Доттаг1ан кхалхар

Амнат Умалатова
Ма доьхна, де эшна диссна-кх тхо тахна,
Тхан кийрахь хьийзаш ду шийланиг дарц.
Тхо цхьалха дуьтуш хьо-м генна д1аяха,
Кхин к1еда, эсала аз хьан хезар дац.

Хьан сийна ши б1аьрг - йист йоцу ши х1орд,
Кхин цкъа а ца белла ахь къоьвли д1а.
Уьш къовлуш цу х1орданаш чохь к1орга,
Хьо езарш бити ахь царна бухахь.

Дикане сатуьйсуш ши бутт а баьхьира,
Куьг меттах даьлча а, самукъадолий
Цамгаро мел къиза, йиша, хьо хьаьшира
Хилла те Дала зуьйш, лай йина хьоме?!

Йити ахь кхочуш ца хилла ойланаш,
Йисси хьо ганза хьайн ткъе цхьалг1а 1а
Йити ахь нана бодане дуьненна йоьлхуш,
Вити ахь ши ваша, хьайн синтем - да.

Хьан доттаг1ий-м йиш йоьхна лаьтта,
Ца к1ордадо цхьанна а хьан дикалла йийца.
Хуьлийла атта хьан Аллах1ан бартхаттам,
Хьоьжийла тхоьга хьо, Фирдовсехь, йиша!