Стомманиг а, вуткъаниг а

Абу Исмаилов
( А.П.Чеховн изза ц1е йолчу дицар т1ехь суртх1оттор)
1. Стомманиг, къайлаха хьиехамча
2. Вуткъаниг, коллежски ассесор
3. Вуткъачун зуда
4. Вуткъачун к1ант
5. Д1ахьошверг


Аьчканекъан вокзалан перрон. Пассажирски вагон.
 Д1ахьошволчун аз: Кхузахь дуьхь-духьал нисвелира стомманиг а, вуткъаниг а.  (Аьрру аг1ора гучуволу Стомманиг.) Стомманиг, вокзалерчу ресторанехь х1инцца вуззацлц х1ума а йиъна, аравели. Цуьнан хьена балдаш меда баьллаш санна лиепа. Цунах схьаеттало хересан  а,  флердоранж олучу, мехалчу хьат1аран а хьожанаш. Ткъа вуткъаниг…
(Вагон чуьра охьавуссу вуткъаниг. Цуьнан карахь а, гихь а, марахь а чамданаш, т1оьрмигаш ду. Цуьнан букъа т1ехьара схьахьоьжуш, еха ч1ениг йолу, лекха зуда а ю, мелла а хьаббина цхьа б1аьрг а болуш, лекхуо гимназист а ву.) Вуткъачух схьаеттало дакъийначу жижиган а, йорахчу кофен а хьожанаш.
Стомманиг: (Ч1огг1а аз ойуш) Порфирий! Хьо вуй и? Сан  уьренг! Ма дукха хан яьлла, вайша ганза!
Вуткъаниг:(цецволий) Сан Дела! Миша! Бераллин доттаг1! Хьо мичара вели? (Доттаг1ий, кхузза барташ бохуш, мар-мара кхиета. Леррина вовшашка хьоьжу. Ший а ч1ог1а цецваьлла ву.) Сан диканиг! Дагахь дацара! Хазахиетаран совг1ат ду-кх! Хьажал соьга леррина! Хьалхалерра к1ант ву! Иштта ч1ич1ъаьлла а волуш!  Маржа-я1! Сан Дела! Ткъа хьо? Хьалдолуш ву? Зуда ялийний? Ас, хьуна ма-гарра, ялийна…Х1ара сан зуда Луиза ю… Ванценбахера доьзалера… лютеранка ю. Ткъа х1ара сан к1ант Нафанаил, кхоалг1ачу классехь доьшуш ву. Ткъа х1ара, Нафаня, сан бераллин доттаг1 ву! Гимназехь цхьаьна дешна оха шимма! (Нафанаила, жима ойла а йой, коьртара  фуражка д1айоккху.) Гимназехь цхьаьна дешна оха шимма! Дагадог1ий хьуна, хьо муха аьшнашвуора? Ахь сигаьрка а 1оьттина билиотекерчу киншкех 1уьрг даьккхина бохуш, хьох Герострат олура, ткъа, со моттбиетташ волу дела, сох Эфиальт олура. Хо-хо-хоъ…Бераш  ма дара вай! Нафаня, ма ийзало, цунна юххе т1ехила...Ткъа х1ара сан зуда Луиза ю… Ванценбахера доьзалера… лютеранка ю. (Жимма ойла йина ден букъа т1ехьа д1алечкъа Нафанаил.)
      Стомманиг: (Воккхавеш доттаг1чуьнга хоьжуш) Муха ду хьан дахар, сан доттаг1? Мичахь г1уллакхдеш ву? Даржехь лакхаваьллий?
      Вуткъаниг: Г1уллакхехь ву, сан диканиг! Шолг1а шо ду коллежски ассесор волу. Станиславан орден а елла суна.
      Д1ахьошверг: Коллежски ассесор бохург капитанан дарж ду. Ткъа Станиславан орден уггаре  лахара дарж долуш ю.
      Вуткъаниг: Алапа ледара ду. И-м х1уммаъ дацара. Зуда музыкан урокаш луш ю. Ткъа ас дечигах сигарканаш чуйохку г1утакхаш до. Ч1ог1а дика портсигараш хуьлу! Соьмах цхьаъ а луш, д1аюхку ас. Нагахь санна,  итт а, цул сов а оьцушверг нислахь, мелла а йораха д1ало. Хенедовла таро хуьлу жимма. Департаментехь г1уллакхдеш вара со, ткъа х1инца кхузахь оццу департаментан столоначальник ваийтина.
Д1ахьошверг: Столоначальник - кхузахь, масала, начальник паспортного стола, бохург санна дарж ду.
Вуткъаниг:Ткъа  хьо х1ун лиелош ву? Инарла-майор хир ву? Х1ан?
Стомманиг: Х1а-х1а, сан ваша, кхин а лакха кховда хьо. Со къайлах хьиехамчин дарже кхаьчна. Ши седа а болуш, инарла-лейтетант ву со.               
Д1ахьошверг: вуткъаниг ша лаьттачохь вулавелира. Цул т1аьхьа цуьнан бага гежна д1асаяхара, цуьнан юьхьт1ехь а, б1аьргаш чохь суйнаш лиепара. Ткъа ша-и иза сатта а сеттина,  хебна, волчунна т1е а гатвелира…Цуьнан чамданаш а, тоьрмигаш а хебнера… Зудчуьнан еха ч1ениг кхи а яхъеллера, ткъа Нафанаил ша лаьттачохь вулавелира.
Вуткъаниг: Со, шун локхалла…Ч1ог1а хазахиета-с! Бераллин доттаг, ала мегар долуш.. юха ц1еххьана…оццул лакхарчу дарже хьалаваьллийц! Х1и-х1и-с.
Стомманиг: (ч1еч1къина бат а саттош) Ишшта х1унда олу? Вайшиъ бераллин ши доттаг1 ма ву. Стенна  ду и чинларар? Х1унда  хиеставо, х1унда хьиестало!?
Вуткъаниг: (кхин а ч1ог1а хебаш) Бехк ма биллалаш… аш х1ун дуьйцу-с… Шун локхаллас къинхетамие тидамбар, йокъа х1оьттинчу лаьттана йочано луш долу ни1мат санна,  беркатие  ма ду тхуна…Х1ара, шун локхалла, сан к1ант Нафанаил ву… зуда Луиза, лютеранка, лара мегар долуш ю..
Стомманиг:  Ца оьшу .. иштта …
Вуткъаниг: (вериг а лала лелина, воккхавиерах а, ларамах вуьзна, гежна ву) Шун локхалла!...
Стомманиг: (дегазаллица бат а саттош, аьрру куьг бете а лоцуш, д1авоьрзий, куьг кховдадо, 1одикаеш)
Вуткъаниг: (ларамие охьатаь1аш, шега схьакховдийначу доккхачу куьйган кхо п1елг 1овду) Х1и-х1и-х1и
Зуда а елакъиежа, Нафанаила ког когах туху ша лаьттачохь, шен фуражка охьа а йожош. Кхоь а доккхадиерца цецдаьлла ду.

К и р х ь а



 А.П.Чеховн « Толстый и тонкий» цIе йолу дийцар
 нохчийн маттахь суртхIотто кечдина Исмаилов Абус