Хала зама

Амнат Умалатова
Кхетац со замано вай стенга дуьгу,
Шеца вайн амалаш нуьцкъала хуьйцуш,
Жоп доцчу хаттарша со цхьалхьа юьту,
Дуьненан геналлин ойланаш йойтуш.

Кхетац со х1унда ю юккъахь херо,
Нохчи, вай мостаг1ца а хира йоцу?
Х1унда ду, алийша, дегнаш кийрара,
Даима вовшашкара г1алаташ лоьхуш?

Кхетац со ахчано б1арзвина лелачух,
Дерриге дозалла и бен ца хетачух.
Х1унда бу тилийна осалчу ойлано,
Х1унда бу 1ехийна дика нах, дуьнено?!

Кхетац со дуьхьала вела а къежаш,
Т1аьхьашха хьан сакхташ дуьйцучух.
Х1унда ду вай дайша лелийна некъаш,
Кураллин бодано хьулдина дуьсуш?

Кхетац со стенгахь ю, нохчи, вайн нохчалла,
Мехка а, къома а сий ойъуш лилина йолу!
Харцонна, мостаг1на, муьлхха а халонна,
Къар ца луш, лам санна лаьттина йолу!