Мавлид

Петимат Абубакарова
 Мавлид
Делан Дош д1акхайкхадеш,
Дуьне-1алам хаздина,
Юг1уш Динан сирла беш,
Дала  Элча вазвина.,
Мизан-терзан бакъонаш
Умматна д1айовзийти,
И нуьре Дош Къурьанан
Халкъашна   д1адовзийти.
Мотт хаарца  дийнатийн  ,
1алам хьуна  муьт1ахь  ди
1уналла деш  буоберийн,
 Къинхетам  ахь баржаби.
 Хьо вовзар тхан декхар ду
Хьо везар ма сийлахь  ду,
Хьо ларарца лоруш дерг
Делан Деза Къуръан  ду.
 Делан Калам доьшучохь,
Иман-беркат хедар дац,
Элчан Суннат лелочохь,
Зуламан х1у  хьекъар дац.
Делан Калам лардечо,
Элчан Хьурмат лардийр ду,
Элчан Суннат  лелачохь
Нийсо-низам  кардийр ду!

1438-1440