***

Шахабов Сайд-Селим
Цхьаболчу лаамна некъ бехка, доттагI,
Мел дезнарг хуьлуш дац сатийсам тебеш.
Ца хуьлуш диснарг бен, дуьне дац моттар-
Моьттинчохь дуьтур ду айхьа хьуо левеш.
Хьо хьайна висначохь ойланаш йоттар-
Духуш ду, хьан доцург хиндоцчух эдеш.
Бух боцчу лаамна неI къовла доттагI,
Долчун хьо доладан да хилар чIагIдеш.