Iовдала корта

Хаваж Цинцаев
         
          - Ассалам 1алейкум, - аьлла, мохь туххуш пивной павильон чоьхьавелира г1еметтах1оьттина велахь а, т1ехьаьжина ас-со бохачарех тера волу цхьа накъост.
          Буьйса йоьллера, павильон д1акъовла герга яра, цундела цу чохь пиво молуш лаьтташ  цхьа  ши тоба бен яцара, х1ораннан а юккъехь шишша-кхоккха стаг а волуш. Царех цхьамма  схьакховдийна салам схьаэцначул т1аьхьа, чоьхьаваьлчуьнга леррина д1ахьаьвсира бухахь берш.
          Доккха дег1, баьшна боккха корта, д1асадахана чуччахьаьвзина лергаш,  йистинчу юьхь т1ехь даккхий балдаш, царна т1ехула охьаоллабелла яккхий мера1уьргаш  йолу мара, багахь бурула можа яккхий цергаш - хат1 х1умма а шех неха б1аьрг хьастор  болуш  вацара т1евеъанарг. Цул совнаха,  схьагарехь, маларца  к1еззиг гергарло долчух тера а вара.
          Буйнахь чекх са гуш йолу хьалхалера сийна сетка а яра цуьнгахь, т1оьрмиган метта лелош. Хьарча а йина, кисана йилчхьана йолуш йола дела лелайора уьш наха хьалха. Сетки чохь  и  нана-боккха ц1иен ч1еран корта бара чувеанчуьнгахь. Павильон чохь  лекха горги стоьлаш лаьттара, шайна гондахьа ирахь стаг лаьтташ волу. Вогг1ушехь, шен корта чохь  бола  сетка есачу стоьла бухарчу м1арах д1а а тесна, цу павильон чуьра махлелочу зудчунна т1евахара къонах,  шена пиво эца дагахь.
          Цу хенахь, 13-14 шо кхаьчна жима к1ант вара, т1е йоца к1айн халат а юьхийна,  павильон чуьра стоьлашна т1ера бакъийна ч1ара бууш, йисина нехаш а, еса пиво чохь хилла куршканаш а схьагулъеш. Схьахетарехь,  шен нанна г1о деш вара к1ант. И т1евеънарг воьвзаш хилла волчу бухарачарех цхьамма сетки чохь болчу ч1еран корта д1алачкъийра, цуьнан да пиво схьаоьцуш лаьтташехь. Жима к1ант, ша деш дерг дина а ваьлла, ше нана йолчу  вахара. Кхо-йиъ, т1е чопа а яьлла йолу, юьзина пиво куршка а яхьаш, шен стоьла т1е схьавеара вай хьаша а.
          Кхануо, гартъаьлла ше пиво д1а а мелла, бетах куьг а хьаькхна, д1аваха дагахь  тохавеллачу кхунна, стоьла бухахь шен ч1еран корта чохь бола сетка ца карийра. Чухула д1асахьаьжира иза.  Берриш  а дукха хьолахь  кхунна баккъаш а тоьхна лаьтташ бара, луьйш-олуш, молчуо пиво а молуш, цунна т1е  бакъийна ч1ара а кхоллуш. Ткъа х1ара воьвзаш волу, кхуьнан сетка лачкъинарг, ша ца гайта г1ерташ, корта белшаш чу а та1ийна, хурашкин  лаба мера т1е охьа а теттина лаьттара.
          - Сан корта стенга бахана? – аьлла, ша-шега вистхилира къонах меллаша, делахь а чохь болчарна хезаш. Царна ца хаара цуо буьйцург шен корта бу, я сетки чуьра ч1еран корта бу.  Шайна ца хезаш санна, шай г1уллакх  деш лаьттара уьш.
          Юха а чухула шен ц1иелуш бола б1аьргаш къерзо велира накъост. Т1аккха са чу а оьзна,  мохь балийтира цуо, буг1анан санна болу шеен б1аьргаш  павильон  чухула  д1аса  а  хьажош:
          - Мича бахана са корта, хьа эцна аш иза?!
          Амма цуьнга дуьхьал вистхуьлуш цхьа а вацара.
          Т1акха д1о чу-ара волуш  йолчу  не1арна уллехь лаьтташ волу шинна т1евахара накъост:
          - Схьадерзийша, шуна гирий сан корта?
          Кхуо х1ун дуьйца ца хууш волчу шиннах цхьаъ дуьхьал вистхилира, дукха ч1ог1а цецваларца:
          - Ахь х1ун корта буьйца теша, бийца?!
          - Ч1еран корта! Сетки чохь ч1еран  корта бара сан, со чувог1уш...
          - Ца гина хьуна тхуна, ца гина хьуна…
          - Вааа… Х1ара ма тамашийна х1ума ду…
          Д1о дехьа стоьла гондхьа болчарна т1еваха дагахь  х1ара  лаьтташ, буйнахь бехчалг а йолуш,  махлелорхочун к1ант чоьхьавелира павильон чу юха а, ше куршка а, нех-х1ума  а  д1аяккха дагахь.
          «Ааа… Кхуо эцна хир ю хьуна и сан сетка», - аьлла дага деара цунна. Катоьхна к1ента пхьарс  схьа а лаьцна, иза д1асатуьйхира  корта байначо, мохь а хьоькхуш:
          - Йов! Мича баьхьна ахь са корта?! Хьоьга ца лоь со?
          К1ант,  цецваьлла, лахара  хьалахьаьжира  кхуьнга:
          - Ахь х1ун де боха, баха?!
          - Корта мича баьхьна ахь сан, боха… Мичахь бу сан корта?!
          Оззийна шен пхьарс схьа а баьккхина, чохь болчаьрга д1аса а хьаьжна, к1анта мохь туххуш элира:
          - Ойаъ! Хьуна т1аьхь бу-кх хьан корта! Суна-м ца оьша хьан 1овдал корта…
          Г1аг1! - аьлла чохь мел верг велавелира.
          Г1уллакх гена дала доллий хиина, х1ара вевзаш волу куьг бехкечо сетка схьакховдийра:
          - Х1а, х1ара бу хьуна хьан корта… Вухур волуш хилла хьо-м. Хьо хьовзош, забар еш  ма вара со…
          - Ма дош дацара х1ара корта хьуна оцу хье юккъе ца тоьхча, - аьлла, катоьхна шен ч1еран корта чохь бола сетка схьа а эцна, мерах шок а тоьхна, т1оф-аьлла д1атилира  накъост.

                Иллюстрация художника  Рустама Яхиханова


Отзыв на публикацию на моей странице в Фейсбуке от 03.03.2019:
Musa Muhammad:
Вайн дахаран аг1о ю иза а, цундела меттиг а ю цунна вайн литературехь. Вайн-вешан маттахь - х1ете а!