Ширбелла безам

Жайна Гериева
Ас оццул 1ийжамаш беъаншехь хьайна
Сатуьйсуш соьга ехаш ю хьо,
К1еззиг хан йейъина д1авахча юха,
Со варе хьоьжуш ехаш а ю.

Сайна хьо йоьвзуш ца хилча санна,
Вехаш вара со, тергал ца еш,
Ткъа цхьанге ца дуьйцур даггара,
Хьо езар сайн дагчохь лечкъа а деш.

Шу урам новкъахь хьо гаре сатесна,
Ва г1ерташ хала са диттира ас,
Дагчура кхерам ца болура къайлах,
Ца хилла те яздина вайша кхин га?!

Геналло даьккхи вайша вовшех тахана
Заманийн йохаллехь ца гор-те кхин,
Хаалахь, езнариг сил дукха суна,
Йиц ца луш са дагчохь ю хьан ц1е!