Кехат А. П. Чеховн На даче цIе йолчу дийцар тIехь

Абу Исмаилов
Дакъалоцуш берш
Выходцев Павел Иванович, гIуллакххо
Цуьнан зуда,
Митя, стунваша

Хьалхара сурт
Павел Иванович Выходцевн дача. (Аьхкенан цIа). Выходцевн зуда чохь дезарш деш ю. Выходцев цунна хIуьттаренна сана, новкъарло еш чухула волавелла  лиела. Зуда чуьра арайоллушехь, кехат доьшу.
Выходцев: ХIара  хIун шайтIанан  пал бу? (хозуьйтуш доьшу). « Суна хьо виеза.Хьо – сан дахар а, ирс а. дерриге а ду! Даре дарна, бехк ма билла, кхин  дIа йист а ца хуьлуш, и бала лан ницкъ бац сан. Суо еза а ца боху ас, къинхетаме сатуьйсу. Тховса сарахь бархI сахьт долуш ширачу рагIу кIелахь хилахьара хьо…Сайн цIе язъяр совнаха хиета суна, амма ца евзачух хьо ма кхера. Со къона а, безамехь а ю… кхин хIун оьшу хьуна?» (Хьаж кIамдо) ХIара хIун шайтIанан пал бу? Зуда  ялийна стаг ву со…Ткъа цIеххьана хIара Iовдала кехат! ХIара хьан яздина? (Юха а доьшу кехат.) «Суна хьо виеза…» (Аьшнашйо) Суна хьо виеза! Жимха карийна! ХIинццехь ведда хьо йолчу рагIу кIел вогIур ву со!...Суна, и романсаш йицъелла дукха хан ю.ГIм-м! Хетарехь, цхьа къардайна, гIам  хир ду…Тамашийна адамаш ма ду и зударий! Мел доккха, дала духухьара ма хетийла, иммансиз хила деза, и тайпа кехат шена вевзаш а воцчу, цу тIе зуда ялийна а  волчу къонахчуьнга яздеш йолу зуда! Ийман ца хилар ду-кх! (ЛадугIуш, шега куьзган чухьожу.) ХIаъ. Со жимха вац ведда цига ирахьIиен ваха. Делахь а, хIара хьан яздина хаа лаьар-кх.(Леррина кехате хьоьжу) ГIм-м! Йозанан хатI, шеко йоцуш, зударийн ду…Даггара, чу са диллина,  яздинчух тера а ду…Забар  елахь , тамаша бу… Цхьа лартIера яьлларг хила мега…Я, марвелла йисна, жеро хила мега…Жерой а  дукха хьолахь атта Iехалуш а, галбовла кийча  а ма хуьлу…ГIм-м..мила хир яра техьа и? (Чухула волало.) Тамашийна.. « Суна хьо виеза…» Маца ларийна техьа иза со везавала?
Инзаре зуда! Мила ву а ца хууш, вевзина а воцуш, везавелла тов?..Дукха жима а, къона а йолчух тера ду, цкъа-шозза бIаьргкхетча, стаг везавелла елахь…Амма…мила ю-те иза? (ойланашка волу)
Зуда чоьхьайолу. Выходцевс кехат къайладоккху.
Зуда: Стенан ойлайо ахь?
Выходцев: ХIуммаъ дац…Корта лазабаьлла-кх..
Зуда: АгIорвалахь  тIаккха…(арайолу)
Выходцев: И стигал басахь коч а юьйхина, хьалахаьвзина маара болуш йолу кIайчу аматехь ерг хила там бара иза. Изий? Хила йиш яц!. И тайпа экамчу хIуманан безам муха гIур бу со санна тишвеллачуьнга? ХIа-хIан, и хила йиш яц! (Зуда араяьллачу неIарехьа хьожу.) Ша къона а, безамехь стаг ю, бохуш яздо цо… Делахь хIета, йоккхастаг яц…ГIм-м...Бакъдерг дийцича-м, со а ма вац, соьга безам ца баххал, къена а, ирча а…Сан  зудчунна-м ма веза со! Цул сов,  олуш ма  ду: «безам муьлхачуьнга а  боьду – безамна хьаста стаг оьшу». (Диван  тIе  агIораволу.) Со варе сатуьйсуш хир ма ю иза!Iовдал-яI! Ма хир ю моьттахь, со цигахь ца карийча, оьгIазъяхна, карзахъюьйлуш! Ткъа со гIур вац…ДIаяккхахь  дIа! (Ойлане волу.) ТIаккха а, хIун ду хьажа, вахча а хIун дара техьа?... Ваха вахна, геннара,  и хIун заббари ю хьожуш, бIаьрг тоьхча…И-м тамашийна а ду! Беламе ду-кх! Велавала меттиг баьлча, хIунда велало? (Хьала  а  гIоттий , галстук  коча олла волало.)
Чоьхьайолу зуда.
Зуда:Хьо стенга ваха кечлуш ву?
Выходцев: Иштта дIа… волавала волу со…Корта а лазабаьлла…кгм…(Сихха тIе хIума а юхий араволу.)
Зуда корехула арахьоьжу.

ШолгIа сурт

Кирхьана тIехьара дIаса а хьоьжуш гучуволу Выходцев.
Выходцев: Цхьан а воцчух тера  ду.(ДIанехьо  гIанта тIехь Iаш Митя  а гой, резвацуш.)  ХIа-а! Хьо ву иза?
Митя: ХIа-аъ. Со ву…
Выходцев цунна юххе охьахуу. Тийналла.
Бехк ма биллалахь суна, Павел Иванович, со суо а витна, дIагIахьара  хьо…Кандидатски сочиненин тIехь ойланаш еш вара со…Юххехь верг, миллаъ  велахь а, новкъа ву суна…
Выходцев: (КIеда.) Хьуьлла IиндагIаш долчу а гIой, ойла е ахь…Цигахь дика ойла яло хьуна… Ткъа суна, хIокху гIанта тIехь  агIорваьлла, набъян лаьа… Кхузахь дукха йовха а яц…
Митя: (резавацарца) Хьуна набъян, ткъа суна сочинени дагаяийта…Сочинени коьрта ма ю…
Тийналла.
Выходцев: (велхаийзош санна) Ас доьху хьоьга, Митя! Хьо сол жима а ву, со лара виезаш…Со могуш вац..НабйогIу…ДIагIо!
Митя: Кхузахь ца вижча, кхин  вижа меттиг боцуш, ву хьо? ГIур вац со…
Выходцев: Ас доьху хьоьга! Хилийтахь со Iовдал а, къиза а!  Дуьххьара бен доьхуш вац! Ларахь со!
Шена ца хезаш санна, книга йоьшуш ву Митя
Выходцев: (цхьа агIора а воьрзуш.) Хьажахь хIокху дохне…ХIинца иза гучуер ма яц. (Митига) ЛадогIахь цкъа, Митя, ас доьху хьоьга дуьххьара а, тIаьххьара а…Хьуо хьекъал а долуш, адамалла а йолуш, стаг вуйла хаитахь!
Митя: Ца кхета  со ахь дуьйцучух..Ма чIогIа тIевирзина хьо суна. Леррина гIур вац-кх со хIинца кхузара дIа..
Тийналла. Кирхьана  тIехтара схьакъеда хьалахьавзина маара а болуш йолчу зудчун юьхь. Кху шинге а хьожий, къайлайолу иза.
Выходцев: (цхьанаагIора а воьрзуш) ДIаяха! ХIара боьха хIума а гина, дIаяха! (хьала а гIоттуш Митига) Бежана а ду, хьуо ма-ярра, боьху хIума а ю хьо! Хьо сан стунваша вацахьара, ас.. ХIаъ! Даьхни ду-кх! Сел Iовдал! Вайшинна юккъера гергарло дIахаьдда хьуна!
Митя: ЧIогIа хазахиета!ДIахаалахь, ахь хIинцца (хьалда а гIоттуш) , кхузара дIаваха ца волуш, суна мел новкъарло а,  вон болх бина! Суо вела дIаваллалц, къинтIера вер вац со хьуна!
Выходцев: (дIанехьа а волуш) Дахарехь цкъа нисделлеера и.. цунна а новкъарло йи-кх…ХIинца-м иза дегбаам бина лийр ю!
Выходцев а, Митя  дIасхьа воьду.

КхоалгIа сурт
Хьалхарчу суьртехь хила йолу хIусам.Чохь цIена ю. Соьла гонаха   пхьор дууш Iаш бу: Выходцев, цуьнан зуда, Митя.

Выходцев: (ОьгIазе зуьдчуьнга.) Стенна  йиелакъиежа хьо? Цхьан а  бахьана доцуш биелакиежарш Iовдалш бу хьуна!
Зуда: (Майрачуьнга а хьожий йиелало). И хIун кехат дара Iуьйрана хьоьга деънарг?
Выходцев: Со?.. Цхьан а кехат дацара-кх..(Вуху.) Цхьаъ  кхолла  гIерта  хьо..
Зуда: ХIаъ…дийца ахь! Даре дел, кехат деарий хьоьга? Ас яздина ма дара хоьгаи кехат! Боккъалаъ. Ас! Ха-ха!
Выходцев: (ГIам-гIим до.) Iовдала бегаш…
Зуда: ХIун дийр дараI Айхьа ойла ехьа.. тхан кху чохь цIенкъа горгам хьакха а езара, ткъа шуьшиъ араволуш вацара…Ша иштта ца ваьккхича, гIуллакх ца хуьлура. ОьгIаз хIунда оьху хьо, Iовдалниг…Цу рагIу кIелахь хьан са ца гатдалийта, аса-м митига а яздира изза кехат! Митя, хьо вахарий цига?
Митя гежа. Цуьнан шен невце цабезаца хьиежар хIинца дIадолу.


А.П.Чеховн «На даче» цIе йолу дийцар
 нохчийн маттахь суртхIотто кечдина Исмаилов Абус