Муха ду хьан дахар?

Радима Сумбулатова
Мухa ду хьан дахар,
Велар а, велхар?!
Муха бу хьан бахам,
Дуьненахь лехнарг?!

1ижадой дог а?!
Тохалой са а?!
Велалохьа х1инца,
Ма веллара хьалха.

Муха лаьтта хьан ц1енош?
Могуш буй хьан ц1ернаш?
Дитний ахь леларш?
Маьрша дуй хьан некъаш?

Хоийла хьуна,
Мел шортта ду хаттарш.
Со мича кхаьчна бохуш,
Ма бе ахь тамаша.
 
Дагадог1ий хьуна,
Сан дог а делхош,
Шийлачу кхоаца ,
Гулош марханаш?!

Дагадог1ий хьуна,
Сан г1ала юхуш.
Т1аьххьара дешнаш,
Ахь соьга олуш?

Муха ду хьан дахар?
Сох ваьлла вахар?
Со бара бахам,
Ахь и ма бахара.

Амма со йитина,
Лела хьо х1инца.
Дуьне делча йиш яц ахь бахара со хийца.

Муха хьо веха,
Ца кхоллуш латта,
Муха дуу дуьне,
Когаш т1аьхьа муха лаьтта.

Дог1анехь х1унда
ца доьлху хьан б1аьргаш?
Х1ара дуьне ца духуш,
Муха ду лаьтташ?!