***

Шахабов Сайд-Селим
Кхокхарчех гIевттина ойланаш тIома,
Дог берзан амалах дIагIерта лома.
Сатийсам мохк битна гIаргIулеш санна,
Шен йоцчу геналле кхийдаш бу денна.
Ка йоьхна висина хета ша цхьанна,
Ган доьгIна ца хилларг ца гичахьана.
Багарчу рицкъанах Iаба ца Iемаш,
Ирхене гIерта вай тишдина ленаш.