Хеча

Хаваж Цинцаев
          Нохчийчохь шина тIамана юкъахь хиллачу заманахь дара хIара.  Дага,  хIора дийнахь аьлла, юьртара Соьлжа-гIала охьа лелаш вара, шен «шестерка» олуш йолу жима машенахь.  ГIалахь мехах нах дIаса а буьгаш шен доьзална суьйрана чудахьа напха  лохура цо, вуьшта аьлча, таксовать дора-кх. Болх-некъ  ца хиларна, хIара санна лолла бетташ лелаш берш дуккха бара. Пассажир цхьа наггахь бен хуьлуш а вацара. Нахехь дукха хьолахь ахча ма дацара. Даги  гIуллакх  цу хьокъехь гIеххьачулла  гIолехь дара. Совет Iедал долуш дуьйна и болх лелийна вола кхунна, хьалхе дуьйна кхуо дIаса кхийлина, бевзина нах - клиенташ  хуьлура.
          Ишттачарех цхьаъ тIевеара Дагина цхьана дийнахь «Минутка» социйлахь, пассажир хиларна х1ара сатуьйсуш  лаьтташ. Дага гина самукъадаьлла, вогIуш лаьтташехь салам а делла, кхунна улле машен чу хиира тIевеанарг. Иза жима стаг вара.  Схьахетарехь, нах ле а беш, тIара хьовзочу тобана юккъера вар. Юьхь тIера вовзахь а, цуьна цIе дага ца йогIара Дагина. Мацах, цхьамма мабаххара, диканиш-вониш къесточохь дацара г1уллакх, цундела Дагас, могуш-паргIат хаьттинчулла тIаьхьа, кхин цхьа хаттар а дира чухиинчуьнга :
          - Цхьанхьа  дIасаваха  везаш-м  вац,  хьо?
          - ДIасавахарна-м хIун дийра дара? Хьоьца цхьа кIеззиг гIуллакх дара сан, - элира  жимачу  стага,  цхьа  эсала  Даги  бIаьра  а  хьожуш.
          - Схьадийца  тIаккха.
          Вукхо шен пхьаьрса кIелахь йоллу газет юккъе дIахьарчина цхьа хIума схьа а яьккхина, иза Дагина хьалхахь дIасаяржийра. Тоьллачу Levi’s фирми джинси  хеча  яра иза.  Юха  верза  а  ца  туьгаш,  хеча  хесто  вуьйлира  накъост.
          - Ахь ца дийцича а гуш ю суна хIара. Езчух, дикачух ю. Кхунна хIун де боха ахь соьга  хIинца? – аьлла,  хаьттира  Дагас.
          ТIаккха  хечин да геннара схьа шех Iоттаделла чолхе гIуллакх дийца волавелира кхунна. Доцца аьлча, кIантана цIе яьлча санна ахча оьшуш меттиг бара. Цо  схьадийцарехь, кхин де да хIума а ца хилла, оццул шена йезаш йоллушехь, йохка ара яьккхина  яра  хеча.  Дагас  шегара  и  эца  лууш  а  вара  жима  стаг.
          - ДIавала! Ахь хIун дуьйца? – цецвуьйлара Дага. – Джинси хеча эца араваьлла ма вац со! Сом-ком  даккха  дагахь  араваьлла  ма  ву.
          Амма кху дуьнена тIаьхь мелла болу дуй биира чухиинчо и хеча шегара эцийта. Эха мехах дIалуш ю ша иза а элира. ТIаьххьара,  хьо дохко валахь, ша хьоьгара иза кIира  даьлча  схьаоьцур  ю  а  элира.  Юха  а  хечига  дикка  хьежа  волавелира  Дага. 
          - ТIуьна  ма  хета  сунна  хIара, - элира цо.
          - Юхкуш хилча, цкъа-шозза ас тIеюьйхина йолун дела, йиттитнера ас хIара        чохь йолчуьнга. Амма хеча якъа яллалц Iа йиш яцара. Сихха дала дезачуьнга дIакхачо дезаш  дара  ахча.
          Къарвелира Дага. Схьаийцира цо хеча, цунах йог1ург дIа а йелла. Мах хилла баьлча, жимачу стага дехар а дина ша ваха везаче дIа а вигитира. Цо шега ша схьавалорна схьакховдина нахарт схьа а ца ийцира Дагас.  Эха мехах шена хеча йитина хилча, товш   ца  хитира  кхунна  дукха хан йоццуш ша хечех дIаделлачу соьмех цхьа дакъа юха схьаэца.
          Цу дийнахь кхин дIасавига стаг тIе ца вогIуш, дукха лаьттира Дага, дог а этIаш. Хан яйа дагахь сканвордех а ловзара иза. Кест-кестта ша эцна йолу хечига а хьожара,      цу пелхьочу Iеха-м ца вина-те ша олий хеташ. Амма дика мах хилчух тера дара кхуьна. Ткъе шиъ  шо  кхаьчначу  шеен  кIантана  дIайала  сацам  бинера  цо  джинси хеча.
          Иштта хIара лаьтташ волуш, веана кхунна вевзаш волу цхьа накъост схьахIоьттира. Цуьнан цIе Iумар яра, наха цIе йоккхуш пондарча а вара иза. Кхушинна вовзар  ши-кхо шо хьалха Мангышлакехь хиллера, Даги гергара Эмидди бохуш цхьа стаг   волчохь. Цулла  тIаьхьа,  кху  цIахь  Дагас  кест-кестта дIасавуьгаш  вара  Iумар.
          - Ма дика ду суна хьо кхузахь нисвелла. Нахана лучулла, хьуна далар гIолехь     хета суна и сом, - даима санна бохура Iумара. Даима санна, и сом оьцур ма дацара ша  олий,  Дага  дуьхьал  а  волура.  Цо  иза  схьа  эццалц,  Iумар   Iан  а  ца  туьгара.
          Хоттуш дерг хаьттина а ваьлла, цхьацца дуьйцуш, Iумар ваха везаче дIаэцна воьдуш:
          - Кхин хIумма а дуй? – аьлла,   хаьттира  Дагас.
          - ДIавалалахь,  Дага, чIогIа  дог  даьттIа  ву  хьуна  со  тахана, - элира Iумара.
          - ХIун  хилла?
          - Вайша Мангыщлакехь ЭмиддигIаьргахь хьошалгIахь волуш, цо совгIатна йелла джинси костом яра суна: хечий, курткий цхьаьна. Хьуна дага ма догIа иза… Куртка лелина а яцара, цкъа-шозза йоьхнехь, кхин тIейоьхна  хеча а яцара. Сийсара хIокха чохь йолчо, хи чу а тоьхна  балкон тIе  хьалаоьллина   хеча  йехьна  сан. Ткъа х1усамаш шозлаг1чу  г1ат  т1аьхь ма ю  вайн.
          - Муха,  хьа  хьура  яра  цигара  хьан  хеча?! – инзарвелира  Дага.
          - Хьанна хаьа иза хьа йехьна, муха йехьна?  МIара а тесна, чуозинчух тера ду-кх цхьана  хIуманца.
          Iумар шен къамел дина а ца ваьллера Дагина «лоув» аьлла кийра цIе юьллуш. Машен юьстах а яьккхина сацийра Дагас. ТIаккха, цо Iумаран голаш тIехула дIа а кхевдина,  бардачок негIар  схьадиллира. Цу чуьра ша чубиллина болу цхьа Iаьржа целлофанан   тIоьрмиг  катоьхна  схьа  а  эцна,  Iумаран   голеш  тIе  охьабиллира   Дагас.
          Цкъа хьалха, «хIокху  х1ун до?», - аьлла, агIор а ваьлла Дагига схьахьаьжира Iумар.  ТIаккха, шен карара тIоьрмиг схьа а баьстина, цу чу хьаьжира иза. Газет этIа  а деш,  хеча  гуча яьккхира. Ши бIаьрг хьетIе белира Iумаран, ткъа бага гIаьттинчохь йисира.  Хеча, цхьа шеко а йоцуш, кхуьнниг яра! Иза цкъа Дагига хьожара, тIаккха   хечига  хьожара.
          Дага-м  оцу сохьта кхеттера цу балхах:
          - Маржа, Iумар, яI! Ма кхаж бели хьан, ма Далла везаш кIант хилла-кх хьо хила-м! Тахана оцу цхьана накъоста йицйелла йиснера хьуна и хеча кху машен чохь.  Цуьнга  и  муха  кхаьчна-м  ца  хаьа  суна.
          - ?!
          - «Гали  чу  биллича  а,  цхьамза  гучуболу», - бохург хIара ду хьуна. ГIоза леладойла ахь хьайн джинси барзакъ. И накъост гуча валахь, ас хьо волчу дIахьажор ву-кх  иза. Цуьнца дерг къастор ду-кх ахь.
          И дуьйцуш лаьтташехь: «Дависа цуьна, тахана-кхана вогIур вац те? Гена мела   дели а, хIуманна мотт ма Iема. ВагIахьара хIетте а, хьо волчу иза дIа ца ваита-м хала ма  дацара»,  -  бохуш,  карзахе  ойланаш  хьийзара  Дагин   коьртачу.





Отзыв под моей публикацией в Фейсбуке от 12.06.2018 года:

Zura Sulieva:
«Автора шен фамили ца язйинехьара а хуур дара суна, и мила ву: стиль Хаважиниг ю, и тайпа забар а цуьнан бен хила йиш яц. Т1аккха, дийцаран сюжет а ...хечина гонах "кхуьуш"ю.
Ч1ог1а эхь хета и тайпа ледара х1ума нохчичо леладо аьлча, амма и тайпа х1ума цхьаммо дина ца хиллехь, атта дагадог1ур дацара авторна.
Йоьлуш, ч1ог1а самукъадаларца дийшира ас и дийцар. Стиль А. П. Чеховниг ю, дукха цунах къаьсташ а йоцуш: к1еда забар, турпалхой - г1ийла, миска нах, хьехош ерг ... хеча - уггаре а "дегабааме" йоцу х1ума. Доцучу дийцарийн мастер ву хьо, Хаваж. Экономист а, яздархо а - ши пох1ма цхьаьнгахь хилар - иза, баккъалла а, доккха х1ума ду. Дала т1аьхье беркате йойла, Хаваж!»