1ожалла

Амнат Умалатова
1ожалла, сан са сох къасториг,
Стигалан х1аваэ и д1а а кховдийна,
Сан дег1ах к1айн марчо хьарчийна,
Ц1еххьана дуьненах со йоккхург.

1ожалла, ю те хьо уллохь я генахь,
Муьлхачу сахьтана 1а те хьо тебна?
Кхоьру-кх, хьо коьртера яьллачу хенахь,
Кхачарна, 1овжам беш сан дагна, синна.

1ожалла, сан безнарш соьха а бохуш,
Юьллур ахь х1усаме-лахьтичу,
Генарчу со новкъайоккхуш,
Буьтур ахь со езнарш боьлхуш.

1ожалла, шелйина со лаьцна ахь юьгуш,
Дуьненан бахамаш, рицкъанаш дуьтуш,
Лаьар-кха сайл т1аьхьа яха ц1е юьтуш,
Делан ц1е яккхарца иманехь кхалха.