***

Шахабов Сайд-Селим
Ца гинарг ган лууш ка-мIараш хьоькхуш,
Цкъа динарг кхин ца дан чIагIонаш лоьхуш,
Хиллачун, хиндолчун юккъехь а соьцуш,
Долчунна букъ тоьхна, ирс эцар доцуш,
Эхарта доьлху вай кечам а боцуш,
Вай дуьгуш йоьдучу заманца къуьйсуш.