Доттаг1е

Амнат Умалатова
Цхьаьннан а дац хьуна, сан деган доттаг1,
Дахаран некъаш халонаш йоцуш.
Хир бу бохамаш, хир ма бу мостаг1ий,
Дуьненан хазаллех хьо гена вохуш.

Девзар ду, могшалла эшаеш лазар,
1овжор ву ца хоьттуш беанчу балано,
Нисло беш уггаре везачо цатам,
Хьийзаво харц новкъа кхийдачу ойлано.

Ц1еххьана тилвелла хьо висча новкъахь,
Дехар ду, цхьа жимма собаре хила.
Замано гойтур ду мила ву мостаг1,
Кхетар хьо мила ву тешаме доттаг1.

Г1алаташ, халонаш вай ловш ца хилча,
Кхетар буй мерзачун, алахьа, чам?
Хилахьа массо а ханна хьо кийча,
Муьлхха а кепара халонаш лан.

Т1аьххьара сан дехар - дикка ладог1алахь,
Г1илкхах ма вохалахь, хилалахь мерза.
Мел дукха халонаш хиларх хьан дахарехь,
Ву хьоьца хьан Веза Сийлахьа Дела!