41 Дахарехь зеделларш

Сайд-Эмин Мартанхо
401) 1овдалчунна хилла даьлларг а цахаьа.

402) 1илма хиларал коьрта ду кхетам хилар.

403) Куц юьхь-аматаша гойту, ткъа хьекъал - матто.

404) Хьекъал дерг дашо кхетаво, ткъа 1овдалниг бохамо.

405) Хабар хаза а дуьйцуш ойла вуон йолучул г1оле ву ойла ц1ена ерг, мотт цахууш велахь а.

406) Дезаш 1амийнарг бен дагах ца кхета, цунах бен корта а ца кхета.

407) Дукханга сатуьйсуш воцчунна к1еззиг долчух а тоам хуьлу.

408) Шена атта гечдеш хилча эхь-бекх дарна кхерам бу.

409) Нах шел 1овдал хеташ волчунна хьехар деш волчо эрна къахьоьгу.

410) Г1ехь долчух тоам беш волчунна к1еззиг совдаьлларг а самукъане хуьлу.