавой дIавуьгу со. Я кхечу синкъераме. Цигахь цуьнца хелхавала лууш стаг а ца хилахь, ца догIучу дагца хелхавала а деза.
  Кхано, буьйса юкъал тIехъяльча, цIа догIу тхо.
  ТIаьххьара а , хьо метта ваьлла. Дика ду, бIаьргаш а хьабдай,  набъе. Шадерриг а дика ду. ГIовгIанаш еш цхьа а вац. ХIусамнана а яц, дагахьбалам а бац. Наб кхетийта… ЦIеххьана хеза хьуна – Дз-з-з! Чуьркаш! (хьалаэккха). Уьш Дала хIаллакьярш, чуьркаш! (Буйнаш лестадо). Чуьркаш! И цхьа Iазап, таIзар ду… Дз-з-з олий къовзавой, цхьана сохьтехь кIам еш Iа хьо и къовзина меттиг. Сигаьрка а узу ахь, царах лета хьо, корта къалабоккхуш, юргIана кIела лечкъа – кIелхьара волийла дац-кх!
  ТIаьххьара а кIорда а дой, церан лааме дIало ахь хьуо. Ваа со, дуйбахарш!
  Цу кеппара набъеш а, ца еш а, сахуьланга ваьлча, ялх сахьт даьлча юха а станце вада веза… Юха а изза го тийса беза.
  Иштта ду хьуна, са ваш, мостагIчунна а хуьлуьйтур доцуш дахар ду хьуна сайниг. Кхетий хьо – цомгуш хилла со. Салоьцу, кийра богу, кхерамаш бу, зорха талхийна, бIагор хьийза… Теший хьо, хьерволуш воллу со. (ДIасахьожу). Нахала ма даккхалахь, психушке ваханехь хIун дара техьа бохуш а ву со. Цхьацца ойланаш кхоллало-кх.
  И тIедахкарш а, и хIусамнана а, и лулахой а, и чуьркаш а кIордайой, цIеххьана буса хьала а эккхий: «ЦIий Iанор ду ас! ЦIий!» - бохуш, мохь бетта ас.
  Боккъалаъ оцу хенахь цхьанна урс тоха, я коьртах гIант тоха лууш хуьлу со. Цу тIе воккху-кх оцу дачехь долчу дахаро. Цхьанна а хьох къа ца хета, цхьаммо а хьан дог ца хьосту… Амма, кхетахь, суна, дийнатна, ваха ма лаьа! ХIара-м забар яц. ХIара буохам бу. ЛадогIахь, айхьа тапча ца лахь а, сох къа мукъане а хетахь, дог хьастахь сан.
Мурашкин: Суна къахиета хьох.
Толкачов: Го суна, хьуна сох мел къахиета… Iодика йойла! Вахана килька а эцна, йоьхьаш а эцна, цергаш юьлу  порошок а эцна, вокзале гIур ву со.
Мурашкин: Хьан дача мичахь ю?
Толкачов: Деллачу хи тIехь.
Мурашов:  (воккхаверца) Боккъалий? ЛадогIахь, цигахь ехаш йолу Ольга Павловна Фринберг евзий хьуна?
Толкачов: Евза.
Мурашкин: Хьажахь! ХIун ду хьуна аьлча. Ма дика нисделла и….
Толкачов: Хун ду и?
Мурашкин: Сан цхьа жима дехар кхочушдалур дацра хьоьга? ДоттагI  велар хIунда олу? Айхьа и дийр ду, алий дош лохьа!
Толкачов: ХIун ду и?
Мурашкин: Хьо сан доттагI хиларе терра! Доьху  хоь.. Цкъа хьалха – Ольга Павловне маршалла  дIа луш, со могуш-маьрша вуйла а хаийта, ас цуьнан куьйган барташ боху а ала. ШолгIа, цхьа  хIума дIахьой дIалохьа цуьнга. Цо шена куьйга хьийзош йолу бедарш тоьгу чарх иэца, аьллера соьга. И дIаяхьа стаг вац…ДIахьохь, хьомениг! Цуьнца цхьаьна хIар можа хьоза чохь долу цIелиг а..ларлуш  неI ца кагъеш хьолахь и…Ма тамашийна хоьжу хьо соьга? Ахь хIун до7
Толкачов: Бедарштоьгу чарх а, можа хьоза чохь долу цIелиг а, цIеркIужалгаш а, буппалгаш а…
Мурашкин: Иван Иваныч, хьуна хIун хилла, верриг  а кхохкийна ма ву хьо?
Толкачов: (когаш а тухуш). Схьа я бедарштоьгу чарх! Мичахь ю цIелиг? Суна коьшкала хаа  хьуо а! Ваа суо! Цеста! Вийна дIаваккха!( буйнаш а къуьйлуш). ЦIий Iано лаьа суна! ЦIий! ЦIий!
Мурашкин: Хьо-м хьерваьлла!
Толкачов: ( цунна тIегIерташ.) ЦIий Iано лаьа суна! ЦIий!
Мурашкин: (кхералой.) И хьерваьлла! (мохь туху) Петрушка! Марья! Мичахь ду шу? Адамаш, орцахдовла!
Толкачов: (цунна тIаьхьа а уьдуш.) ЦIий Iано лаьа суна! ЦIий!

Кирхьа


А.П.Чеховн «Трагик поневоле» цIе йолу дийцар
 нохчийн маттахь суртхIотто кечдина Исмаилов Абус