А. П. Чехов Хирурги лоьралла

Абу Исмаилов
Дакъалоцушберш
Курятин, меттигерчу  больницан фельдшер
Вонмигласов,  лахара мозгIар, йозанча

Меттигерчу  больницан приемни. Юккъехь –  стол. Стоьлан аьтту агIора, йистехьа оьзна лаьтташ ду, «Карболан раствор» аьлла йоза тIехь долу, шиша. Цомгушниш дIаязбеш долу тептар а ду стоьл тIехь Iуьллуш. Аьрру агIора хьалхахьа  схьахилийна лаьтташ дечиган гIант ду. Цунна юххехь жимо стол ю. Цунна  тIехь гIирс чохь болу  хедар ду. Цхьаъ яздеш Iаш ву, ханна шовзткъа шо хир долуш волу,  стомма  фельдшер Курятин . Цунна тIехь ширъелла жигетка а, хеча а ю. Юьхь тIехь дозалла а, хазахетар а ду. Яздо. Аьрру куьйган шина пIелга юккъехь, вон хьожа оьхуш йолу, сигара ю. Меллаша хьала а гIоттий дехьа чувоьду.
Арахьара чуйогIучу неIарехула чоьхьаволу, лекхочу дегIахь волу, зоьртала воккха стаг, лахар мозгIар  Вонмигласов. Цунна тIехь ал чоа ду, гIодаюккъе дихкина  ду шуьйра тIаьрскан доьхка. Аьтту бIаьрг ах хьаббина бу. Мера тIехь чинт ю.   ЧIениг а лоцуш, тIуьскан буьххьехь шад  а беш, хьаладихкина къорза йовлакх ду. Пхьагалан лергаш санна ирхбахна бу оцу йовлакхан ши тIам. Логах хьарйина  тиша шарф ю. Аьтту куьг бесни тIехь ду.
Вонмигласов: Ва-а, Дела! Къинхетаме Микола…Сийлахь Марима…Кхе-кхе-кхе (стоьл тIе пIелг бета, фельдшер аравала везачу агIора в вирзина йовхарш а тухуш. СоцунгIа хуьлу.Юха а кхузза иштта йовхарш а тухуш, стоьл тIе пIелг бета. Фельдшер сехьа чувогIу. Вонмигласовс охьа а таьIаш дIакховдайо цуьнга, ша совгIатна  еъна йолу, ларча.
Курятин:А-а-а. соьгара  шуна а! (ГIант гойтуш) Охьахаа. (ша важа гIант  схьаоьций цунна юххе охьахуу.) ХIун дахьаш веъна?
Вонмигласов: (ийзо-ош) Э-э-э.(хьалагIоттий) Дезчу денца, Сергей Кузьмич! Шун къинхетамалле сатуьйсуш…Нийса аьлла ду-кх жайнахь: «сан малар белхарца даьржийла.» Селхана йоккхачу стагаца чай мала дагахь охьахиънера. Эццахь, маьлхан дуьне а дицдеш, къурдбан йиш йоцуш, тоха са  доцуш, бIаьрза хьовзий-кх. Лечу хьола тIе ваьлла-кх.  Къурд бешшехь. Оцу кхела чохь…(бага гIаттайой, дIагойту) Тидамца хьажахь.
Фельдшеро, сигарах кIур туьйсу мозгйаран бара хьожучохь, ларамаза цуьнан бага чу кIур туху.
(чIогIа йовхарш тухуш, фельдшерна тIе цинцаш тухуш, воьхна) Ерриге а хIара агIо а…ЧIогIа лозу, чIогIа лозу! Лерга чохь цхьа хIума лелхаш санна хетало…Къинош леторна, харцо лелорна, мало еш,  Далла гIуллакх  кIезиг дар бахьана долуш, Сергей Кузьмич,  къинош бахьана долуш ду хьуна! Воккхачу мозгIаро олу соьга: «Ефим, маттана артвелла хьо, лергана а онда ву. Ахь лоькхучух кхета хала ду.» Ткъа муха локхур ю, бага гIатто ницкъ ца хилча, я цу тIе, бехк ма биллалахь, сахиллалц набйина а ца хилча.
Курятин: (хьалагIоттий, гондахьа волало, хIума хуу кеп хIиттош, мозгIаран шина  а мочхалах куьг хьокху.) М-да…
Вонмигласов: М-да…
Курятин: ( катухий, схьаоьций  гIант йоккхачу стоьла юххе охьахIоттадо, цунна тIе пIелг а хьажош) Охьахаал…
МозгIар охьахуу. Фельдшера цуьнан коьртах дихкина йовлакх схьадостий стоьл тIе охьадуьллу.
Курятин: Бага гIаттаел! (Вонмигласовс бага гIаттайо) Шуьйрра гIаттайе! (МозгIаран корта шина куьйгаца схьа а лоций, аркъал саттабой бага хьоьжу. Аьтту агIора саттабой а бага хьожу, юха аьрру агIора берзабой а хьожу. Цул тIаьхьа хьажош болу пIелг,  шен жигеткех а хьокхий, мозгIаран бага бохуьйту. Лозуш йолчу кхелах и хьакхабелча, мозгIаре узар долу.)
Вонмигласов: Воккхачу мозгIара кIон ораммий, къаьркъий иэдай белхьам билла аьллера. ГIоли ца йира. Ткъа Гликерия Анисимовнас, Дала могашалла лойла цунна, аьллера Афонера деъна тай пхьарсах  а дихкина, йовха шура бага кхарза. Ткъа ас тай дихкира, амма шура.., марханаш ма ду вайна. Делах кхоьру…
Курятин:  Шира Iехабаларш  ду…( юха а бага хьоьжу, тийналла) ДIаяккха еза и, Ефим Михеич! (гIирс болчу стоьл тIе волало)
Вонмигласов: Шуна дика хуур ду-кх, Сергей Кузьмич. Цунна Iамийна ма ду шу. Шуна дика хаьа, дIа муьлха яккха еза а, дарба лело дезахь а. Цунна дIахIиттийна а ма ду шу, къинхетаменаш, дала могашалла лойла шуна. Дийнахь а, буса а деле шу доьхуш доIанаш дийр ду-кх оха. Тхаьш делла дIадовллалц…
Курятин: Даккхийчарах дац. (шен гIирс кегош) Хирурги бохург-м  хала хIума дац. Карадерзар а, куьйг онда хилар а… Туй кхуссучул башха дац… ХьастагIа,  хIинца хьо санна, лулара мехкада Александр Иванович Египетский веънера… Цуьнан а кхел лазаяьллера…Иза-м веца лакхара дешар дешна а волуш. Массо а хIума хоьттуш, дуьхе кхиа гIерташ.. ХIун? Муха? Бохуш, куьг кхийдадо, цIе а, ден цIе йоккху…Петарбухехь ворхI шарахь Iийна ву, цигара массо а профессор вевзаш ву…Дуккха а Iийра тхойшиъ кху чохь къамелаш деш. Делан дуьхьа, Сергей Кузьмич, дIаяккха кхел, бохуш, дехарш дора. ДIа хIунда ца йоккху? ДIаяккха мегар ду. Амма кхузахь  хаа деза.Хаарш доцуш мегар дац. Кхелаш тайп-тайпана хуьлу.(гIирс кара а лоций, мозгIарна тIеволало, леррина цуьнга хьожу, морзах меттах а хьебеш.) Цхьаерг морзахца схьайоккху, шолгIаниг – газанан когаца, кхоалгIаниг –  догIанца…Цхьаволчунна иштта, вукхунна вуьштта…(ойлайо, цкъа цхьана гIирсе, юха вукху гIирсе хьожу, цул тIаьхьа, уьш охьа а йохкий, морзахах катуху).
Ша Iаччохь йовхарш а тухуш, кхерамах буьзна ши бIаьрг фельшерна тIебоьгIна мозгIаро.
(Цунна тIевогIу фельдшер) ХIан! Шуьйрра гIаттаел бага! ( юха а бага чухьоьжу) ХIинццехь, вай иза… Туй кхуссучул башха ца хеташ… Жимма доьла хадо деза, (киснара  схьадоккхий, урс  схьадоьллу. Уьрсан дитта тIе туйнаш тухий, шен жигеткех хьокхий цIандо) лакхара охьа сиз боккхуш…иштта (доьла хададо.)
МозгIаре мохь болу
(велакъежаш) Чекхдели-кх!
Вонмигласов: Шу, тхан диканхой… Тхо тентакаш кхета а ца кхета, ткъа шуна Дала схьаделла-кх, шуна гуш ду-кх дерриг а…
Курятин: Бага гIаьттина а йолуш къамелаш ма е! ХIара-м атта схьаяккхалур ю. Наггахь деккъа цхьа орамаш бен гуш доцуш нисло… ХIара-м туй кхуссучул атта…(мозгIар хьовсархошкахь букъ берзийна ву. Морзах бага бохуьйту.) Саца. Ма  веттало…Меттах а ца хьовш Iелахь…БIаьргнегIар туххушшехь…Коьртаниг – кIорггера схьалацар ду…(ийзайо), каг ца йолуьйтуш…
Вонмигласов:Тхан дай! Сийлахь-еза Марима…ва-а-а !(фельдшеран хечех катуху)
Курятин:ХIан-хIан, ца оьшу, хIун дара и? (цуьнан пхьарсех куьг туху) Ка ма етта! ДIахеца сан куьйгаш! (озайо). ХIинцца…хIинцца.. ХIара-м атта болх ма баций…
Вонмигласов:  Тхан дай…къинхетаменаш (мохь хоькху.) Маликаш! Орцахдовлийша! (фельдшеран хенаш тIе буйнаш бетта) Валахь схьаяккхий, озаехьа! Стенна вахвелла хьо пхеа шарахь санна?
Курятин: Чехкка мегар дац… Хирурги яй хIара-м…ХIинца. ХIинцца..
Ишшта тийсалуш воллушехь и Вонмигласов  гIанта тIехь Iашшехь хьовсархой болчу агIорхьа схьавоьрзу. Цхьа ахминот хан йолу оцу Iазапехь и волуш. Морзах хецалой багара схьаэккха. Юхьанца мозгIар тентакволий шен голаш тIе хьоьжу, кхел лоьхуш. ХьалагIоттий гIанта кIелахь а, цIенкъа юккъехь а лоьху. Шен бага а гIаттайой бага пIелг бохуьйту. Цунна шен меттахь карайо лозуш йолу кхел.
Вонмигласов: (резавоцуш фельдшере хоьжуш, велхаийзорца, Iоттаре) Ийзий! Къемат дийнахь иштта ийзавойла хьо! Баркалла! Хьайна хууш ца хилча, стенна тийсало. Дуьне Iаржди-кх ахь суна!
Курятин: (оьгIазе). Ахь куьйгех ка хIунда еттара? Со ийзош ву, ткъа ахь, Iовдал хабарш дуьйцуш, дIасаветтара со… Тентак!
Вонмигласов: Хьо  хьуо ю-кх тентак!
Курятин: Хьуна моьтту хир ду, кхел дIаяккха атта ду. Хьажал хьайга хIун дало? Килса буьххье ваьлла, горгал беко санна дац и. (хичаш йо). « Хууш ца хилча, хууш ца хилча!» Хьажахь, со Iамо хIоьттинарг! ХIаа хьуна!.. Египетский Александр Ивановичниг яьккхира.. И вист а ца хилира. Хьол а дуккха а гIолехь стаг ву иза, куьйгех каетташ вацара..Охьахаал!
Вонмигласовс резвоцуш корта лестабо.
Охьахаа,  боху ас!
Вонмигласов: Гуш хIума дац-кх…Жимма метта ваийтахь.. ОхI! (охьахуу) Ийза а ца еш, схьатоххий дIаяккхахь и. Ийза ма е… цкъа катохий схьаяккха!
Курятин: Хуучунна Iамош ву…! Ма бодане ду-кх шу, адамаш! Кхаьрца цхьаьна вехаш хилча, тентак   муха ца волу?! ГIаттае  бага!
МозгIар хьалха санна, хьовсархошкахь букъ а берзийна охьахаийна.Фельдшер кхел схьаяккха кечам беш ву. МозгIаран белша тIе куьг а дуьллий и муха Iа хоьжуш, дIаса хьовзо хьожу. Цунна го тосу. Цуьнан голаш тIехула дехь-сехьа вуьйлу.
Хирурги бохург, сан ваша, забар ма яц… Йиш лакха санна атта дац и…(кхин цкъа а доьла хададо).Ветта ма лолахь!..Кхел мелла а къена хила хьан, орамаш кIоргехь ду…(озайо) .Меттах ма вала..Иштта .. иштта..меттах ма вала…ХIан..ХIан…
МозгIаро юха а, фельдшеран гIодаюкъал лахара схьалоций, марахьарчаво иза. Ший а хьовсархой болчухь схьавоьрзу. Цхьа хIума каглуш санна тата долу. Морзах багара араэккхий, Курятин цхьана агIора дIавоьду.
И хир дуйла хаьар-кх суна! ( воьхна, схьавогIий гIанта охьахуу.)
Вонмигласов кхетамчуьра ваьлча санна Iа  цхьана минотехь.И тентакваьлла.
ЭхI! Байтамал-яI! (гIам-гIим до) Газанан когаца яккха езаш хиллера и ас.
Жимма меттавогIий, юха  а бага пIелг бохуьйтий, шен багахь хIун ду хьожу мозгIар. Лозуш йолчу кхелан меттехь ира ши юьхьиг карайо цунна.
Вонмигласов: Кагйи!..(фельдшере а хоьжуш, огIазе а, Iоттабаккхаме боху) Гирзаш даьлла шайтIа! ..Тхуна балина кхуза хьан ховшийна техьа шу!
Курятин: (гIам-гIим до) ГIовгIа е ахь суна, гIиллакх доцург! Вон Iемина! Египетский Александр Иванович Петарбухехь ворхI шо даьккхина волуш, лакхара дешна а волуш, цуьнан костюман мах итт туьма хир бара…Цо ца йора ахь санна гIовгIа.. Ткъа хьо стенна везаве? КIаддаъ  хир дац хьуна..Лийр вац!
 МозгIар, узарш а деш, тохарлера йовлакх, хьалха санна шен коьртах хьала а доьхкий, логах шарф а хьарчайой, аравала дагахь дIаволавелча, цIеххьана ша фельшерна совгIатна еъна ларча дага а йогий, тIекхетий, стоьл тIера иза схьа а оьций, араэккха.

А.П.Чеховн «Хиругия» цIе йолу дийцар
 нохчийн маттахь суртхIотто кечдина Исмаилов Абус