Унтер Пришибеев

Абу Исмаилов
А. Чехов

 –Лахара эпсар Пришибеев! ХIокху сентябр беттан кхоалгIачу дийнахь ахь хьайн дашца а, леларца а сийсазбина: участкови инспектор Жигин а, юьртда Аляпов а, сержант Ефимов а, тешаш Иванов а, Гаврилова а, ткъа иштта кхин а ялх ахархо а. Лакхахь билгал бинчарах кхоъ, цара шайн гIуллакхаллин декхарш кхочушдечу хенахь, сийсазвина ахь. Хьуо бехке хиларна даре дой ахь?

Ши куьг дегIаца охьа а дохуьйтуш, хIора дош къастош, омра деш санна йишхаьллачу озаца вистхуьлу хебна,ира юьхь йолу, Пришибеев:

 – Хьан сийлалла, господин маслаIатан кхиэлахо! Бакъдерг аьлча, законан массо а статьяца нийса а догIуш, муьлххачу а хиламан мах хадош, ерриге агIонаш тидаме иэца еза. Со вац бехкен, вуьйш берриш а бу бехкен.

Дерриге а, и декъала хиларг, дакъа бахьана долуш хилира. СхьавогIуш ву со сайн хIусамненаца Анфисица меллаша, оьзда. ДIахьаьжча, хийистехь гулделла адамаш ду-кх. ХIун бакъо йолуш гулбелла хIара нах? – хоьтту ас. –Стенна? Законехь аьлла ма дац, адамаш рема санна гулло, аьлла. Мохь туьйхи ас:

 –ДIасадовла! И адамаш дIасатитта волавели со, шайн-шайн цIа гIо, бохуш. ХIокху сержанте а омра ди ас, лахка уьш йоIзара тIера лоьцуш, аьлла.

 – Собар де. Хьо участкови инспектор а вац, юьртан тхьамда а вац. Хьан гIуллакх дуй, ткъа нах дIасалехка?

 –Цуьнан гIуллакх дац! Дац! – камерин маьI-маьIIера аьзнаш схьахеза

 – I ойла яц тхан и бахьана долуш. Пхийтта шо ду цо тхо хьийзош долу.

Эскарера и цIа веъчахьана. Кху юьртара довдучу хьолтIе даьхна. Массарна а бале ваьлла.

 –Хьан сийлалла, цIена бакълоь хIорш. –тоьшалладо юьтдас.- Массеран а цIарах доьху оха. Цуьнца Iойла яц! Марха досту де хуьлда и, зуда ялийна меттиг я кхин хилам хилахь, массанхьа а мохь бетташ, шен къепе хIиттош лела. Берийн лергаш ийзадо. Марда ша волуш санна, къона зударий ларбеш лела. Дукха хан йоцуш нехан хIусамашка чу а оьхуш эшарш ма лекха, эрна цIераш ма летае, стогарш а ма дагаде бохуш. Эшарш лекха, аьлла, закон дац, боху.

 –Собардел. ТIаьхьо кхин а тоьшалла дер ахь. – боху маслаIатан кхиэлахочо. –Пришибеевга ладугIур ду вай. Дийцал Пришибеев.

 –ЛадугIуш ву! – виехьаш санна доладо лахарчу эпсара. – Хьан сийлаллла, нах дIасалехкар сан гIуллакх дац боху ахь. Дика ду. Ткъа нагахь санна гIиттарш долалахь? Адамаш харцахьа лелийта мегар дуй? Муьлхачу законехь яздина ду, нахе шайна луъург леладайта аьлла? Сан бакъо яц и леладайта! Нагахь санна ас уьш совца ца бахь, царна гIуда ца тохахь, хьан дийр ду и? Кху юьртан бакъйолу къепе муха хила еза хууш со цхьаъ бен адам дац. Оцу муьжгашца муха хила веза суна дика хаьа, хьан сийлалла. Со деригенах кхета. Со муьжги вац, со лахара эпсар, мукъаваьлла волу каптенармус ву.

Варшавехь гIуллакх дина а, штабехь хилла. Ткъа пенси ваханчул тIаьхьа цIе яйъархо вара, могашалла ледаруо хилар бахьанехь и болх битча, цул тIаьхьа шина шара буожарийн гимназехь, швейцаран декхарш кхочушдеш, неI ларъеш лаьттина со..... Массо а къепе евзаш ву. Ткъа муьжгичунна хIуммаъ ца хаьа. Цо соьга ладогIа деза, шена пайденна.. Схьалоцур, масала, хIара гIуллакх. Нах дIасалоьхкуш ву со. Ткъа гIамарлахь Iуьллуш и хи чуьра хьаладаьккхина дакъа ду. Ас хоьтту: хIун бакъо йолуш Iуьллу кхузахь и. Къепе ю иза? Участкови мича хьоьжуш ву? Лакхарчу хьаькмашка дIа хIунда ца хаийтина ахь боху ас цуьнга: ХIара хичу ваханарг ша велла хила а мега. Ткъа цхьаммо дина зулам делахь, Сибреха ма яц генахь. Зулам дуй техь хIара? Ткъа участкови Жигин шек а воцуш сигаьрка узуш ву.

"ХIара мичара ваьлла шуна? Кхо ца аьлча, хIун дан деза ца хууш ду вай? – боху-кх.

Ца хуучух тера ду, Iовдал, хьуо ма-варре. Хаахьара иштта лаьттар варий хьо? Ша селханехь пурстоьпе хаам бина, боху. Пурстоьпе хIунда аьлла? Муьлхачу законаца догIу иза? Хичу бахнарш а, ирхъоллабелларш а нисбелча пустоьпо хIун дийр ду? Кхузахь суьдхошка а, талламхошка а хаийта деза. ХIара зуламе гIуллакх ду. Ткъа уггаре а хьалха ахь акт а хIоттийна маслаIатан кхиэлахочуьнга хаам бан беза, боху ас. Ткъа участкови воьлу-кх сох. Муьжгий а бу сох боьлуш. Берриш а боьлура сох, хьан сийлалла! Стенна гиежа хьо боху ас, Жигине. Цо боху: ХIара тайпа гIуллакхаш маслаIатан кхиэлахочо къастош дац. Оцу дешнаша сан дегIе дагар хьадий... Жигин, ахь иштта элирий?

 –Элира.

 –Шуна хезарий? Муха ахь? ХIокху муьжгашна хьалхахь? МаслаIатан кхиэлахочо кху тайпана гIуллакхаш къастош дац. Шуна хезарий? Муха, ахь, иштта? Сан дегIехь дагар хьаьдира. Со-м жимма вуьйхира. Юха алал, боху ас, хьо ишта-вуьштаниг. Цо юха а изза дешнаш эли. Со юха а тIевирзи цунна. Муха, боху ас, ала дели хьоьга маслаIатан кхиэлахочух ишттаниг? Хьо, полицин белхахо, Iедална дуьхьал ву? ХIан? Нагахь санна цуьнан сийлаллин маслаIатан кхиэлахочуна лаахь, цо хьан Iедална тешаме цахилар тидаме а эцна, хьо балхара вохаве аьлла дехар дийр ду. Я кхин а гена даьлча, хьан аполитичность бахьана долуш, кхин а гена хьо дIахьажо а тарло. Хаьий хьуна?

Ткъа юртдас боху-кх:"МаслаIатан кхиэлахочо шен дозанех дерг бен ца къастадо. Цо къастошдерш кIезг-мезга гIуллакхаш ду. "

Иштта эли-кх, массарна а хезаш. Муха, боху ас, мега хьуна Iедал сийсаздан? Соьца бегаш ма белахь, боху ас, дохковер ву хьо! Тохара, со Варшавехь волуш я божарийн гимназехь а сайна иштта хабар хезча, урамехь жандарм вуйла а хьожий, цуьнга ма-дарра дIадуьйцура ас. Ткъа кху юьртахь хьаьнга дуьйцур ду? Дог детIи сан хIара адамаш кхетамчуьра а девлла, шен лааме дирзина гича. ЧIогIа-м ца туьйхира ас, делахь а ласттийна муьшка туьйхи юьртдена. Цунна тIехIоьттинчу Жигинна а жимма кхийти. дIадоладели-кх Жимма ца тоьхча кхетащ бац, ца тоьхча ца йолу. Iовдалчунна ца тохар а къилахь ма ду къаьсттина юкъара низам а, къепе а талхош хилча муххалле а.

 –Собар дел! Юкъара низам лардан нах болуш бу: участкови а, юьртан тхьамда а, сержант а.

 –Участкови инспектор массанхьа а ца лараво. Я цунна дан дезарг хаа а ца хаьа!

 –Кхиетахь! Хьан гIуллакх ма дац иза!

 –Ха-а-н? Муха дац и сан гIуллакх? И ду хаза! Адамаш вуолелаш ду, сан гIуллакх дац тов! Ас хиесто-м ца беза уьш? Шайга эшарш ас ца лоькхуьйту бохуш хьоьга арздеш бу уьш. Оцу эшаршкахь диканиг хIун ду? Цхьа пайдехь болх барна меттанна цара йир етта. Ткъа хIинца долийна суьйренашкахь массо а охьабийшина набъян езачу хенахь, уьш хабарш дуьйцуш, буьйлуш Iаш бу. Сан дIаяздина ду ша дерриг а.

 –ХIун ду хьан дIаяздина?

 –ЦIераш ягош серлонгахь Iаш берш.

Пришибеевс шен киснара кехат схьадоккхий доьшу: « ЦIераш ягош Iаш болу ахархой: Прохоров Иван, Минифоров Савва, Петров Петр, Салчитух йисна йолу жеро Шустрова Кислов Семенца, къайлах мах а бина, Iаш ю, Сверчок Игнат бозбуунчаллаш лелош ву, цуьнан зуда Мавра гIам ду, хIора буса нехан хьелий узуш лелаш»....

 –Тоьур ду! – кхечу тешашка хаттамашбан волало кхиэлахо.

Лахара эпсар Пришибеев куьзганаш хаьжтIе хьала а тоттий, цецволий хьоьжу маслаIатан кхиэлахочуьнга.Хиетарехь иза кхуьнан агIо лоцуш вац. Цуьнан къаьрзина бIаьргаш лиепаш ду, мара цIийбелла. МаслаIатхо стенна карзахваьлла а, маьI-маьIIера резабацарш а, белабаларш а хIунда хеза ца хууш, хоьжу и маслаIатан кхиэлахоьчуьнга а, тешашка а.

Цхьана баттана ша набахти чуволла, аьлла бинчу сацамах а ца кхиета иза.

 –ХIунда? - цецволий, куйгаш дIасадохуьйту цуо, – Муьлхачу законаца?

ТIаккха хаьа цунна, дуьне хийцаделлийла а, кху дуьненчохь ваха хала дуйла а. Сингаттаме, гIийла ойланаш хаьвза цуьнан коьртехь. Амма камери чуьра ша араваьлча, гулбелла. цхьаццца дуьйцуш лаьтташ муьжгий гича, шена марзделла ма-хиллара,Iа ца луш,ши куьг дегIаца охьаа дохуьйтуш мохь туху цо:

 –Ха-л-л къ дIасадовла! Ма гулло! ЦIа гIо! Шен-шен цIа гIо!




Нохчийн матте яьккхинарг - Исмаилов Абу