Жималлера шира аьзнаш

Абу Исмаилов
(берашна а, кегийрхошна а лерина)

Дуьрдин Хьату, дукха къена вацахь а, кхузткъе итт шо кхачанза, воккхо стаг ву.
Орцал лахахь БIонекъаца Iуьллучу цхьана эвлахь дIадоьду цуьнан дахар. ГIийла хьоьжу иза гондахьарчу Iаламе. Хийцамаш дукха бу.
ХIара жима волуш хилларг данне а дац.
Тахана юьртан урамнекъаш дуьззина дIасахоьхкуш ю машенаш. ГIашло наггахь бен ца хаало.
ХIетахь, нохчий шайн дай баьхначу махка цIабирзича, эвлаюккъе ваьлча кхин сурт гора.
Сарахь - Iуьйранна даьхний Iоьхура... Котамаш декара. Урамашкахь кегийнах, мехкарий, бераш хуьлура. Дахар кхехкара. Аренашкахь ялташ кхиадора. Бошмашкахь стоьмаш бара. Эвлайисте аравала, дуьнене бIаьргтуоха меттиг яра.
Ткъа хIинца и аренаш екъна, наха шайн долайохуш дIалецна.
Бажа бажо меттиг ца йисна.
Хьалха аренца Iохкучу ярташна юккъехь пхиъ-итт чакхарма хиллехь, тахана и ярташ вовшахкхетта.
Малбалера Iаларой -эвлара дуьйна дIа малхбузе Буммате кхаччалц йолчу яккхийчу а, кегийчу яртех цхьа юрт хуьлуш йоллу.
Дукхах болчу нехан керташ, юьйш-лелош йоцуш, къух даьлла лаьтташ а ю.
Шен бераллера а, жималлера а  цхьа шира аьзнаш хеза Хьатуна иштта ойланаш кхоллаелча.
***
-IуьI-Iа-ре-Iуь-у-у! - тIемаш а тоьхна, бIаьлланган серий а дуцуш йинчу, керта тIе хьала а кхоссалой екара боргIал.
Малх гIушлакхехь бара.
***
-КIа-а-кIа-кIа-кIа-а!- бохуш, лулахойн кертарчу такхора юккъера ара а яьлла. уьйтIа йогIуш шайн бероза котам а гина, Хьатун дас Дуьрдас аьллера:
-Нахана хIоаш а деш, тхуна "кIа-кIа" бохуш хьо лелар ю моттахь, бакъ дац хьуна.
Цу сарахь бероза котамах шайна пхьор динера цара.
***
Кхехкийна хIоаш а тухуш, етшурица ахьар а хьакхийна, мижарг беш яра Хьатун нана Буча. Цуьнан кучан юх а лаьцна, "Бап-па!", бохуш, мижарг боьхура, хIетахь когаяха гIерташ йолчу, Хьатун йоIа КIужас.
-ХIан! Бабин хаза цуьйци ду иза,баа хьайна! -Мижаргах жимо карчолаг а йина, бере кховдийра Буча.
-Цуьйци! Цуьйци! Схьадола! -  мохь туьйхира цо, лохачу гуьйриг тIе охьа а хууш.
Селхана тевна а даьккхина, дозаллица кхечу шен эмгаршка дIаса а хьоьжуш, месех йина можа карчолгаш санна долчу шен кIорнешна доладеш хьийзаш йолу, къорза котам, Бучин аз хезн.а, цунна тIейолаелира.
Аьчкан серах  йинчу кIари чу мижарг тийса йолаелира Буча. Наний, цуьнан кегий кIорнеш кIари чохьадевлча, неI дIакъевлира цо. Кхийолу котамаш дIа а къахкош.
***
ДIанехьо ежаш бацалахь лелаш нана-москал яра шен ши кIира кхаьчна долу къорза кIорнеш тIаьхьа  а хIиттийна. Церан а яра шайн кIара.
-ЧIов! ЧIов! ЧIов! - аьлла мохь туьйхира Бучас, оцу кIарин неI схьа а йиллина цу чу мижарг а охьа а тосуш.
Шайн ненал а хьалха а евлла едда йогIура москал-кIорнеш. Уьш мелла а Iеминера оцу шина кIиран чохь. "ЧIов! ЧIов! ЧIов!" - хезча мерза мижарг хир буй хаьара царна.
***
-ЦIугIаш! ЦIугIаш! Схьадуьйла, жарж баа! - аьлла уьстагIий тIе а кхойкхуш. хьоьхан хен а огуш, динчу а гуй чу жарж бохка волавелира Хьату. Жерчашна юккъехь къаьсташ дара кIайчу басахь кIинжаш йолу кегий Iахарий.
_-Бакхар! Бакхар! – дай-й  куьг хьокхуш хьаьстира цо царах цхьаъ.
***
Де суьйренга лестинера. МаьркIаже яра тIегIерташ.
-Валол кIант, говра а хаий, и етт эсий, стерчий цIа даладе! - элира Бучас Хьатуга.
Расхачу алашина гаьллаш бага а тесна, хьалакхоссавелла яйдакх говра а хиина:
- Но-о! аьлла дIайолаялийтира Хьатус  говр.
Цхьа ах сахьт далале  даьхни   лаьллина уьйтIа кхечира иза.
-Тпр-ру, Тпручи! - аьлла, говрара охьа а вуссуш, шен алаша хьостуш,  цуьнан ехачу вортанах куьй хьаькхира Хьатус.
Му-у! Му-у! -Iоьхуш богIура хьалха баьлла етт. Цуьнгара шура йоккху хан хиллера.
-Етша. Етша! Схьабола!- бохуш,  аттана хьалха жимма сийна докъар а тесна, лохачу гуьйриг тIе охьа а хиъна. етт бетта йолаелира Буча.
-Мимша! ДIадала новкъа а ца гIерташ! - шен букъах муцIар Iуьттуш доллу эса дIачовхийра цо.
-Пису! Пису! - Схьадол! - аьлла жимачу бошхIепа кIеззиг  шура а йоьттина, цициган кIорни тIейийхира Бучас.
-МаьIу! МаьIу! - бохуш, шен кIорнел а хьалхе а иккхина дедда догIура мокха цициг.
- Цист! ДIадала хьо къанделларг! Дало хьайна дахка лаца! - аьлла нана дIа а эккхош, цуьнан кIорнига шура малийтира Бучас.
ДIанехьо кертал дехьарчу сийначу хьажкIашна тIекхача гIерташ боллу етт а гира Хьатуна.
-Хьойц! Хьойц! ДIабала цигара! Тоьур  ду ахьа тахана мел йиъна буц. Жимма нох даккха! - аьлла етт, эсий, ши стуй дохнан керта чу а лаьллина, дуьхьала зIар хIоттира цо.
-Хьату! - элира дас Дуьрдас. Кхана ирзу долчу хьала а вахна, докъар цIа дан деза вайшиммо. Оцу ворданан семанашна хьакхар а хьакха, дукъ муха а ду а хьажа, лезанан гIуркх а, муш а кечбе. Цхьа леза йоьттина йол йохьуш, цIавогIур ву вайшиъ.
-Дика ду! – аьлла, кечам бан хIоьттира кIант.
Iуьйкъана гIевттинчул тIаьхьа шайн ламазаш а дина, юург а йиъна а сай, бодий къаьстича, шуьста дIа а боьжна, орцал тIехьа хьалаваха новкъа велира Дуьрдий, Хьатуй. Ворданан цIа чу тесначу сийначу докъарна тIехь агIор ваьллера да. Хьату уьгIазлакх тIе а хиъна Iаш вара.
-Цоб! Цоба-а! - олуш наггахь стерчашка вист а хуьлуш,  церан парталчу боларца хьалавоьдура и шиъ.
Орцал т1ехьа хьалабоду и шира некъ хьийзаш бара. Гондахьа некъан шина а агIора хьун яра. Некъо гола тухучу кхочучу хенахь:
-ХIолдухьа! -олий мохь тухура Дуьрдас. Стерчий, юьхь лаца ца оьшуш, некъ хьаьвзинчу агIора дIадоьрзура. Iемина дара уьш.
ДуьрдагIеран шайн кертарчу массо дийнатца буьйцуш шатайпана мотт бара. Уьш вовшех дика кхетара. Уьш бертахь бехаш-Iаш бара. Церан кертахь беркат шортта дара.
***
И башха зама а, бакъдуьненчу дIадахана долу, шен да-нана а дуьхьалтесча, ойла юткъой, мелла а  вухий хаьвза Хьату. Юха а цхьана йоццачу ханна ша жима а, къона а хиетало цунна.