Книга жизни

Сулейман Аутаев
  Аутаев Сайтадлан (Сулейман – Хаджи) Салаудинович – 11 января 1958г.р.
Высшее экономическое образование.
Горский сельско-хозяйственный институт окончил 1983г.
Каирский высший Исламский институт, окончил магистратуру 2000г.
Дипломатическая академия МИД России.
Окончил высшее дипломатические курсы 2002г.
- Действительный государственный советник Чеченской Республики – 1 класса.
-Заслуженный экономист Чеченской Республики.
- Известный богослов, религиозный деятель.
Работал в системе Минсельхоза ЧР, ст.экономистом, гл.бухгалтером.
Одновременно учился у известных богословов Чеченской Республики, работал заместителем Муфтия Чеченской Республики.
С 2000 года работает в Постпредстве ЧР при Президенте РФ.
Работал советником, начальником отдела, заместителем.
С 2008 года по настоящее время работает Первым заместителем Полпреда ЧР при Президенте РФ.
Вышли 2 книги – «Истина закията» - 2006г. И Исламское уголовное право.
В 2016г. вышел поэтический сборник.
Писать начал в начале 80-х годов.
Награжден медалью за заслуги перед ЧР
Орденом за заслуги перед Уммой(ДУМ Северного Кавказа) и другими общественными наградами.

               

                1ЕЛА

Турпал -1елийн г1аларт ду
Кийра буьззина 1илма ду
Багахь лиэбеш хаза мотт бу
Нохчийн оьзда амал ю.

Даймахкана тешаме ву
1илман уллохь доьнал ду
Оьшучу меттехь собар ду
Халкъ кхиорна сема ву.

Дений, Нанний аьхна ву
Йиш – Вешица мерза ву
Шен доьзална хьехаме ву
Нохчийн къоман беркат ду.

Даржехь локхал езаш вац
Цхьаьнца хьаг1, я гамо яц
Амма харцонах бакъо йина
Шен ц1е яккхар дезаш вац.

1ела,хьуна бан
Кхи дика болх бац
Деле до1ийца хьо вехар бен
Хьан кхиамех дог делар бен.

Дела диканна, хама беш ву
Шен 1илманца, бакъ луьйш ву
Делах кхерарца, Далла 1амал ярца
Тептар яздеш къахьоьгуш ву.

Ткъа аса дешдерг Ден къамел ду
Иштта хьо хуьлийла, сайна лаар ду,
Схьа гуш долу сурт, аса ма бохха ду
Иштта хиларе сатуьйсуш ву.

Массо Ден к1ант динехь нисвелча,
Шен Ден-Ненан сий лардеш хилча
Кийра буьззина нохчалла долуш
Оьздангалла, г1иллакх лардича.

Ма хаза хира дара Нохчийн лаьмнаш,
Хьаъна дуьйлу шовдан татолаш
Ма хаза хира яра Даймехкан аренаш
Ма товш хира дара Нохчийн Къам.


                --------

                1ожалла

1ожалла! Къайлах дац хьо йог1ург хилар
Язйина азаллехь х1оранна а хьо.
Вац хьуна со к1иллуо, я тешха вац со
Делахь а,1ожаллех кхоьруш-м ву со.

Лолал деш кхоьллинчу везачу Далла
Д1айоьду Дуьненахь аса йоккху хан.
Хиларна 1есачу Дуьненахь вехаш,
1осаллица иэелла цхьайолу хан.

Цундела боьзна аса сайн кхоллам хьоьца
Хьоьца барт хилар а лоьхуш ву со
Къинхетаме сатуьйсуш, гечдар а доьхуш
Ву хьуна со хьо йолчу герга г1ерташ.

Со муха хир вара 1ожална Эла!
Хила ма веззара, лай а вац со
Я, Аллах1, хьан лай вукха, ша хьере хилла,
Шен ши б1аьрг хихбуьзна, хьоьга кхойкхушвериг.

Веза Дела, хьо вукха рицкъ латтош вериг.
Ткъа оха лелош дерг, бахьанаш бен дац.
Мел ч1ог1а къахьоьгуш, хьекъарах ялта
Дебошверг, кхиошверг, хьо воцург-м вац.

Дуьненан аренаш, ламанан шовданаш
Бес-бесар олхазарш бешболу узам.
Дерриге а дуьсуш ду, валаро кхачош ду
Массарна а хантоьхна 1ожалла ю.

Яздинарг дуьсуш ду, аьлла дош лиэла
Х1ора а дашах вайга хоттур долуш ду
Дешнаш-м хуьлу, декъалвеш я дакъазвоккхуш
Г1оледерг, Далла гергахь карондерг ду.

Мел йоккха ц1е йолуш яздархо хиларх а
Сан даго т1е иэцац дин сийсаздар
Галваьлла яздиначунна, гечдар а доьхуш
Ларде вай язбечу мог1анийн сий.
               
                ------

                БЕЗАМ

Дуьне мел доккха ду
1алам мел хаза ду
Вайн оьзда мехкарий
Дахар хаздеш бу.

Нохчийн сийлахь къам
Динца нисделла ду
Тешам, комаьршо
Г1иллакх, церан стом бу.

Буьззина кегийра нах,
Эсала Мехкарий,
Сов мерза безам бу
Ларбан доьналла ду.

Безам, махке бу
Лерам, къаношка бу
Зударийн сий дарца,
Къонахий кхуьуш бу.

Дуьнене Безам!
Иман г1елдеш бу.
Йо1е болу Безам!
Дуьне доьзуьйтуш бу.

Аллах1, я Аллах1!
Хьо везар-Безам.
Ялсамане со
Вуьгур волуш бу.

Хьо везар – Безам.
Сан 1алашо ю
Хьан къинхетамца
Декъал хилар ду.


                Бералла

1уьйранна схьакхеташ малх байни шуна?
Суьйранна гучуболуш бутт байни шуна?
Дей, буьйсий хийцалуш д1айоьду зама
Заманца д1айоьду Вайн бералла а.

1уьйранна корехула чукхеттачу серлоно
Набарха яьккхина вайн бералла
Б1аьргнег1ар тохале, т1ехьа хьажа ца кхуьуш
Боданехь къайлаели, гурйоцуш кхин.

Лечкъаргех ловзур вай, т1амах а ловзур
Деха де чекхдолур, д1а-схьа хьажале.
Тиша мачех машен йой, г1амаршкахула хоьхкуш.
Самукъадолуш яха хьо бералла д1а.

Кегийрхойн мог1аршкахь нисдала г1ерташ
Дуьненан низамца тардала г1ерташ
Цхьацца х1уманах 1ехалуш, даккхийра а дедеш
Жималла а д1а яха, бераллийна т1аьхьа.

Х1умма дац, реза ву Делан кхоьланна
Дала сайна еллачу ирсечу ханна
Дуьсучу Дуьненах хьоьгуш вац, амма!
Сатуьйсу хиларе чаккхе сайн сирла!


11.07.2017г.

Сегодня скончался Народный артист Чеченской Республики,
поэт и исполнитель Имран Усманов.
Ему я и посвящаю этот стих.
Дала геч дойла цунна.

Бисмиллах1иррохьманиррохьийм
Къул х1уваллах1у ахьад.
Аллах1уссомад. Лам йалид,
валам йулад.Валам йакуллах1у
куфуван ахьад.  Аллах1у Акбар

Бисмиллах1иррохьманиррохьийм
Къул а1узу бираббил фалакъ.
Мин шарри ма холакъ.
Ва мин шарри г1осикъин
Иза вакъаб.
Ва мин шарриннаффасати фил 1укъад
Ва мин шарри хьасидин иза хьасад.
Аллах1у Акбар.

Бисмиллах1иррохьманиррохьийм
Къул а1узу бироббинаси
Маликиннаси.Илах1иннас.
Мин шаррил васвасил хоннас.
Аллези йувасвису фи судуриннаси
Минал жиннати ваннас.
Аллах1у Акбар



                Брату Аднану посвящается Ваша
               
Лааркха сайн Вешех
Цхьа-ши дош ала
Иза дешнаш аларца,
Цуна там хила!

Ала тамехь долуш дешнаш
Дуккха а хиларна
Ойла кхерсташ д1аяхакха
Д1аяхна хан!

Массо а дешнаш юькъера,
Цхьацца хьаьрк схьаоьцуш
Гулдина, кечдина
Дукха сан ши дош!

Кегийра тхо долуш
Тхан Дас олура
Дешан неха къамел
Хезна шена олий!

Доьзалехь барт хира бац
Жимахчу ца  ларахь Воккхахверг!
Воккхачуьна жимачух
къинхетам ца хилахь!

Соьгара мелла а
Ледарлонаш йиларх
Къинхетаме хила хьо
Сан сийлахь Ваша!



Ваша волчу хенахь
Дика Ваша хилла хьо
Вайн Да д1акхелхича
Ден метта хоьтти хьо!

Дика доттаг1 хила хьо!
Дика лулахо хила хьо!
Вайшиннен дикачу Ден,
Г1аларт а хила хьо!

Дуккха а вехийла хьо,
Ирсе а хуьлийла хьо
Хьан г1о а ма гойла
Хьо везачарна!



                ВЕСЕТ
Делан езачу ц1арца
Дола до аса сайн весет
Хастам а Далла барца
Хаза до аса сайн весет.

Сий долчу Элчанна
Салават дилларца
Цуьнан нуьро серло луш
Яздо аса сайн весет.

Уггаре хьалха суна лаьа
Шуьна д1ахоийла.
Массарна а со къинт1ера,
Делан доьхьа ваьллийла.

Дехар деш кхайкхам бокха
Соу вевзанчарга
Суна а довлийша
Шайн тарлахь къинт1ера.

Аллах1 цхьаъ варца
Хилла вай вежарий
Мухьамад бакъ варца
Хилла вайха Уммат.

Делах ша кхийринарг,
Сийлалле даржехь ву.
Сий долчу къонахчо,
Шен вешийн сий дийр ду.

Весет до аса шуьга
Бусулба вежарий.
Дахалаш шу бертахь
Вовше беш хама.

Барт болчу доьзалехь
Беркат оьшур дац
Иманца шу хилахь
Т1аьхьенна б1аьрг боьлхур бац.

Ницкъ маббу г1ирта со
Дахаран новкъахь
Пайхамаран лара т1ехула
Г1улч йоккхуш ваха.

Нисделларг – Делера ду
Галдаьлларг – Шайт1анера ду
Ткъа со-мма доьхуш ву
Дала сайна гечдар.

Хастам бу вай Далла
Бусулба кхолларна
Да – Нана реза дан
Баларна ницкъ.

Хаза доьзал кхиарна
Дог хьостуш хиларна
Юьхь к1ай ахьа со варна
Дозалла ду.

Кхоьлийна де дог1ур ду
Деле со воьрзуш.
Сан таьптар д1а къовлуш
Сан 1амаллех.

Неха кхардам ма белаш
Дукха дохий ма хилалаш
Кхочар ю массарна а
1ожалла т1е.

Сан к1ентий, мехкарий!
Йиш-вошалла ларделаш
Дахалаш иманца
Барт болуш шу.

Сан весет ду шуьга
Шайн Дай сий ларделаш
Шай нанош техкина ага
Диц ма делаш.

Бакъонна т1аьхь хилалаш
Харцонах  ларлолаш
Юьхь к1ай долуш яккхалаш
Шаьш йоккху хан.



25.09.2017г.


                ВИЦ МА ВЕЛАХЬ СО

Виц ма велахь Со!
Берийн-беро зуда ялийна
Ганза хан яьлла хьаша воьссина
Дера ду хьан самукъа.

Виц ма велахь со!
Къегийна кхетта малх а болуш
Хаза деанчу б1аьстенан дийнахь
Дера ду хьан самукъа.

Виц ма велахь со!
Ч1ег1ардиго бен бан болийча
Мукъаме юьйлуш к1орнеш яйчи
Дера ду хьан самукъа.

Виц ма велахь со!
Жималлех самукъадолуш
Вайшиъ доцург х1умма а дуй техьа.
Кху дуьненахь, аьлла хеташ
Вайн безамах 1алам хьоьгуш
Цхьана яьккхина беркате хан
Йиц ма елахь цкъа а.

Нохчийн маттахь дош ца кардеш
Сайн дог къуьйлуш, безам балхош
Кхоьруш хьо сайн карар яларна
Кхойкхуш Деле, до1ийца йоьхуш
Дала суна делла совг1ат,
Виц ма велахь со!

Лайн чим кхоьссина шело хоьттина
Дег1о ма хетта аьлларг ца деш
Чувог1ушверг хийра ваьлла
Оццал хала кхиийна доьзал
Шайн х1усамашкахула д1а-схьа бевлла
Хьо цхьаъ йисинчу шийлачу х1усамехь
Со дагалаций, ела а къажий
Вайшинна дахар карладаккхий
Сан къиношна гечдар доьхуш
Ялалахь къинт1ера.

Хьо йисинчохь Суна елхалахь
Диканиг бен дага ма даиталахь
Деле кхойкхуш вайшиъ доьхуш
Хьай йисан хан чекхяккхалахь.
31-05-2017г.

                Воккхачу стеган хьехам.

Жима къонах! Соьга ладог1алахь!
Аса цхьа хьехар дийр ду хьуна
Дуьненахь Вай йоккхуш йолу хан,
Эхартана кечам бу хьуна.

Тахана-кханий кхуьур бохуш
Жималла гуттара лаьттар моьттуш
1ехавелла, самукъадолуш
Дуьненахь хан ма яккхалахь.

Аллах1 цхьаъ веш, Элча бакъварца
Иман долуш бусулба велахь.
Далла 1амал ярца, хьаставаларца
Дег1ан меженашка къахьегийталахь.

Ц1ена х1ума гуттара къегина хуьлу хьуна
Куьйгаш 1итта ца дезаш болх беш хуьлу хьуна
Хан мел ели а тишлуш, сий довш
Хьан дахарера къайлайолу хьуна.

Иштта Дуьне а кхоьллина ду хьуна
Вайх х1ораннах дуьсур долуш
Къоналлехь вай йина 1амалаш
Къеналлехь вайна карор йолуш.

Дика къонах хьалха хьайн чохь хилалахь
Собар долуш оьзда хилалахь
Хьайн доьзалехь ж1алех леташ,
Нахан велар къонахалла яц хьуна.

Массо х1уманна чаккхе ю хьуна
Чаккхе йоцург эхарт ду хьуна
Тахана динарг карор ду хьуна
Хьайн т1аьхьене ойлаеш хилалахь.

Элар-бахар даьхне дац хьуна
Т1ехьаш лер а  оьзда дац хьуна
Ахьа мел дукха еш 1амалш ярах
Ял хир йоцуш зен деш ду хьуна.

Хьайн Дай-Ден Дай сий долуш хиллехь
Церан ц1ераш сий доцчу ма яхийталахь
Дай сийлаллица, церан дозаллица
Сийлалле кхача ма г1ерталахь.

Массо адам реза дан г1ертарах
Цу т1ехь хьан ниц1къ кхочур бац хьуна
Ницкъ кхочуберг, кародерг а,
Аллах1 реза ван г1ортар ду хьуна.

Сан хьехамах пайда эцалахь
Хьайн жимачу дег1ах къахеталахь
Валар ду хьуна когашна к1елахь
Эхартана кечам белахь.


                Г1АН

Цхьана дийнахь 1уьйренца
Самавелар со.
Корехула чукхетта
Маьлхан з1аьнарш.

Сайн дег1 дай озийна
Г1аьттира со
Хастам беш Вай Далла
Денварна со.

Сан Нана яра
Бод хьакхош ч1епалгаш деш
Ден аз дар дай хезаш
Забараш еш.

Стаг! Хьо ма хьевелла
Ц1а ван ца туьгуш
Ч1епалгин чам ма бац
Довхадолуш ца диъча.

Схьа хезаш дара
Сан Ден аз, хезий хьуна!
Ма гаттаде ахьа суна са,
Хила синтеме.

Массо а х1уманна
Чам болчу меттехь
Хьо яре сатуьйсуш
Хьоьжуш ву со.

Ден-Ненан къамелах
Самукъадаьлла
Хаза хетар сан даьлла
Хьала иккхира со.


Корехула ара хьаьжча
Лайн чимаш дара
Дехьачуьра мохь бетташ
Сан Нана яра:

«Ч1епалгаш даий Вай
Сан хьоме к1ант
Самаха схьахезаш
Ненан аз дара.

Иштта хилара
Г1енаха со 1ехавалар
Ден-Ненан хазалло
Со г1аттавар.


21.03.2018г.



                ГЕРГАРЛО

Цхьа гергара стаг ву сан
Юьртара воцуш
Тайпанца-тукхумца
Юххера волуш

Вац иза сан Дехойх
Я ненан аг1о
Я тунзахойх х1ухьакхаделла
Лерам хила безаш.

Амма вуьззина Нохчий ву
Шен амал йолуш
Гергарло хотта а
Лелон а хууш.

Иман долуш
Цу юххехь собар а долуш
Гергарло х1у ду хууш
Г1иллакх а долуш.

Оьшучохь Ваша а
Доттаг1 а ву иза
Накъостал иэшначохь
Дика г1ортол ю иза.

Цхьана х1умане сатуьйсуш
Тасаделла гергарло
Сатийса меттиг д1абаьллачи
Мадарра гучадолуш ду.

Делан доьхьа, вошаллийца
Тасаделла гергарло,
Де-дийне мел дели
Воккха вен-веш беркат ду.

Хастам бо аса Далла
Сайна цо валарна
1илманца ларам болуш
Коьмаьрша шиъ куьг долуш.

Кийра буьззина доьналла,
Хьекъалца кхетам болуш
Сий – ларам а болуш
Гергара Къонах.

Вехийла хьо дуккха а
Яхь йолу къонах
Къонахий кхиийначу
Хьайн мехкан сий деш.

Ткъа со а вехар ву
Вайн Деле кхойкхуш
Хьо санна болчу к1енташна
Ницкъ – г1ора доьхуш.


31.03.2017г.

                ДАГАЛЕЦАМАШ
 
Ма хаза яра, сан бераллийн хан               
Ламанийн баххьаш, хьаннийн бошмаш
Хаза 1алам, сийна стигал
Малх схьакхетар, бутт ц1инбалар…..

Иза дерриге а сайн тарлора
Дех-Ненах дозаллаш дора
Цу шинге а хеттарш а дора
Церан хьехаме ла а дуг1ура

Адамийн сибаташ самукъане дара
Вовше белабелла, бекхабелла бара
Лулахь массо а хьан гергара вара
Тайпанаш къестош, къамелаш дацара.

Хьал – бахам а цхьабосса бар
Вовше кураллаш – дозаллаш дацара
Юъчуьнца – молачуьнца ирс эцар дар
Т1етт1аэхарца вошалла а дар.

Иза дерриге а нохчийн бух бара
Нохчийн орам, сийлалла яра
Иштта хира ду аьлла, дог тешна дара
Амма, хетарг хуьлуш ца хиллера.

Вай баккхийчара дуьйцуш хезнера
Эзар исс б1е  шовзткъе доьалг1ачу
Шарахь Вай къам Сибрех дигара
Боккха бала Вайна т1ебоссара.

Цара иза дуьйцуш, наггахь хеталора
Ма дукха юьйцу цара и «Г1ум Азе»
Тидам ца бора, б1аьргах дуьйлуш
Охьаоьхучу хин т1адамийн.

Кхойтта шарахь, махках даьхна
Шаьш яьккхина хан хьалхахь хуьттар
Шайн доьзалшна хьехам хилийта
Кеста-кеста и зама карла йохар


Иштта д1аелира бераллийн хан,
Даккхий хуьлуш, доьзалш кхуьуш
Адамийн Дахар толуш, хазлуш
Нохчийн махках дозаллаш деш

Х1инцам парг1ат Дахар хира дара
Далла 1амал еш, хьайн къа а хьоьгуш
Аьлла хеташ Вай 1аш долуш
1аьржа мархашца бода беара.

Вайн авлияаш дийца ма дийццара
Совет 1едал стоьла т1ехь дуьйхира
Адам юха а карзах дуьйлуш
1ожалла лоьхуш араделира

Оццал бертахь, хаза 1аш болу
Нохчий декъашка бекъа белар
Вайн къам юха а бале лоцуш
Оьрсийн эскар махка деара

Х1ора кертахь а тезет хуттуш
Наной боьлхуш, бераш доьлхуш
Велларг д1аволла аьтто боцуш
Б1аьрздина хьовзийра вайн декъаз къам

Вайн баккхийчара дуьйцуш хезна
Ц1ера дахар карла делар
Дуьне мад-ду д1а-схьа даьржина
Вайн къам юха а пана делира.




Сан 1алашо яц, бакъ-харц къесто
Иза къастон верг Вайн Аллах1 ву
Тахана гуш долчу хазачу хьолах
Ала дезаш шиъ-кхоъ дош ду.


Вай хам ца бахь, пусар ца дахь
Оьг1аззаллица къамелаш дахь
Геннара д1а-схьа яппарш а еш
Къам сийсаз деш г1ара а дийлахь.

Балам юха а чубог1ур бу
Иза генахь бац, ладоьг1уш бу
Вай нисделла барт цхьаъ хилахь
Синтем болуш Вай дехар ду.

Б1аьргашна гуш долу Дуьне-1алам
Бераллехь санна къегина, хазделла
Веша нияташ Дела дуьхьа ц1андина
Даймохк балех ларбийр бу вай!



                ДАХАРАН ЖАЙНА

Дуккха а зама яьлла
Со яздан волавелла
Чакхдалаза ду сан,
Дуьххьара жайна.

Я хууш вац со,
Маца хира ю чаккхе
Я муха хира ду сан
Т1аьххьара дош.

Де-дийне дуьйлуш,
Д1айоьду зама
Вай вовшех къесташ,
Гур доцуш цкъа а.

Сан жайна а ду,
Заманца язлуш
Совдолуш, стамлуш,
Сихвина Со.

Хуур дац цхьанна а,
Жайнан чулацам,
Я цхьаммо хадор бац,
Сан дешан мах.

Со – суо а ву яздеш,
Ойлано хьоьстуш.
Сатуьйсуш кардаре
Т1аьххьара дош.

Вайх х1ора а яздеш ву
Дахаран жайна
Дуьненахь цхьаммо а
Мах хадор боцуш.

Къематан доккхачу
Барт хоттучу дийнахь
Кховдор долуш вайн кара
Доьллур долуш схьа.

Я Аллах1, я Робби
Цхьаъ волу Дела
Дог доьлхуш до1ийца
Доьху ас хьоьга.


Дуьненахь ас яздина
Сан жайна – тептар
Аьтто кара кховдадар
Со декъалвеш.


                ДЕКЪАЛ ХИЛАР


Ни1матана хама беш хилар,
Хьекъал хилар ду
Бала боьссича собар хилар
Доьнал хилар ду.

Шайн къиношна гечдар дехар
Делах кхерар ду
Делах кхерар, хууш ма хиллара
Декъал хилар ду.

Дуьненахь хьайна Дала деллачух
Эхарт лахалахь
Хьайн дуй хууш билгалла даьлларг
Дицдай ма диталахь.

Локхалле кхача ма г1ерталахь
Иза боккха тешам бу
Тешам ларбан ницкъ ца тоахь
Дакъаз валар ду.

Иман – Ислам Бусулба дин ДУ
Ихьсан – хазалла ю
Дин довзарехь лаккха а валий
Декъал хилалахь.




                ДЕЦА ДЕН КЪАМЕЛ

Валанза-ма вера ма вац,
Аллах1-Дела воцуриг,
Иза-м вайна бераллехь дуйна
Хууш а ма ду

Делахь а сан Дада,
Хьо везар марзоно,
Хьан хаза юьхь-сибат,
Хьалхахьа-м хитта до.

Дикачу Ден чам,
Баккхийта ахь тхоьга,
Иманехь, хаза доьзал,
буха а битакх.

Ден декхар дуьззина
кхочуш-м ди ахь,
Ткъа оха х1ун дер техьа
Къемата дийнахь

Ден а, Ненан хьакъ,
ма ч1ог1а дуьйцукха
Цу шинне шукар дар,
ма деза дуйцукха.

Тахана мелла ч1ог1а еш
Аса ойла ярха.
Хьан хьокъах со валар,
Гам ца го суна.

Иза дац хьуна,
Хьан лаамех со вийлина бохург,
Хьан хама а ва боцуш,
Со лелла бохург.

Ца ваьлчи ца валарна,
Ц1ера ваьлла леларца,
Хьуна генахь яьккхина хан
1аьтт1акха суна.

Х1ора дийнахь, шозза-кхузза
Къамел дора вайшимма.
Юха-юха хоттар ахьа,
Хьо ц1а маца вог1а?

Дала мукълахь,
Кеста вай гурду хьуна олий,
Хьуна хаза синтем бан,
Г1уртара со.

Хьо со волчу схьа валош,
Хьуна там бан г1ерташ,
Со ц1а веача а,
Хьуна юххе хьерчаш.

Ма самукъа долар хьа,
Вай цхьана гулделча.
Ма г1айг1ане хьийзар хьо,
Къаьстачу дийнахь.

Ма йоккха г1ортол
Д1а елакха сан
Дага вала меттиг а,
Д1а белакх сан

Аса з1е хьовзича
Доьхьала хезаш хилла
«Ладуг1уш ву» - боха дешнаш
Буха дисакха суна.



Сайн буха йисан хан
Хьо Деле воьхуш,
Къур’’анаш доьшуш,
Хьуна геч дар доьхуш

Йоккхар юкха аса
Дала мукълахь
Хьуна Дала геч дойла
Сан Сийлахь Да.


                ДОТТАГ1А

Доттаг1а мила ву
Мила ву и?
Мичара даьлла и
доттаг1а – Дош.

Мел дукха хезна вайна
Доттаг1аллех
Мел дукха яздина
Яздархоша.

Мел дукха дийцарах
Ца кхийти со
Доттаг1а дешан ма1на
Чулацамех.

Гергара нах хилла сан,
Х1инца а бу.
Нийсархой хилла сан
Дог йовхо ю.

Амма доттаг1 ца хилла
Ца хилла сан
Я х1инца кхетта вац
Мила ву и.

Доттаг1а! Тешам бу,
Накъост ву и.
Г1о оьшуш хьаьвзинчохь
Г1ортол ю и.

Ву иза сан доттаг1
Доттаг1а ву
Нанас вина ваша санна,
Дог лозуш ву!

Иштта дуьйцуш хезна ду
Доттаг1алла
Ткъа тахана-м мел лехарха
Карош дац и.

Ишттачу ойланаш
Витац со кхета
Иллешкахь дийциначу
Доттаг1аллех.

Адамаш, алийша
Мила ву и!
Лаьаркха хуьлийла
Доттаг1алла.


                ДУЬНЕ

Ма доккха хета дуьне хьо б1аьргашна,
Ма к1езга ду хьайн ц1арца хьо
Адамаш, акхаройх тарделла
Къевсина, дардина хьо.

Иштта а, харц дуьне аьлла
1аламна г1ардаьлла хьо
Хьо кхоллар Делера, амма!
Харцонех хьаладуьзна хьо.

Дуьне, хьо кхоьллина Дала
Хьо кхобуш, кхиош ву и.
Адамаш! Дахийша бертахь
Барт болчохь, беркат ма ду.

Адамаш кхоллале хьалха
Х1оранна хан тоьхна цо
Цу хенан йохалле хьаьжна
Рицкъанаш нисдина цо.

Стигланаш, латтанаш, 1алам,
Аллах1ан кхолламех ду.
Дуккха а, к1езга а барамехь
Вайн кара схьаделла ду.

Вай дац иза, мел дукха хиларх
Ма довла дакъаза х1ай!
Вай зуьйш ду Везачу Дала.
Хастам беш хьастало Вай.

Кхоьллийна дац Вай вовше дайа
Сий дойуш, 1енадеш ц1ий
Адамаш, довлийша сама
Кхоьру, т1аьхьа дисарна со.

Мел боккха толам Вай баккхарха
Дуьненна т1едиллина куьг.
Ши метар латта ду барам
Кхо пардо марчо а ду.

Вайн Далла 1ибадат дарца
Гулбе вай 1амалийн мохь.
И букха Вайн долахь бахам
Карорболуш бакъ дуьненахь.


                ДУЬНЕНАН ШИ ДЕ.


Х1ара дуьне ши де ду!
Цхьа де ду, малх хьаьжна,
къегина.
Кхи де ду, мархашца кхоьлина,
бодане.

Х1ара дуьне ши де ду!
Цхьа де ду, жималлех ирс оьцуш,
воккха венвеш.
Кхи де ду, воккхаллица
хьайн дег1е ладоьг1уш, сахьийзаш.

Х1ара дуьне ши де ду!
Цхьа де ду, доьзало Ден – Ненан
Дог хьостуш, самукъа долуш.
Кхи де ду, 1ожалло каетташ
Б1аьрг боьлхуш, д1асакъесташ.

Х1ара дуьне, ши де ду!
цхьа де ду, хьуна пайдехь,
Лелочуьнца беркат долуш
Кхи де ду, зен-зулам шена чохь
алсама долуш.

Диканца де даг1ахь
Дозаллаш ма делахь.
Зен -зуламца де даг1ахь
Собаре хилалахь.

Цхьа де ду дог1ур долуш
Ши де хила йиш йоцуш
Цу дийнах                кхийриначунна
Ялсамане хира йолуш.

И де ду Далла доьхьал
Вай доьрзур долуш
Дуьненчуьра шина дийнех
Жоп доьхур долуш.


                ДУЬНЕНАХЬ ЙОККХУ ХАН.

Цхьана жимачу къонахчо
Хаьттара боху шен Дега!
Мел ю техьа Дуьненахь
Вай йоккху хан?

К1еззиг ша ладоьг1на
Шен к1анте б1аьрг тоьхна
Делара боха Дас к1ента
Хаттарна жоп.

Вехийла хьо дуккха
Сан хьоме доьзалхо,
Дукха чолхе хаттар ду,
Ахьа хоттинарг.

Делахь а хьожар ву
Жоп дала со хьуна,
Хира болуш цу жоьпах
Хьуна синтем.

Дуьненахь йоккху хан
Сов к1езга ю хьуна
Молла кхайкхина – Ламаз далла
Бен яц и хан.

Дуьнент1е довлу Вай
Молла кхойкхуш лергахь.
Ца хуьттуш ламазе
Ца деш сужуд.

Дуьненахь йоккху хан
Чекх яьллачу дийнахь.
Х1уьтту Вай ламазе
Ца кхойкхуш молла.



Изза зама юкха дуьненахь,
Вай йоккхуш ериг.
Ма еха ю эхартана
Буха йисина хан.

Деле ша воьрзучу
Дийнах ша кхийринчунна,
Ма еха хетар яц
Яккха йисина хан.
   


                ИМАМ –АЛЬ-Г1АЗАЛИЙН хьехам!



Имам – аль-Г1азалий
Г1арваьлла 1елам стаг
1илманан х1орд хилла
Бакъонна шаьлт хилла.

Дуьненахь яьккхина хан
1илманца къахьоьгуш
Нийсадерг схьаоьцуш
Иза адаме д1акховдош….

Г1айг1ане ойла кхерсташ
Галваларна кхоьруш
До1ийца айдина
Беркате шен ши куьг….

Дала шена дика дина
Шех беркат схьадаьлла
Декъала ша хилла
Вайн Деле вирзина

Динан 1илма дендина
Йозане дерзийна
Цуьнан жайнех ирс оьцуш
1елам нах кхиийна

Г1азалис дийцина
Дуккха а дийцарш
Царех цхьаъ лаьаркха
Хьехам беш гучу даккха.

Ашшакъикъ аль-Балхи
1илма долуш стаг хилла
Хатим аль-Асама
Цуьнан накъост хилла

Цхьана дийнахь шейх Балхис
Хаьттина Хаттиме: -
«Ткъе итта шо хан яьлла»
Ахьа соьгара дарс оьцуш.

Шеко яц 1илмангахь
Хьо са ваьлла хиларах
Делахь а, лаьаркха
Ахьа соьга олийла.

Мел пайда бели хьуна
1илманах тасавелла
Вай цхьана яьккхинчу
Заманан йохаллехь.

Т1аккха Хатим жоп делира:
«Хьоьгара аса ийцира
Буьззина барх1 пайда.
Суна кхачо хира йолуш
Дуьненан дахарехь,
Иза барх1 пайда бахьан долуш
Сатуьйсуш а ву со
Къемат денна балеха
Суо хьалха валаре».

Шайх Шакъикъа хаттар дира:
«Алахьа к1ант, х1у барх1 пайда
Хилла хьуна соьгара»?
Т1акхкха Хатима жоп делира:

Бокъалла со хьаьжира
Адамийн амалашка,
Царах х1ора суна карийра
Цхьаьцца х1умане безам болуш,
Уьйра лаьцна, самукъадолуш,
1ехабелла, гал а буьйлуш.
Царна безна цхьабераш.
Юххехь хуьлуш д1акхалххалца
Коша вуьллий, барз боккхий
Юха боьрзуш, ша вуьтий…..
Ойла йира аса ч1аг1о еш,
Сайн дег1ехь элира аса:
Уггаре сийлахь дерг
Къонахчунна дезарех
Цуо кашчу хьондерг ду
Шена пайдехь хир долуш.
Ца карйира мел лехарха
Дика 1амалаш йоцуриг
Безам хила хьакъ долуш
Хьо т1аьхьа возар волуш
Цундела аса хаьржира
Дика 1амалаш езар,
Уьш хира йолуш сан каш чохь
Чиркх хилла – серло луш
Со цхьалха ца вуьтуш
Дог оьцуш соьца.

Боккъалла а со хьаьжира
Адамийн амалшка.
Суна гира уьш т1аьхьа бозуш
Шайн дог1мийн лаамашна
Ойла йира аса Делан дешан:
«Мила ву и кхийринарг,
Далла дуьхьал хоттарах,
Дезачу х1уманех
Шен дег1 а лардинарг
Боккъалла цуьнна воьрзу меттиг
Ялсамане хир ма ю».
Кхийтира со ц1ена бакъо
Сийлахь къур”ан хиларах
Дег1аца девне велар со
Къур”анца шовкъе хилар со
Сайн г1ийла дег1 Делан дашца,
Тоам барца сацийра аса.

Боккъалла а суна гира
Адамех, х1ора а
Дуьнене вирзина
Иза гулдан араваьлла.
Ойла йира аса Делан дешан:
«Шуьгахь дерг кхачор ду
Соьгахь дерг дуьсур ду».
Суо Да волуш гулделла
Дуьненан даьхне
Долара суо ваьлла
Хьанал а дина
Дийкъира аса мискачу,
Нахана юккъехь
Иза хила сайн г1ортал
Вайн Далла гергахь.

Юха а хьаьжира со
Адамийн амалашка
Карийра суна цхьаболу нах
Тайпанех дозаллаш деш
Шайн доьзал дукхаллица
Нахана карраш детташ
Даьхне сов хиларца
1ехабелла кураллаш еш
Миска нах чехабеш
Церан даьхнех каетташ
Лаьтта т1ехь ц1ий 1енош
Даьхне зен дайичи
Сийлалла ю моьттуш.
Ойла йира аса Делан дешан:
«Шуха уггаре сийлахь верг
Аллах1ана гергахь
Кхоьруш верг ву шуна».
Аса хаьржира Делах кхерар,
Дог ч1аг1дира хиларца
Ц1ена бакъо къур”анчохь
Нахана моьттуш дерг
Харц хиларц, доьхна хиларц.

Хьаьжира со адамашка,
Уьш байра суна яппарш еш
Тасбелла г1ибат деш
Цхьаболчара кхечарна.
Карийра суна бахьана
Хьаг1-гамо лацарца
Цхьаболчу вежарша.
Дохнаца, даржаца, 1илманца.
Ойла йира аса Делан дешан:
«Оха декъна шуна юккъехь
Дуьненахь дахар рицкъ»
Хиира суна доькъушверг
Бокъалла а Дела хилар
Иза хилар цунна гергахь
Озаллехь язделла.
Дала делла рицкъана
Резахилла сецара со
Хьаг1-гамо д1а яьккхина
Сайн дег1 а ц1андира аса.

Юха а хьаьжар со
Адамийн амалашка
Цхьаьцца бахьненна вовшешца
Ца тарлуш карийра суна
Ойла йира аса Делан дешан:
«Боккъалла шайт1а –ма,
Шу мостаг1 ду шуна.
Аша иза лацалаш
Шайна мостаг1 дуй хууш».
Хиира суна вайн мостаг1
Шайт1ий бен цахилар
Вежарийн юкъа-меттиг
Ц1ена хила езийла.

Адамаш карийра суна
Ницкъ ма-ббу къахьоьгуш
Дохна т1аьхьа шаьш бевлла
Хьарам дерг ца къастош хьаналчуха,
Ойла йира аса Делан дешан:
Дуьненан лаьтта т1ехь
Садолу х1ума ца кхоьллина,
Ша билгалла боккхуш бен
Цуьнан рицкъана барам».
Хиира суна рицкъ лушвериг
Аллах1 – Дела хилар
Дитар аса Дела воцчуьнга,
Кхин х1умане сатийсар
Хадийра аса дог дахар
Дуьненан бахаме.
Эхартана кечам беш
Яй”ира аса хан.

Хьаьжира со адамашка
Карийра суна т1аьхьа бозуш
Дала кхоьллиначу х1уманашна
Самукъадуьйлуш, баккхийрабеш
Ойла йира аса Делан дешан:
«Мила ву болхбилланирг
Лекхачу Далла т1е.
Цуо кхачо йийр ю шуна
Массо а х1уманна
Боккъалла Аллах1 ву
Шен балхехь кхачаме.
Массо а х1уманна
Ша барам баьккхинарг».
Аса сайна болх биллира
Везачу Далла т1е
Иза вукха ша хьакъвериг
Вай шена т1е болх билла.
Т1аккха Шакъикъа элира цуьнга:
«Аллах1а г1о дойла хьуна
Хатим – Аль – Асама
Боккъалла суо а хьаьжна
Товратчу, инжилчу
Забурчу а хьаьжна со,
Хьаьжна со Къур1анчу.
Делера доьссийначу
Оцу деа таьптар чохь
Карийна суна воккхаверца
Ахьа хьахийна барх пайда.
Мила ву иза ирс эцнариг
Оцу барх1 масалех
Хилла шуна 1амал еш
Оцу деа таьптарца».
Иштта дийцар дийцина
Абу Хьамид Г1азалис
Вай ирс а ийцикха
Кху хазачу дийцарах.


                ИРС


Нохчийн меттан нускал санна
Билгалла даьлла хьо
Хьай 1аьнарца шовкъе долуш
Зевне дека хьо.

Маттехула арадолуш
Пхенаш деттало
Синтем байна карзахдуьйлуш
Даго йовхо ло.

Бераллехь дерг ирс ду ола вай
Бералла башха-башха ю
Ма ирс долуш ву, жима Да-Нана ду
Олуш хезна  вайна.

Масане адам хено даьхьи
Хьесап дан ца хууш
Шайн х1усамехь хилар дезаш
Чам баккха лууш.

Даьхне а доьзал дахар хазна ю
Хьо ирсе веш ду
Амма цхьа бакъ ду, цу шинце а
Дакъаз валар ду.

Могшалла елахь хьо ирсе ву
Далла хастам бу
Стаг резавеш ц1ен-нана елахь
Иза ирс долуш ву…..


Ирс, ма боккха бу хьан чулацам
Тхо мел хьере ду
Хьо дезаро дуьне марздина
Халлак хуьлуш ду.


Алахьа тхоьга, хьо мичахь ду
Хьо мел генахь ду
Нагахь аьтто-таро елахь
Кхачахь герга хьо.

Х1ай нах! Аш соьга жимма ладог1ахь
Аса дуьйцур ду шуьна
Х1оранна уллохь, генахь доцуш
Со лелаш ма ду.

Шуьна массарна билгалла даьккхана
Цхьа доккха ден ду
Шуьх х1ора а воьрзур волуш
Делан кхоьле д1а.

Оцу дийнах ша кхийринарг
Ма ирс долуш ву
Шен кхолларан 1алашоне
Иза кхочар ву.

Ялсамане тобан юьккъехь
Тхойшиъ цхьана хира ду
Ирсе долуш вовшех хьерчаш
Бертахь дехар ду.



                Йижарий

Кегаелла еъна т1аьхьара зама
Дуккха а лайна халонаш
Масане Вежарий декъала хилла
Боьлхуш бисна йижарий.

Нанас йинарг яла хьан олуш
Дуккха а хезна лергашна
Дегнаш доьлхуш, б1аьргаш доьлхуш
Амал доцуш бисина.

Кхоллар хуьлу вайн Ненан кийрахь.
Церан карахь кхуьу вай.
Даккхийра хуьлу  вовшех хьерчаш
Уьйр-безам а  совбуьйлуш.

Керт-ков хуьйций, вовшех къаьстий
Доьзал кхуьий, самукъадолуш
Йиша – вошалла хийрадуьйлуш
Йоьдуш карайо заманаш.

Йишина шен Ваша мел дозалла хета
Цуьнан къинхетам ша-тайпа бу
Маликаш санна ц1ена а болуш
Сан йижарий, сан сий ду.

Цхьана х1усамехь юуш-молуш
Вай яьккхина хан йиц ца ло
Хенаца ширлуш, къанлуш – тишлуш
Вай уьйраш шир ца ло.

Мел ч1ог1а г1уртуш, со г1ортарха
Ницкъ ца кхочуш виси со
Сайн даг чуьра боккха безам
Кхоччуш шуьга д1акховдо.

Ма вуьсийла со, суо цхьаъ цхьалха
Йишин беркат д1ахаьдда
Дехийла шу ирсе, бертахь
Сан лераме йижарий.


Вайн Ден-Ненан беркатана
Цаьрца болучу ларамна
Йоккхура ю вай, бухайисина хан
Сий – Ларамца даимна.


                КХО  Х1УМА


Кхо х1ума ду олуркха
Вайн хьекъал дайша.
Юха доьрзур ва доцуш,
Вайха д1акъаьсташ.

Багара даьлла дош,
Хьан долара даьлла
Яхана зама а
Хьан карара яьлла.

Дайинчуьна дайна сий
Мел дохко валарха,
Х1аваиэхь чан хилла
Ша пана даьлла.

Вайн къанош аьлла дош
Мах болуш хилла.
Церан дош лардинаш
Къонахий хилла.

Церан багара ца даьлла
Эрна дош цкъа а
Шайн динца дуьстина
Алале хьалха.

Элчано дийцина
Шиъ х1ума ду аьлла.
Церан дозалла хуур доцуш
Висачи бен доцуш.

И шиъ х1ума д1адаьхьи
Яханчу замано –
Жималла – могшалла……
Буха йиса ойланаш.

Динца нисвелла ваьхначунна
Яхана зама карор ю
Ойланца дош аьллачунна
Шен дош а карор ду.

Амма сий доцуш ваьхначунна
Дуьненахь ц1е хира яц.
Я эхарт хира ду ала,
Делах суо ваьхьаш вац.


                КХОЛЛАРАН 1АЛАШО

Аллах1о кхоьллина Вай
1ибадат даран доьхьа,
Дуьненахь йоккху хан,
Вай зуьйш д1айоьда!

Хууш берш к1езга-м бу
Кхолларан 1алашо.
Ткъа зама-м сихъелла,
Т1аьхьа хьажа ца кхуьуш!

Дуьненах тасаделла
Кхачо ца хуьлуш,
Хила мелла хила а,
1аба а ца 1ебаш!

Са мелла дела а
Далла гена довлуш!
Д1а йоьда х1ара зама,
Вай даа дууш!

Ма кхоьра со,
Ца тоарна диканаш Вай!
Къематан, цу дийнахь
Барт хоттуш Вайга!

Вай дезаш гулдинчу
Дуьненан дохно
Байбарна Мизанан
Дикалли мохь

Ларло Вай 1амалаш
буха юьсучу дийнах.
Даьхне а, доьзал а
Юха доьрзучу дийнах!


Цхьа а харцо шена чохь,
Хира йоцчу дийнах!
Делан хьукам лелар долчу
Къематан дийнах

Хьо дохко валарха
Пайда боцчу дийнах.
Ларло вай къонахий,
Ваьш декъал хила!


                МЕДИНАТ


Вара сан дика Ден ваша
Ахьмад ц1е йолуш
Ларамца йокхура оха
Цуьнан ц1е  - Ваша.

Иман долуш, г1иллакхе,
Оьзда ша волуш
Йитара цо дуьненахь
Дахаран лар.

Дикачу ден к1ант вара иза
Тхан ц1ийна юьхь яра иза
Хаза доьзал буха буьтуш
Кхелхара иза д1а.

Ц1ийна да т1ера д1а ваьлла
Ден метта хоьттина
Ларбира ахьа Мединат
Доьзалан кхерч.

Воккхачуьнца, жимачуьнца а
Несаллех ца юхуш
Тхан ц1ийнан сий лардеш
Чакхела хьо.

Ненал башха ца хеташ
Хьо езийта хиъна хьуна
Цундела дазделла
Вовшех къастар.

Ницкъ цакхочу тахана
Къобал дина т1еиэца
Х1ара дуьне дитийна
Деле ерзар.

Делахь а реза ду
Делан кхоьланна
Йоьхур ю хьо Деле
Хьесталуш денна.

Къур1анчохь Ахьмад аьлла,
Ц1е екхкхина Вайн элча
Цуьнан ц1арца нуьре хилла
Сийдолу Мединат.

Дуьненахь еккхина хан
Нурлепаш еккхина аша,
Сан Денваша Ахьмад а,
Лераме нус Мединат.

Шеко яц хирг хилар
Делера къинхетам
Элчанан шафа1ат
Шу шинне дог1машна.

Ткъа оха доьхур ду
Везачу вай Деле
Фирдавса Ялсаманехь
Цо Вай гулдар.

 
                МУХЬАММАД


Цхьа эзар – ах эзар
Шо зама хьалха
Дуьнен-чу нур кхийтира
Мухьаммад ц1арца.

Доладелира ша досса
Сийлахь деза Къур1ан.
Бакъ долчу аяташца
Харцо гучуйоккхуш.

Хиллачу а, хиндолчу а
Къиношна гечдина.
Вог1ур воцуш кхи Пайхамар,
Мухар а та1ийна.

Дерриге а умматана
Гечдар а лиъна.
Ваийтира хьо Дала
Къинхетам бар доьхьа.

«Хьуна т1аьхьа ду д1акхайкхор
Хьесап аса дийра ду.
Сийлахь сайн деза Калам,
Аса лар а дийр ду»

Мухьаммад! Х1ара къамел
Хьоьга хаам беш ду
Шен  Калам д1акхача да
Хьан хьалхе  хиларца.

Хьо Уммат Да хилар,
Шафа1ат да хилар
Товрат чохь ц1е йоккхуш
Хьо къастийна  ша хилар.

Кхаъ шарахь д1акхайкхадира
Сийдолчу Мухьаммад.
Делан Калам Маккий чохь
Г1аравала ца хуттуш.
Кхи итта шо хан елира
Г1араваьлла, мохь бетташ
Д1акхайкхош Делан дин
Сийдолчу Маккий чохь.

Кхеташ берш к1езга хилар,
Мостаг1ий гучу бевлар,
Аллах1ера пурбанца
Мединат х1ижрат дира.

Асхьабийн – Ансарийн
Вошалла тасделара.
Исламан тобанаш
Са  йовлаш ч1аг1ъелар.

Биргалла елларца
Юха Макка а схьайиллар
Итт эзар тобанца
Элча Маккий чу веара.

Ткъе кхоъ шо хан елира
Мухьаммад кхайкхам беш.
Г1азотан некъашца
Бусулба дин д1ахоьттира.

Ша кхачо ма деззара,
Делан дош д1акхачира.
Шен Умматах дог лозуш,
Дуьнен чуьра д1акхелхира.

Кхиболчу Пайхамарша
Шайн дог1маш доьхучу,
Къематан цу дийнахь,
Мухьаммад кхойкхар вукха «Уммати-Уммати».

Пайхамаран дог хьостуш
Аяташ даьхкина.
Умматана шафа1ат
Дан бакъо гойтуш.


Хастам букха вай Далла!
Шен калам доссийна.
Къинхетам вайха барца,
Элча ваийтарна.

Дела везаш вай делахь,
Деза лууш Далла.
Дуьллур Вай Салават
Сийлахьчу Элчанна.

Хьестор вай и ни1мат
Дала вайна делла.
Элчанна лар юкха иза
Ялсамане йоьдуш.



                НАНА МАРТА


Сан деган йовхо, сан Нана Марта!
Сан деган лазам, сан Нана Марта!
Сан деган безам, сан деган уьйра
Яха хьо дукха сан Марта.

Со вина Нана, со ваьхна Марта
Мотт-г1айбий санна, ма аьхна хилла
Сан Дай а баьхна, доьзал а кхиъна
Ехийла маьрша сан Марта.

Дагаоьху суна, жималле зама
Мартанчу керчаш д1аяхна хан
Мартанхой санна ша хьаьна долуш
Цу Мартан йистехь со 1ийна хан.

Ма исбаьхьа хуьлур мартанхой ловзар
Бай юккъехь лаьтташ инарли стол
Мехкарий кхайкхош, к1ентий яхь бохуш
Го лаьцна боьдура хелхаран бал.

Мел гена валарх, самукъадаларх
Я цхьана балано 1овжийча Дог
Б1аьргаш д1акъевлича, хьо хьалха хутту
Сан сийлахь, сий долу Хьалхара-Марта.

Миччара  юха вирзича, уьшар гича б1аьргашна
Мартан т1е боьду некъ билгалла боккхуш
Г1од юкъ сайн йостий, са парг1ат долий
Сайн юьртара х1аваъца, воьрзу со ц1а.

Я Аллах1, я Робби-х1ай веза Дела!
1ожалла юкха массарна а кхочур йолуш т1е
Мел генахь со хиларх, верза вай ц1ехьа
Мартанан ойла йистехь, ехьа сан х1усам. 



                НЕКЪАШ


Новкъа валар ма хала ду
Къайленех дуьзна ду
Ца хууш х1ун хир ду
Кхаччалца хьо д1а.


Башх-башха ду новкъа валар
Дикане – зуламе
Бекхам а хира болуш
Нияте терра.

Хьайн ният ц1ена долуш
Новкъа валар нисделлехь
Юха верзар ц1ена хира ду
Ца нисбеллехь некъ.

Хьайн ният ца дохош
Вайн Далла хастам беш
Могаш хьо ц1а кхачахь
Нисбелла некъ.

Вайн дахар доца ду
Хьаьдда – ведда хедаш ду
Мичча а хьо кхачарх
Ойла ю ц1ахь.

Х1ун хир шул хаза
Даймехкан лаьмнаш?
Ма хаза бу шу долчу
Т1ебог1у некъ.

Дуьнен-чохь хир ма бац
Мел шера хиларх
Хьо санна самукъане
Д1а кхачош некъ.

Делахь а, хедаш ду
Дуьненан некъаш
Ца хедаш цхьа некъ бу
Кхачош хьо д1а.

Дуьненахь ахьа йина
1амалаш йоцург
Мохь боцуш, хьо вуьгуш
1ожалло д1а.



                НЕНАН ДЕ!


Сан нана – Малика!
Лаьаркха суна
Хьан ц1ена Дог хьостуш
Хаза дешнаш ала

Т1е кхочуш хьо йина де
Ладоьг1уш, ойла еш
Ца кардеш и дешнаш
К1ела висна со

Дуккха а яздархоша
Хьестийна Наной
Ладуг1уш дог доьлхуш,
Б1аьргаш хих дузуш

Геннара хьоьга хьоьжуш
Г1ийла б1аьрг бетташ
Хьан аматаш лоьхуш
Б1арзвелла со

Хьалххе Да д1аваьлла
Де метта хоьттина
Хьайн Ненан къинхетамца
Ахьа тхо кхиади

Хьан сий деш вехар ву
Хьан дош а лардийр ду
Къинт1ера ялалахь,
Г1алаташна

Дуьненчохь яккха сайн,
Йисинчу ханна
Дуй бууш ч1аг1о йо
Хьан б1аьрг ца белхо.

Хьо езар марзоно
Къагийна х1ар дуьне
Дита а реза ву,
Хьо резаян.

Яхалахь сан Нана,
Дуккха а шерашкахь
Нуьречу б1аьргашца
Суна серло луш.

Ткъа аса-м доьхур ду
Везачу Деле
Хьан Дуьне-Эхарт а
Цо декъал дар.


 

                НЕНЕ


Вац со хьуна дика к1ант
Ванне а вац
Дика к1ант со велахьара
Хир вара уллохь.

Хьо еза-м, еза суна
Доггаха езарха
Хьан сий а, ларам
Сан дахар ду.

Сан Нана Тамара!
Сан сийлахь Нана.
Хьан дага чуьра йовхонца
Со вехаш ву.

Иза йовхо д1аяьлла
Висарна кхоьруш
Хьан х1усаме ц1а верза
Сихвелла ву.

Хьо мел ю Дуьне а
Къегина суна
Хьан до1ийца Дахар а
Нур лепаш ду.

Эхарт а хиларе
Нур лепаш сайна
Сатуьйсуш хьан когех
Тасвелла ву.

Хьан когаш к1елахь бу
Ялсамане боьду некъ
Цу новкъах тилаваларна
Кхоьруш ву со.

Галваьлларг нис а веш
Къинхетаме волчо
Сайн некъ а нисбаре
Дог дохуш ву.



                НОХЧИЙ ЙО1


Нохчий йо1!
Нохчийн зудчо болат к1антаца
Кхоллам хилла дуьненна т1е елла.
Маьлхан нур санна сийна б1аьргаш
Д1а-схьа керчош яха еъна.


Нохчий йо1!
Ламанца дуьйлу хьаъна шовда,
Беттан саца г1ийла боьлху,
Синтем байна деган мерза,
Хьайн сий лардеш, къам кхиий ахьа.


Нохчий йо1!
Ден а, Нена а, юьхьк1ам бу хьо.
Хьайн вешийна синтем бу хьо
Х1усам дена тешаме ю хьо
Нохчийн халкъа куьзга ду.

Нохчий йо1!
Нохчийн к1ентийн Нана ю хьо.
Хьайн Дайх терра къонах хилалахь
Бохуш техкош к1ентан ага.
Къонахий кхиийна Нана ю хьо.


Нохчий къонах – Ненан ц1еначу кийрара,
Схьа даьлла беркат.
Ларде Вай Ненан сий
Нохчий къонахий!
Ларбе Вай мехкарий,
Сий долу йижарий,
Ларбе Вай зударий
Сий долу Вежарий.


Нохчий! Бокъалла а
Бусулба хила Вай!
Ларде Вай Делан дош!
Ларде Вай къоман сий!
Ларде Вай мехкан сий!
Хили Вай декъала,
Дуненахь а, Эхартахь.



                НОХЧИЙН МОТТ


Нохчийн мотт – Ненан мотт
Къоман сий, оьзда мотт
Нохчийн г1иллакх, амалаш
Иза дерриге – Нохчалла.

Шен мотт хаар, 1алашбар
Х1оранна а декхар ду
Массо къоман сий – ларам
Маттехула хуьлуш бу.

Меттан хазалла – къоман юьхь
Вайн дахаран куьзга ду
Дахарехь Вай йитана лар
Вайн т1аьхьешна гуш хира ю.

Мел хаза бу вайн Нохчийн мотт
Оьзда буьйцуш – ладуг1уш.
Ненан сий деш, т1алам беш
Шен мотт ларбеш волчунна.

Нохчийн къам ду
Ненан мотт бу
Иза шиъ лардан
Къонахий бу.

Мотт д1а баьлчи, къам ца хуьлийла
Хууш кхуьуш кегийрхой бу
Кегийрхоша дозалла деш
Мохк къагийна Мехкарий бу.

Иман долуш, яхь-юьхь йолуш
Ирсе бертахь дехар ду Вай
Ненан сий деш, мотт хаза лебеш
Даймехкан декхар д1алур ду Вай.



                НОХЧИЧОЬ

 
Нохчичоь!
Сан сийлахь Даймохк
Сан Дахар
Сан дозалла
Хьан ц1арца дукха.

Дуьне сайна ма деззара
Хьо безаш хилча
Хьуна ямарт- ма
Хира вацар со

Багахь хьо ма беззара
Сан дагна безча
Вуьззина бусулба
Хира ма вара со

Х1у ду техьа сан Даймохк
Хьо бале лиэцар,
Кеста-кеста сингаттам
Хьан х1усаме хьийзар

Хила ма веззара
Со хьан к1ант велахьар
Хира бацар хьан кертахь
Тезетан белхам

Тахана юха а
Хьан лаьмнаш г1ойтти
Хьан сийна аренаш
Хазъелла къеги

Вайн оьзда кура к1ентий
Г1арол деш хитти
Ният долуш Нохчичоьн
1адаташ ларда

Вай дайша лардина
Бусулба дин ч1аг1да
Цу динца хазбелла
Шайн Даймохк ларба

Хастам бу вай Далла
Сох тера боцуш
Иман долуш, доьнал долуш
К1ентий хиларна.

Юха а хастам бу,
Сийлахьчу Далла
Нохчий волуш, бусулба
Цо со кхолларна.




                ПЕТ1ИМАТ


Яра сан цхьа йиша
Суна т1е йина
Пет1имат ц1е йолуш
Б1аьргех нур лепаш.

Пхи шо хан хиллера
Дала цунна елларг
Еана хиллера
Сихха д1аяха.

Сан йиша, сан зезаг
Сан ненан марзо
Кеста-кеста хьо йог1ий
Суна хьалха хутта.

Охьа хецна хьаьрса к1ажар
Айбина корта.
Хьан хьажар йоккхачу
Зудчух тера дара.

Хьан хаза елакъажар
Боккха – 1аьржа ши б1аьрг
Моьттура дехар ду
Ирс долуш Вай.

Амма хьо сихйира
Делан 1ожалло
Ц1ехьана лазаро
1овжийра хьо.

Ма езаш хилла хьо
Везачу Далла
Ялсамане бошмашкахь
Лепар ю хьо.

Вехалахь со Деле
Сан йиша Пет1имат
Хьан до1е сатесна
Ву хьуна со.

Къинхетаме йишин Дог
Дагчуьра безам.
Сан йиша, сан безам
Са Ненан дог.



                СИЙЛАХЬ  МАРХИЙН  БУТТ


Исламан коьртачех
Цхьа меже хилла
Къиношна гечдарца
Комаьрша хилла
Вайн дог1машна т1ера
Закат а хилла
Хьошалг1а беара хьо
Сийдолу мархийн бутт.


Ялсамане не1араш
Йиллина хиларца
Жоьжаг1атен не1араш
Къевлина хиларца
Барт хоттучу дийнахь
Шафа1ат хира долуш
Кхаъ бохьуш беара хьо
Сийдолу мархийн бутт.


Хьуо лийринчуьнца
Т1ех лераме болуш
Некъаца волучунна
Парг1ато йолуш
Цамгарца волучунна
Каффарат  долуш
Беркат дохьуш беара хьо
Сийдолу мархийн бутт.

Сийдолу деза Къур1ан
Шена чохь доьссина
Эзар баттал г1олехь йолу
Лайлатул-къадран буьйса
Аллах1ан омранца
Хьайна чохь ва йолуш
Хьошалг1а беара хьо
Сийдолу мархийн бутт.


Марха кхобуш болучарна
Оьздангалла гуч йоккхуш
Достийташ болучарна
Маликаш до1анаш деш
Элчана Умматана
Деза-доккха совг1ат долуш
Беркат дохьуш беара хьо
Сийдолу мархийн бутт.

Хьо бохуш самукъа долуш
Умматана кхаъ бохьуш
Хьайн хаза г1иллакхца
Беара хьо тхан х1усаме
Х1ора де дагардеш
Х1инций-х1инций бохуш
Д1абала герга баха хьо
Сийдолу мархийн бутт.


Аллах1а мархийн бутт
Лийринчех дойла Вай
Кхаба ма беззара
Кхаьбначех дойла Вай
Чекхболуш маликаш
Доьлхучу дийнахь
Далла гергахь юьхь к1ай хиллачу
Тобанах дойла Вай.

Некъ дика хуьлда хьан
Беркате мархийн бутт
Къинт1ера балалахь
Кхоччуш т1е ца эцнехь
Тхо хьоьжуш ду хьуна
Хьо юха баре
Резабеш т1еэца
Сийдолу мархийн бутт.


23.06.2017г. 28 день Рамазана
Мархийн беттан 28 де.



                Т1АЬХЬАРА ЗАМА



Элчанан къамел сийлахь-деза ду
Шеко йоцуш т1аьхьа вазар ду
Хьекъал долчо тидаме оьцуш
Шен дахар некъ 1алашбар ду.

Элчанан маттехула гучадаьлла
Хьадисаца билгалла хилла
Бакъо-харцо кегаелла
Йог1ург хилар т1аьхьара зама.

И зама хира ю, харцверг бакъвеш
Бакъверг харцвеш, питнаш даржош
Тешаме вериг ямарт кхайкхош
Ямарт вериг тешаме лоруш.

Юкъараллех къамелаш деш,
Хьекъал к1езга Бежалой болуш
Иштта йийцина т1аьхьара зама
1абдуллах к1анта Мухьаммада.

Жимма хьалха яхара зама
Ламазан хитта маьждиг доцуш
Хьехаме ладог1а минбар йоцуш
Делан дикане са а туьйсуш.

Дика-вонехь адам гуллора
Дела хьехавеш, мовлид йоьшура
Дешначу наха хьехамаш беш
Ладуг1учара пайда оьцура.

1елам стеган мотт сов-оьзда хуьлар
Хьехам барамехь к1еда-мерза хуьлар
Массо къано эвлияъ санна вара
Дагахь мекха йоцуш цара ладуг1ур

Вай 1акъидат Дела цхьаъвара дара
Элча къобал варца салават дара
Дин къуьйсуш кхайкхош не1алташ дацара
Вовше карраш детташ 1иттарш яцара.

«Х1оранна а шен бакъо йолуш,
Массо оьзда, г1иллакхе волуш
Со харц ву олуш хаълуш стаг воцуш
Т1ехулла яьлла харцон-бакъо».

Аллах1-Робби х1ай везан Дела
Хила там букха х1ара т1аьхьара зама
Тхан кхетам а, дегнаш ц1андай
Бакъонна т1ехь нисде ахьа тхо.

Тахана исбаьхьа маьждигаш ду
Мохь тоьхна хьабеш хьехамаш бу
1илман юххехь вайна оьшушдерг
Дайшкара г1иллакх, оьздангалла ю.

Динца дог1уш долу 1адат лардеш
Жимачуьн –воккхачуьнца лерам болуш
Жимачуьнца сов-къинхетаме долуш
Делан дикане кхочур ду Вай.




                ТУРПАЛА НОХЧО


Май баттахь б1аьстенан,
Сирлачу дийнахь
Ламанан баххьашкахь
Къор-кхокхий декаш
Хьаьъначу шовдано
Т1улгаш т1е детталуш
Хьа дагна там хуьлуш
Хаз мукъам белхош
Хоьттанчу 1уьйрено
Диканца кхаъ бохьуш
Дуьнен т1е велар хьо
Турпала – Нохчо!


Хой ламан аренаш
Къагийна – кхиъна
Къоьзан 1ам бос лепаш
Шен сийна б1аьргаш
Хих буьзна белхабеш
Шен хаза к1айн куьйгаш
До1ийца айдина
Хьайн Ненан ц1еначу
Оьздачу кийрара
Дуьнен т1е велар хьо
Сий долу Нохчо!

Да-Нана схьадаьлла
Зандакъан лаьмнашкахь
Г1ез-Хьажин орамах
Даьржинчу гаранах
Нохчийчохь 1илманца
Дин кхайкхош г1арваьлла
Устазан бакъонаш
Шен дег1ехь гучйойла
Шаптукъин Доккица
Тайпанехь гулделла
Халкъана, махкана
Тешаме ша хилла
Оьздачу х1усамехь
Дуьнен т1е велар хьо
Турпала – Нохчо.
Дуьххьара доьзалхо!
Ирс дохьуш веана
Хьайн Да а, Нана а
Дозалдеш, деладеш
Кхоьллинчу Вай Далла
Хастам беш, хьесталуш
Хиларе сатуьйсуш
Вежаршна дика ваша
Йижаршна юьхьк1ам болуш
Оьшучохь Да хилла
Хуттар волуш массарна
Ненан санна дог лозуш
Къинхетамах вуьззина
Хиларе Дог дохуш
Сатийсам кхочушбеш
Дуьнен т1е велар хьо
Яхь йолу Нохчо.

Мехкан сий ларделахь
Халкъан юьхь ларъелахь
Ден-Ненан сатийсам
Кхочушбан хьажалахь
Йиш-Вешин ларам беш
Хьайн сий а ларделахь
Хаза доьзал кхиабай
Вайн т1аьхье ларъелахь
Ийманехь са вуьлуш
Хьайн Дин а ларделахь
Хьо Нохчо хилар а
Диц ца деш вахалахь
Турпала – Нохчо.


27-05-2017г.

Первый день Рамазана.
Посвящается сыну Турпалу.



                Х1АЙ НОХЧИ!


Х1ай Нохчамахкахо!
Хьо Нохчий вуй!
Нохчи хьо велахь
Бусулба а вуй?
Бусулба велахь
Бакъон т1ехь вуй?
Иштта хьо велахь,
Ву хьо Нохчи.

Х1ай Ламаро!
Хьо Нохчи вуй?
Нохчи хьо велахь
Бусулба а вуй?
Бусулба велахь
Бакъон т1ехь вуй?
Иштта хьо велахь
Ву хьо Нохчи.

Х1ай Теркахо!
Хьо Нохчий вуй?
Нохчи хьо велахь
Бусулба а вуй?
Бусулба велахь
Бакъон т1ехь вуй?
Иштта хьо велахь
Ву хьо Нохчий.

Х1ай Нохчи!
Ма къеста Вай
Хиллариг – леллариг
Диц де Вай
Цхьаъ хили
Вовшех иэло Вай
Делан Чуханах
Тасло Вай.

Х1ай Нохчи!
Д1агайти Вай
Дерриге Дуьненна а,
Хаийти Вай
Вай барт хилар
Цхьа къам хилар
Боккъалла а Вай
Бусулба хилар

                ХЬАЬЖИН Ц1А



Хьаьжин ц1а!
Вайн дайша сатийсина къилба
Моьттара дуьненахь
Хьо ган йиш яц.

Дуьненахь яьккхина хан
Къинхетаме хилахь.
Сатуьйсура хьо гаре
Ялсамане чохь.

Делахь а тарделара
Хьуна т1екхача.
Дала некъ баьстина
Велара новкъа.

Ойланаш кхерстара
Дог детталора
Хьаьжийн ц1а! Муха хира техьа
Вай вовше гар?


Маршонан не1арха
Чоьхьа а ваьлла
Сайн корта сужуде
Биллара аса.

Я Аллах1 бакъ дуй те
Хьараман маьждигехь
Ламазан хоьттинарг
Вуй техьа со?

Цулт1аьхьа г1аьттина,
Когаш т1аьхь нисвелла,
Г1улч йоккхуш волавелара
Хьаьжи ц1енна т1е.

Гуча делара дуьнент1аьхь
Дуьххьара доьг1на ц1а
Ца соцуш доладелара
Сан б1аьргех хи.

Исламан меженех
Цхьа меже хилла
Бусулба дин хаздина
Лаьтташ ду хьо.



Дуьненахь йоккхучу
К1езгачу хенахь
Цкъа кхаьчна а т1екхачар
Диллина т1е.

Къобал хилла хьаждина
Цигар ц1а вирзинарг.
Дала шена Ялсаманеца
Кхаъ баьккхина ву.

Цундела сатуьйсуш,
Цхьаъ къобал хиларе.
Кеста – кеста хьо долчу,
Кхочуш ву со.

Делан доьхьа ният долуш
Еш йолу 1амалаш
К1еззиг бен уьш яцахь
Ялла хира йолуш ю.

Я Аллах1 ницкъ ло ахьа
Тхан г1ийла 1амалаш
Бокъалла хьайн доьхьа
Ният долуш ян.


                ЭХАРТАН ЭЛИЙ


    
Дуьне дилла Вай
Терзанан аг1он т1е
Эхарта аг1о,
Тергал ца йи.

Хьекъал долчунна
Биргала хьагуш ду
Терза даздина дуьне
Охьа те1на ду.

Эхартана аг1о
Ша еса йолуш,
Дуьненан дозалло
Хьала айина ю.

Баьргашна гуш хилла
Дуьненан дозалла
Къематан дийнахь
Иэшна хира ду.

Далла 1амал ярца
Охьа те1на аг1о
Йолаца сан елла
Айелла хира ю.

Хьашт дац вайна
Дуьненца долу дозалла
Эхартахь юхьк1ай хила
Г1уртар ду вай.

Дуьненан лай хилла
Дозалле ца кхочуш
Эхартахь элий хила
Хьовсар ду Вай.




                ДЕЦА ДЕН КЪАМЕЛ



Валанза-ма вера ма вац,
Аллах1-Дела воцуриг,
Иза-м вайна бераллехь дуйна
Хууш а ма ду

Делахь а сан Дада,
Хьо везар марзоно,
Хьан хаза юьхь-сибат,
Хьалхахьа-м хитта до.

Дикачу Ден чам,
Баккхийта ахь тхоьга,
Иманехь, хаза доьзал,
буха а битакх.

Ден декхар дуьззина
кхочуш-м ди ахь,
Ткъа оха х1ун дер техьа
Къемата дийнахь

Ден а, Ненан хьакъ,
ма ч1ог1а дуьйцукха
Цу шинне шукар дар,
ма деза дуйцукха.

Тахана мелла ч1ог1а еш
Аса ойла ярха.
Хьан хьокъах со валар,
Гам ца го суна.

Иза дац хьуна,
Хьан лаамех со вийлина бохург,
Хьан хама а ва боцуш,
Со лелла бохург.

Ца ваьлчи ца валарна,
Ц1ера ваьлла леларца,
Хьуна генахь яьккхина хан
1аьтт1акха суна.

Х1ора дийнахь, шозза-кхузза
Къамел дора вайшимма.
Юха-юха хоттар ахьа,
Хьо ц1а маца вог1а?

Дала мукълахь,
Кеста вай гурду хьуна олий,
Хьуна хаза синтем бан,
Г1уртара со.

Хьо со волчу схьа валош,
Хьуна там бан г1ерташ,
Со ц1а веача а,
Хьуна юххе хьерчаш.

Ма самукъа долар хьа,
Вай цхьана гулделча.
Ма г1айг1ане хьийзар хьо,
Къаьстачу дийнахь.

Ма йоккха г1ортол
Д1а елакха сан
Дага вала меттиг а,
Д1а белакх сан

Аса з1е хьовзича
Доьхьала хезаш хилла
«Ладуг1уш ву» - боха дешнаш
Буха дисакха суна.


Сайн буха йисан хан
Хьо Деле воьхуш,
Къур’’анаш доьшуш,
Хьуна геч дар доьхуш

Йоккхар юкха аса
Дала мукълахь
Хьуна Дала геч дойла
Сан Сийлахь Да.



                ЭХАРТАНА ЙОККХУ Ц1Е


1уьйранна со набарха ваьлча
Далла хастам беш г1отту со
Набаралла ламаз хоржий
Деле до1ийца воьрзу со.

Малх схьакхетталца 1амалаш еш
Могшаллина хастам беш
Сайн дег1 доьхуш, доьзал боьхуш
Сахуьлинга волу со.

Схьакхетачу маьлхан нуьро
Сийна стигал елхайо
Оццал хазачу кху дуьнено
Сан дилха дог деладо.

Ма хаза дара хьо маьлхан  дуьне
Дуьсур долуш ца хилча
Веллачул т1аьхьа хоттар болуш
Барт-хаттам а ца хилчи.

Дуккха а нах бу, къоман юккъехь
Яккхийчу ц1аршца кхайкхабеш
Ц1е буха йисна, 1амалш йоцуш
Делан 1едале бирзина.

Цундела лаьаркха вай лохийла
Эхартана йоккху ц1е
Дуьненахь цуьнан ц1е мел йоккху
Кхаанца доьллуш тептар схьа.

Х1ай нах! Хьовса вай кху Дуьнене
Та цалун йоллу цамгарца
1уьллуш йолчу Ненан уллохь
К1ентан доьлхучу б1аьргашца.

Хийла дика къонах 1ехийна дуьне,
Ямартлонах дуьзнакха хьо.
Аса лоьхар ду сайн ц1е яккхар
Ялсаманен охланца.



                ЯЗДАРХОЧУН ОЙЛАНАШ



Яздархо хила 1алашо йолуш
Ца язбина аса цхьа а мог1а
Даг чохь сецон ницкъ ца кхочуш
Йозане евлла ойланаш

Яздархо! Чулацаме дош ду
Яздархой а ша-тайпа бу
Церан ойланаш маьлхан нур санна,
Дуьне хаздеш серло ю.

Халкъан дахар, церан г1иллакхаш,
Геннара-геннара 1адаташ,
Яздархочо гулдой, гочдой
Тептар хьоле дерзадо.

Вайн истори, халкъан кхоллам,
Вайн орамаш – уьйраш
Яздархочо шен ойланаш
Маг1анашка ерзайо.

Абузаран «Еха буьйсанаш»
Халидан а ойланаш
Канти х1окх дуьнене хьежар!
Соьх хирий те Яздархо.

Яздархо хила 1алашо йолуш,
Ца язбина ас цхьа а мог1а
Дала суна деллачу ни1матах
Цхьа ачо ю гучуяьлларг.

Мах хадабан сиха веллачо
Делера собар лохийла
Сан ойланаш шен ойланца
Тарлур йоцийла хоийла.

Массо къома а яздархой бу
Хьалха – юьххьехь лаьтташ бу
Церан ойланаш – халкъан ойла,
Гуттар цхьана хьерчаш ю.

Дехийла Вай къам могуш – маьрша
Юьхьк1ам болуш къар ца луш
Вайн ойланаш нуьраца къагош
Яздархой а кхуьийла.