Турпалхой

Сайд-Эмин Мартанхо
Яханчу заманийн
Рог1ера турпалхой:
Устазаш, 1елам нах,
Т1емалой, ахархой.
          Тхьамданаш, эланаш,
          Юьртара бахархой,
          Хьоладай, 1илманчаш,
          Обаргаш, талорхой.
Х1ора а заманан
Шен турпал хилла.
Замане хьажжина
Хийцало г1иллакх.
             Нохчалла дицдина
             Кхиарна кхоьру
             Т1екхуьу т1аьхьенаш,
             Ца дахь вай дола.

        Сайд-Эмин, март 2019ш.