Денойн хьесап

Петимат Абубакарова
 Шен ц1арах кхечунна ц1е туьллуш верг,иза мехкан К1ант хуьлу.Абузар Айдамировн ц1арах тиллира тхан дас тхан Воккхаха волчу  вешин доьзалерчу шоллаг1чу  к1антана.
Иштта дика  к1ант кхуьийла лууш.Иза доккха беркат ду.Абузаран безамна техкинн ц1ераш дуккха а нохчийн доьзалшкахьа ю.
 Абузар,халкъан яздархо,Советан заманахь а,и Советийн мур керчинчул т1аьхьа а къомо даггара къобалвина,т1елаьцначех вара.
Цуьнан трилоги "Еха буьйсанаш","Лаьмнашкахь ткъес","Дарц"-цуьнан дахаран коьрта идея,ойла хилла сецира.
 Абузаран кхолларалла талла ма-еззара талла езаш ю,к1орггера.Таханлера Замий,цуо трилоги язйина Замий- шина оьмаран ши дакъа,тайп-тайпана яра...
Литературни критик волчу Казбек Байсалович  Гайтукаевс  лаккхара мах хадийна А.Айдамировн кхоллараллийн шен "В пламени слова"("Дешан алунехь") ц1е йолчу
публицистическин статьяйн гуларехь.Цунна т1е а тевжаш,дуьххьара Абузаран "Еха буьйсанаш" книгех дош ала х1оьттира со,студентка йолуш,амма доккха пох1ма а ,1илма а дезара къоман бакъволчу яздархочун йозанаш даста.Уьш историн хронологи хиларан шеко яц,ткъа церан уггаре а коьрта кхиам а бу уьш кхин д1а евр йоцу историн аг1онаш хилла йисар,истори-м лиъча хуьйцу,ткъа Лев Толстойн "Т1оммий,машаррий" санна,Дуьненахь йиса,йовза еана хилла "Еха буьйсанаш" роман...
 "Дарц"-обарг Зеламхин дахар. Романан мехалалла оццул луьрчу 1есачу  муьрехь динах лаьцна пайлдехьдерг. Масала, Ясин доьшу романехь сих-сиха,ламазан хенаш хьехайо,до1анаш до.Амма цхьа х1ума билгалдели суна:иман ледара хилар ,я роман т1ехь г1алат." Ламаз хан юкъал т1ехтилира,1елий ,Зеламхий 1аш". И масалш сих-сиха.Юха ойла:иман ледара хиларна хилла те вайн къоманна т1ехь цхьацца та1зарш.
 !994-1995 шерашкахь "Мила ву т1амна бехке?" -хаттар кхолладелира вайн хаамийн г1ирсашкахь.1илман нахе а,кхоллараллин адамащка а дара и хаттар уггаре хьалха.
"Мила ву кху т1амна бехке" аьлла цхьа яйчу кепехь байташца жоп делира аса а. Т1амна бехке адам ду -Да вериг Адам,нана ерг Хьава,адам ду массо а зуламна бехке.
Даим хетта муьлха а хало адам зуьйш доуьйту-кх аьлла,х1ета аса цхьана а тайпана жайнеш ца дешнера,амма Абузар вешнера.Цуьнан романашкахь а яра Бакъо харцонех хьаьрчина даим къийссамехь.Гиххойн Со1дулла,Кундухан Муса...иштта кхин д1а а турпалхой кийча бара шен дуьхьа мохк бохка..."Еха буьйсанашкахь" ма-дарра гайтина иза.Иман г1ийла хетаран бахьана-х1ета яздан йиш яцара динах лаьцна,1едална товчу  аг1ор гайтина а нохчийн къоман истори йовзийтар а яра йоккхачех цхьа 1алашо.
 Хьекъал,кхетам цхьаьна ца ийча толур дац нохчийн г1уллакх.Къахьегар а,дош а цхьаьна ца ийча а.
  Вайн г1алаташ довзийта,д1а1охьа цалааро гуттар т1аьхьа тоьтту вайн къам кхиарна. Вайн ур-атталла критика а яц ларт1ехь кхуьуш:вовшашна дош ала йиш яц,г1иллакхехь дац,бохуш.
Оцу бахьанашна дуьхьал язйина яра аьлла хета Абузар шен дахаран жам1а деш,вайн буха йитина публицистика "Вайн амалш".
Дуккха а кхачамбацарш дилийтина вай вешах,т1аккха бохамаш лаьтта.

                2006-2007 шераш