Хасуева Селима, къона Пох1манча, гимназия 7

Литературный Клуб Даймохк
Дада, Дада, дика Дада
Ма дика дог дара хьан…
Кхечунна халхетар ца дар
 Даг чохь летта дара хьан.
 Меттиг хьалхар суна лора ,
Шичошца и къуьсур оха.
 -Са ву олур , аса-м хьо.
-Вукхо олур шен ву хьо.
 Цунна халхетар цан дан
Хьалг1ара меттиг цуна лора.
 Сан  дог-са а  хьоьца дара
Ма догц1ена Дада вара.

Пису-Месалниг.

 Суна кеста нанас,
 Пису дохьур ду .
 Ас и хаза хьоьстуш
Дика лелор ду.
Ц1е туьллар ю цунна
 Угарр хазаниг.
Эр ду оха цунах ,
Пису-Месалниг.