Маржа яI, хьо валар...

Сайд-Эмин Мартанхо
Маржа яI, хIоранга кхочур ду валар,
ХIорамма мер бу и валаран кад.
Цхьа а вац ницкъ кхаьчна Iожаллех вала,
Карара дер ду кху дахаран гIад.

Маржа яI, дуьсур ду хьо маьлха дуьне,
Безарш а, бевзарш а тосур бу дIа.
ХIоранга кхочур ю и шийла Iуьйре,
Дужур ду лаьтта тIехь хIоранна гIа.

Маржа яI, дуьсур ду хьо мерза дуьне,
ХIорамма йоьллур ю валаран неI.
Iамал ян йиш йоцуш лоху вай дуьне,
ХIетте а валар-м ду хIоранна тIехь.

Сайд-Эмин,  август,2019ш.