Абузару Сумбулатову

Радима Сумбулатова
Говзаллехь сов юьлуш ойланаш луьйца,
Вигарa , ца луъушехь цара хьо ц1ийца.
Витийша парг1ата дуьненахь ваха.
Кхеташ а ца хили уьш ахь маьл бахарх.

Бодане де деи,
Цул бодане буьйса.
Ма хаийла хьуна,
Хьайга маьл сатуьйса.

Марханаш туьллуш го,
Дагалуьйцуш денош.
Х1ара дуьне доьлхи те,
Со санна
Де ваш.

Виги хьо цара, б1аьрга нег1ар ца тухуш.
Цу дийнахь ц1ийзаш дар,
Ж1алеш дар уг1уш.
Гинера те царна дегнашчуьра бала,
Мостаг1ийн Геч а ма дойла цу Дала.