Пурстоп кхалхар А. П. Чеховн Смерть чиновника аьлл

Абу Исмаилов
 Дакъалоцушберш:
1. А.П.Чехов, автор
2. Иван Дмитрич Червяков, пурстоп
3. Бризжалов,  статски инарла
4. Червяковн зуда
5. Театрехь болу хьовсархой
6. Инарла волчу,  аьрзнаш а дахьаш, дехаре баьхкина нах

1-ра сурт
Театран зал. Хьалхарчу могIарехь Iаш ву инарла Бризжалов. ШолгIачу могIарехь нисса инарлина тIехьарчу гIентахь Iаш ву пурстоп Червяков. Шина а могIарехь Iаш хьовсархой  а бу. Сценин аьтту агIора гучуволу автор.
Автор: Цхьана тIеххаза еъначу сарахь, ледара воцу пурстоп Червяков Иван Дмитрич вара, шолгIачу могIаре а хиъна, турмал чухула «Корневилан горгалаш» цIе йолчу спектакле хьоьжуш,  гIадвахна, самукъадаьлла Iаш. Амма, цIеххьана…Дийцаршкахь дукха хьолахь нислуш ду и цIеххьана бохург.. ХIун дийр ду.. Вайн дахарехь дагахьдоцург дукха нисло-кх.
      Червяков: (ЦIеххьана цуьнан юьхь чIечIкъа, садеIар соцу, бIаьргаш а хьабдой, турмал а         йитна, охьа а таьIий, хьоршам туху цуо.) Ап-чхи!!!
      Автор: Хьоршам туьйхи-кх цуо, шуна ма-гарра. Цхьанна а цхьанхьа а, хьоршам ма туоха, аьлла, дихкина ма дац. Муьжгаша а туху хьоршам, полицмейстера  а туху, ткъа наггахь инарлаша а му туху хьоршам. Массара  а детта хьоршамаш.
     Червяков: ( Кхин башха вуоха ца вухуш, шек воцуш, мерах йовлакх а хьокхий, ша гIиллакхе стаг хиларе терра, гондахьа дIасахьожу иза) Цхьанна а новкъарло-м  ца йи-те ас?
     Автор: Эццахь, шуна ма-гарра, пурстоп вуьйхира. Цунна гира, шена хьалха Iаш волу, къена стаг.
   Инарла: ( Резавоцуш, гIам-гIим а деш, шен кIунзалах а, вортанах а кIайн кара хьокху)
  Автор: Къена стаг вевзира кхунна. Иза вара статски инарла Бризжалов.
 Червяков: Ас цинцаш туьйхи-кх цунна! Сан хьаькам-м вац и. Кхечеран хьаькам ву. Делахь а товш дац-кха. И къинтIера ваккха виеза ас. (Йовхарщ а тухий, хьалхахьа а таьIий, инарлин лерехь шабарш до) Бехк ма биллалахь, хьан сийлалла! Ас цинцаш туьйхи хьуна…сан ларамаза нисдели..
 Инарла: ХIуммаъ дац. ХIуммаъ дац.
Червяков: Делан дуьхьа, къинтIера вала. Со..со и дан лууш ма вацара..
Инарла: Ой!IадъIиехьа! ЛадогIийтахь спектакле.
     Автор: Червяков воьхна. Iовдал санна вела а къиежаш, сцени тIе хьоьжу и. Синкъерам дIабаьлла. Сингаттамо хьовзийна иза.

2-гIа сурт

Театран фойе. Буфетан  хьалхарчу стоьла юххехь чай молуш, лаьтташ ву инарла. Ийзалуш, жима го а туьйсий, цунна тIевогIу Червяков.
Червяков: Ас цинцаш туьйхира хьуна.. Бехк ма биллахьара… Со-м , и хьовха…
Инарла: (Резавоцуш лахара балда диегош) Ой-т! Тоьур ду хьуна. Суна дицделла и. Ткъа юха карладохуш!
Червяков: (Ша-шиега) Вицвелла… Ткъа шен бIаьргаш чохь сох кхардар ду. Къамел дан а ца веша. Кхието виезара и..Суна ца лууш, хилла, Iаламан гIиллакх ду иштта. Хьоршам тухуш хуьлу. Ткъа цунна моьтту хир ду, ас леррина шена туйнаш тоьхна.. ХIинца ца моттахь а, кхано тIаьхьа мотта тарло..
3-гIа сурт

Червяковн хIусамехь изий, цуьнан зудий ду.
Червяковн зуда: Муха яра спектакль?
Червяков: Ма дийцалахь! (шен вицмундир бедаршъухкурга тIе хьала а уллуш) Ледарло ели соьгара.
Червяковн зуда: ХIун дира ахь? Хун ледарло?
Червяков: ЦIеххьана хьоршам туьйхи ас… спектакль йоьдуш лаьтташшехь.
Червяковн зуда: Ой! Тоьхча хIун ду хьоршам? И-м массара а ма туху.
Червяков: Со а вара и хиеташ юьхьанца…амма, нисса суна хьалхарчу гIентахь Iачу статски инарлина Бризжаловна кIунзал тIе цинцаш тоьхнера ас.
Червяковн зуда: Маржа-яI! И хьаштдоцург ду. ХIун дан диеза? Хьан хьаькам вуй иза?
Червяков: Вац. Кхечеран хьаькам ву.
Червяковн зуда: ( инарла кхечеран хьаькам вуйла хиъча, жимма сапаргIат долий) ТIаккха-м ша ду. Делахь а, и волчу гIой, къинтIера ваккхахь иза. Цунна мотта тарло, хьуна нахана юккъехь муха лиела виеза ца хаьа.
Червяков: И ду-кх и! Со бехказа вийлира цунна хьалха. КъитIера ваккха а хьажира.  Амма и цхьа тамашийна вара. ЛартIехь дош а ца олура. Вуьшта къамел дан хан яцара цигахь.

4-гIа сурт
Инарлин кабинет. Шайн цхьацца аьрзнаш дахьаш, дехаре баьхкина нах бу.ЧувогIу Червяков. Цуо юьхь яьшна. Цунна тIехь керла вицмундир а ю. Инарла, масех диехархочуьнга ладугIий, кхуьнга хьалахьожу.
Червяков: Селхана «Аркадия» олучу театрехь, нагахь хьан сийлаллина дагадагIахь.. Ас хьоршам тоьхна, ларамаза цинцаш туьйхира хьуна..Б-бехк ма..
Инарла: И хIун пайдабоцурш ду…ХIун ду дуьйцург!  ( рогIерчу дехархочуьнга) Хьуна хIун оьшу?
Червяков: (ша-шиега) Къамелдан а туьгу. ОьгIазваханчух тера ду. ХIа-хIа,  хIара иштта дита йиш яц… Ас кхиетор ву иза..
(Диехархошца долу гIуллакх чекхдаьллачул тIаьхьа, инарла диехьачу дIавуолало. Эццахь цунна тIаьхьахIутту Червяков)
Червяков: Хьан сийлалла! Суо дохкуоваларан бахьана долуш, хьием бо ас хьуна! Леррина а, хIуьттаренна а дина дацара и, хьуна ма-хаъара.
Инарла: (велхаозийча санна бат а саттош) Хьо сох ца вешаш, къаьрдашл ву-кх, милостисдарь!
Инарла диехьа чувоьду.
Червяков: ( ша-шиега) ХIун цавашар, хIун кхардар? Цхьан а цавашар дац кхузахь. Инарла воллушехь, ца кхиета. Иштта делахь, со кхин оцу курачу стагана хьалха бехказвуьйлур  вац. ШайтIанан луур хуьлда цунна! Кхин кхунна тIе ца вогIуш, кехат яздийр ду ас! Делора вогIур вац-кх!
Червяков къайлаволу. Гучуволу автор.
Автор: Иштта ойланаш хьийзара Червякон коьртехь. Инарле кехат а ца яздира цуо, муха яздан диеза ца хууш. ШолгIачу дийнахь юха а веъна, бехказвийла хIоьттира иза.
Сехьа чуволу инарла. Шен стоьл тIе охьахоу иза. Чоьхьаволу Червяков.
Червяков: Селхана веънера со, хьан сийлалла. Хьох кхарда а, ахь ма-бохху, хьох ца вешаш а дацара и. Айса ца хууш, хьоршам а тоьхна, хьуна тIе цинцаш кхетарна, хьо сайна къинтIера валар доьхуш веънера со. Муха кхаьрдар ву? Ваьхьар а варий со? Нагахь санна тхо иштта доьлуш хилча, хьо санна болчу хьакмашка ларам а хир барий тIаккха?
Инарла: (сенвелла, виегош мохь хьокху) Яхийт-т кхузара!!!
Червяков: ( кхеравелла, самалделла шабарш до) ХIун? Муха?
Инарла: (чIоггIа ког а тухуш) Яхийт-т кхузара!!!
Червяков, некхах ка а тухуш,  меллаша охьа вужу
Автор: Иштта  велла дIавелира пурстоп.

К и р х ь а


                А.П.Чеховн « Смерть чиновника» цIе йолу дийцар
 нохчийн маттахь суртхIотто кечдина Исмаилов Абус