Хамелеон А. П. Чеховн изза цIе йолчу дийцар тIехь

Абу Исмаилов
Дакъалоцушберш
Очумелов, пурстоп
Елдырин, городовой (лахарчу даржера полицин белхахо)
Хрюкин, дашопхьар
Прохор, инарлин повар
БIаьргбаьлларг
Адамийн тоба, жIаьла

Сурт

Керла чоа  а дуьйхина, карахь цхьа ларча  а йолуш, базаран майданхула  схьавогIу  пурстоп  Очумелов. Цунна тIаьххье  гIулчаш йохуш  ву  хьаьрса  Елдырин. Иза полицин белхахо ву. Цуьнан карахь ду, барз боккхуш къакъамех дуьзна долу, тускар…Тийналла  ю гонаха лаьтташ… Майданахь  цхьан а вац… Туьканийн, лабазийн неIарш гIаьттинчохь ю. Царна уллохь, ур-аттала, сагIадоьхурш бац.. ЦIеххьана схьахеза …
Хрюкин: Хьо  катухуш дай-ца,  боьха  хIума? КIентий,  дIа ма дахийталаш иза! Тахана каетта аьлла ма дац! Схьалаца и! А ..а!
ЖIаьлин цIовзар  хеза.  Кхаа куога тIехь кхийса а луш, цхьаьна кевнах араиэкхха жIаьла. Цунна тIаьхьауьду, къорза коч а, силга а  юьйхина волу цхьа стаг. ДIакхевддинчохь жIаьлин тIехьара ши ког  схьа а лоцуш, берталкхиета иза. ЖIаьла цIевза.Туьканашчуьра аркъиеда, набарна етта яххьаш йолу, адамаш. ГIеххьа йоккха тоба гулло.
Мохь: ДIа ма дахийта!
Елдырин: Шун оьздангалла, къиепе талхайой-те!..
Очумелов тоба йолчухьа тIеволало. Аьтту куьг ирах а дахийтина, шен цIийх буьзна пIелг нахана гойтуш ву дашопхьар  Хрюкин. Адамашна юккъехь диегош лаьтташ , кIеза лара мегар долуш, кIайн эр ду.
Очумелов: ХIун хилла аьлла кхузахь? Кхузахь хIунда? Ахь и пIелг стенна?..Мила вара мохь хьоькхург?
Хрюкин: (лохха  йовхарш тухуш) СхьавогIуш ву со, шун оьздангалла, цхьан ца хьиевеш… Митрий Митричца  дагон  дечиган хьокъехь.. юха цIеххьана хIара боьха хIума.. цхьан а бахьана а доцуш, пIелгах катухуш.. Аш суна бехк ма билла, со къахьоьгуш стаг ву…Болх сан кегийрачу хIуманашца хуьлу… ХIара пIелг соьга цхьана кIиранах а меттахбаккхалур бац..Цундела  суна ял схьаяла еза. Иза, шун оьздангалла, законехь а дац, ишттачу дийнатех бала лан биеза, аьлла…Нагахь санна, хIорамма иштта каеттар  елахь, дуьненчохь ваха а ца оьшу…
Очумелов: (йовхарш тухуш,цIоцкъамаш а сеттош, буьрса) ГI-м! Дика ду! Дика ду! ЖIаьла хьенан ду? Ас хIара иштта дуьтур дац. Ас гойтур ду шуна, жIаьлеш, дола ца деш, дIа муха хиеца диеза! Цхьаболчу  накъостийн тидам сацамаш кхочушбарна тIебахийта биеза! Цкъа шена гIуда ма туьйххинехь, хуур ду боьхачу хIуманна, жIаьла а, кхидолу даьхни а, Iуналла ца деш хецна дитча, хIун хуьлу! Ас, гойтур  ю цунна Кузькин нана!..Елдырин! ХIара жIаьла хьенан ду хаий, парткол хIоттаде! Ткъа жIаьла хIаллакдан диеза. ХIинццехь! Хьердаьлла хила а мега хIара. Хьенан ду хIара жIаьла, боху ас?
Баьргбаьлларг: Инарла Жигаловн долчух тера хиета …
Очумелов: Инарла Жигаловн?.ГI-м!..Елдырин, дIалацал сан чоа…ХIара йовхо! Йочана хила гIертачух тера ду… Цхьана хIуманах ца кхиета-кх со.   ( Хрюкингахьа а воьрзуш) Хьуна ка муха тохаелла оцу жIаьлига? Хьан пIелга тIе хьалакхочу и? Иза жима ду, ткъа хьо хIоккул воккха ву! Хьостам а Iоттабелла, цIий даьккхина хир ду ахь. Цул тIаьхьа хьан коьртехь, ял яккха еза, аьлла ойла кхоллаелла. Хьо мила ву, хууш ду. Шу шайтIанаш дика девза суна!
БIаьргбаьлларг: Шун оьздангалла, цуо забарна жIаьлин  муцIарх сигаьрка Iоьттира. Ткъа иза Iовдал ма дац, цапъаьлла катуьйхира…Харцахьаниг ву хьуна, шун оьздангалла!
Хрюкин: Аьшпаш  буьтту-кх ахь, бIаьргбаьлларг! Хьайн гина ца хилча, харцдерг ма дийца. Церан оьздангалла хьекъал кIоргера долуш ву, Далла гергахь бакълуьйриг а, харцлуьйриг къасто хуур долуш а ву…Ткъа нагахь со харц велахь, кхиелахочуьнга къастадайта…ХIинца массеран бакъонаш цхьаъ ю…Шуна хаа лаахь, сан ваша ву жандарман даржехь…
Очумелов: Къамел  сацийта!
Елдырин: (ойлане) ХIан-хIа, инарлиниг дац иза. Церан ишттаниш дац. Дукхах дерш  лартоллу жIаьлеш хуьлу..
Очумелов: Хьуна билггал бакъдолуш хаьий?
Елдырин: Бакъду, шун оьздангалла…
Очумелов: Суна сайна а хаьара иза-м. Инарлин жIаьлеш-м дикачу хIух а долуш, механа деза а долуш хуьлу. Ткъа хIара хIун ю а цахуург ю! Чо а бац, куц а дац. Цхьа боьха хIума ю-кх. Муха лиелор ду иштта жIаьла?! Мичахь ду шун хьекъал? ХIара санна долу жIаьла Петарбухехь я Москвахь карадеъча, хIун хир дара, хаьий шуна? Цигахь закон а ца лоьруш, сихонца садукъдийр дара! Ахь, Хрюкин, хьайна иэшам  хилла хиларе терра, хIара гIуллакх иштта ма диталахь. Кхието биеза! Тоьур ду…
Елдырин: (ойлане  а волуш) Инарлиниг хила а мега.. Цуьнан муцIар тIехь яздина ма дац…ХьастагIа церан кертахь хIара саннарг гира суна..
БIаьргбаьлларг: Инарлиниг хилар гуш ду!
Очумелов: ГI-м! Сан ваша, Елдырин, тIекхоллалахь суна и чоа..Мох болуш лаьтта вайна…Шелло со…Ахь и жIаьла инарла волчу дIадига. Суна кара а дина, ас схьадаладайтина, ала. Кех ара а ма дийлийта, ала..Хьанна хаьа, иза мехалла жIаьла хила тарло. Нагахь санна, муьлххачу а хьакхано цуьнан меркIела цигаьрка Iитта йолийча, талхо а гена дац. ЖIаьла иза-м экаме дийнат дай! Ткъа ахь, тентак, охьадахийта и хьайн куьг! Оьшуш дац и дастаме пIелг дIиэхьа! Бехк хьайн бу!
Баьргбаьлларг: Инарлин повар вогIу. Цуьнга хоттур ду вай! ХIей, Прохор, схьавоьл цкъа кхуза! Хьажал хIокху жIаьлига – шуьниг дуй хIара?
Прохор:Дагаъ деъний! ХIара саннарш тхан цкъан а ца хилла!
Очумелов: Хиетта а ца оьшу. ХIара да воцу йовссар ду! Кхин  деха дийца а ца оьшу…Ас йовссар ду аьллехь, хIара йовссар ду. ХIаллакдан диеза!
Прохор: ХIара тхайниг дац. ХIара, кху деношкахь хьошалгIа веанчу, инарлин вешиниг ду. Тхайчунна эраш ца диеза. Церан ваша ву эраш лиелош.
Очумелов: (велакъежий, лела ша лаьттачохь) Церан вашагIар баьхкина тов? Владимир Ивановиччий? Хьажахь, сан дела! ХьошалгIа баьхкина хIорш?
Прохор: ХьошалгIа…
Очумелов: Ватта, сан дела!..Вешина сагатделла  хилла-кх кхеран! Ткъа суна и хууш а дацара! ХIета, хIара церан жIаьла ду-кх? ЧIогIа хазахиета…ДIадига иза…Дика жIаьла ду, ала хIума доцуш…Каде а долуш…Кхуьнан пIелгах катоьхна! Хьа-хьа-хьа! ХIунда иэгадо  хьо? Р-рр.. Рр…ОьгIаздахна  хьо, борзик..Хьан болх-м ас бийр бу хьуна!
Хрюкинна барт а бетташ, шен чоин тIемаш ваьшта а ийзош, Очумелов дIавоьду.

Кирхьа

А.П.Чеховн «Хамелеон» цIе йолу дийцар
 нохчийн маттахь суртхIотто кечдина Исмаилов Абус