39 Дахарехь зеделларш

Сайд-Эмин Мартанхо
381) Доьзал 1амийначунна доьзало 1амош зама а йог1у.

382) Дийна волуш эша ца велларг велча а эшалур вац.

383) Лакха мел вели а б1агор ч1ог1а хьийза.

384) Массо а корматаллаш цхьаьнгехь хуьлийла дац.

385) Наханчул хьалха стагана шен хаар г1оле ду ша къанвеллий. 

386) Дай дика хилар т1аьхьенан кхиам бац - декхар ду.

387) Гуш дерг шен кхетаме, хезаш дерг дуьйцучун кхетаме хьаьжжина тарло.

388) Хууш хилла дицделлачул эшна ду, хууш хилла а доцуш дицделларг.

389) Ца хуург атта дицло.

390) Бакъдерг хаза хала ду,ткъа лан хаза ду.