Генара захало

Хаваж Цинцаев
          Сайн рогIера гIуллакхана Аштаркхне ваханчуьра  цIерпоштаца  купейни вагончохь цIавогIуш вара со. Соьца цхьаьна  нисбеллера  Теркан  аьтту бердаца Iуьллучу цхьана юьртара  зудий,  майрий. Сахиллалц некъбан безара. Мелла а хан яцъярхьама, тхешан тIоьрмигаш чуьра новкъаяьккхина  хилла юург-мерг  готтачу  стоьла  тIе  халла  дIанисйира  оха. Наггахь хIума а кхоллуш, хин къурд а беш,  къамелаш дан волавелира тхойшиъ: некъан накъосттий, сой. Цуьнан  хIусамнана, корах ара а хьожуш, тхан къамелаца бала боцуш санна, Iаш яра. Юьххьехь дуьйна вовшийн цIераш йохуш довзар ца  хилира тхан.
          «Эцца къамела юккъехь бахьана  хилахь, вевзар ву-кх»,- аьлла сайн  дагахь дитира ас и гIуллакх.
          Корах арахьаьжча, геннахь сегачу чиркхийн серлонаш хаалора. Аьчканекъан асанаш хитталучохь «тыг-дыг», тыг-дыг» бохуш етталор вагонан чкъургаш. Жимма техка а техкаш, буьйсанан бода цоьстуш хьалхара прожектор а йолуш, йоьдура тхан цIерпошт.
          Сан некъа накъост самукъане а, къамелан говза а стаг хиллера. Шеца а,  шена бевза-безачаьрца а Iиттаделла цхьацца хаза хиламаш буьйцура цо. Цуьнан цIе ВахIид хиллера. Къамел ца хадийта цхьацца дийца дийзира сан а. ВахIидан хIусамнана юург тергал ца еш, ойланашка яхна Iаш яра, корах ара а хьоьжуш.
          «Сох ийзалуш, хIума яа эхь хиеташ хила мега-кх иза», - аьлла дагатесна, купе чуьра аравелира со. Цхьа Iалашо а йоцуш, хан яйархьама вагон чухула волавелла а лелла, проводница йолчу вахара. Иза чохь яцара. Маситта минотехь корах ара хьоьжуш а лаьттина, проводница гучуяьлча, цуьнга тхаьшна кхо чай  да аьлла, чувахара со.
          Тхан къамелаш дол-долууш зудаялоран ламасташна тIедевлира. Ламчохь бехачу нехан а, охьарчу нехан а, Теркаца Iохкучу ярташкахь  бехачу нехан а, шайн-шайн башхаллаш хилар гуш дара цу тIехь. Со, тайпана варандо вуйла хиъча, даима гIалахь вехаш велахь а, ламройх дIатуьйхира са некъа накъосташа. Со-м дуьхьала а вацара.
          И тхойшинна къамел, хIинцалц йист ца хуьлуш Iийначу зудчунна тайначух дера дара. Хаъал бIаьргаш серладевлла схьайирзира иза тхойшингахьа. Эццахь чай а схьакхечира. Цунна дагадеара шайн кIоштахь ткъа шо хьалха шена га а гуш хилла цхьа хIума. Цул хьалха а, я цул тIаьхьаа цу кепара зудаюьгуш шена гина а, хезна а ма дац, аьлла тIетуьйхира цо. Со велакъежира. И зуда йигар суна дика девзаш дара, хIунда аьлча, со оцу хиламийн декъашхо хилла дела. Коьрта декъашхо  ала мегар долуш вар-кх со. Амма дерриге шен рогIехь. Сан некъан накъостий болчу юха доьрзур ду вай тIаьхьуо.
               
                *       *      *
          Ялош хилча, зуда шен юьртара, мел генара а шен кIоштара, хила еза бохург къобалдо нохчаша. КIентан а, йоьIан а гергарчарна иштта хуьлийла лаьа. Уьш цу тIе гIертаран дуккха а бахьанаш а ду. Юьртахой дайшкара дуьйна схьа вовшийн дика-вонехь дакъалаца а, гергарло дIакхехьа а атта хуьлу шен юьртахь хилча. Делахь а юкъардаккхар доцуш, бакъо ца хуьлу. Даго а шениг хьоьху. Цул совнаха, мацах цхьаммо ма-баххара, ламастех ламаст а ца хуьлу, наггахь иза дохош дацахь.
          Орцан когашкахь Iуьллучу цхьана юьртара къона Мусост а, Теркйистерчу цхьана юьртара жима Зулай а, шайн дай-наной бертахь а болуш, керла доьзал кхолла дагахь хилира. Ишттаниг инзаре хIума ду ала йиш яц. Делахь а и ши юрт вовшашна дикка генахь хилар тидаме эцча, наггахь бен ца нислора и тайпа генара захало. Сацам хилла баьллера. ХIинца кечамаш бан безара.
          Нохчичохь  карзахе  зама яра. Массера сагатдеш болу хиламаш хуьлура. ГIаланийн а, яртийн  а урамашкахь  алсамбуйьлура  герз карахь долу нах. Царах хIинца тамаш а ца бора. Кхо шо хьалха йоьхнера йухур яц моьттуш хилла йолу онда Советски Союз. Коммунизме болу сатийсам а дIабайра. Республикера уьдуш бара оьрсийн мотт буьйцурш. Низам а, дахаран раж а йоьхнера. Совета Iедал дуогIа герга деъча юккъе доьвла «плюрализм», «демократизм» боху хIума доза доцуш эвхьаз даьллера.  Юккъараллин дахарехь цхьа дакъа а хилла а дIахIиттира митингаш. Вовшашна юьйцу хезна а йоцу «позици - оппозици», боху цIераш а тоьхкуш шина декъе халкъ а декъна карзахбевлла хьийзара хIетахь нохчий. «Оппозици» бохучарах лоруш яра нускал Зулай ехаш йолу юрт. ХIунда аьлча, цигахь бара цу хенахь Дудаев Iедална дуьхьал болу «оппозицин» коьрта ницкъаш. Хиндерг муха ду ца хууш, сингаттамехь дара халкъ.
          Делахь а дахар шен болар деш дара. Адамийн вовшашка безам а кхоллалора, мариенаш а, зудаялораш а хуьлура. Зударий битар а нислора, йитина зуда юха ялош меттигаш а хуьлура. Вай къоначу Мусостана Зулай ялон де а билгалдаьккхира.  Цу дийнахь да лерина башха ловзар дара. Бан безаш дукха кечамаш а бара.
          И де тIекхача кIира хьалха Мусостан дас Мовтас сарахь ша волчу схьакхайкхира шел жимах волу ши ваша: Дагунний, Хьамзаттий. Вовшах дага а девлла, дан дезарг юьхькIам болуш, дика чекхдаккха некъ билгалбаккха  безара церан. Мах бан вига везаш волу молла а, цуьнца баха безаш болу накъостий а цIерашца билгалбинчул тIаьхьа, уггаре халаниг дара къастон дезаш.
          - Вайн ярташна юккъехь кхаа сохьтехь гергга бан везаш, бохулла I20 чакхарма йолуш некъ бу. Царах 20 чакхарма гIали юккъехула дIадоьлхуш а, юхадогIаш а чекхдовла дезаш хуьлу. Дудаевн Iедалехь берш а, оппозицехь берш герзах боьттина бу. Цхьа Iотта-баккхам нислахь…
          - Хилча хIу ду? - юкъаиккхира жимах волу ваша. - Берзалойх кхерахь, хьуьнха ваха а ца оьшу.
          - Машенашкахь дукха кегийрхой хир бу. Уьш хIора ларвина а вер вац, - элира Дагуна.  - Ахь уьш мел леррина дийцина кечбича, харцахьа леларш а, машенаш чехкка хоьхкурш а нислур бу. Позицехь, оппозицехь болчара а ца хаьа хIун дийр ду. Герзах боьттина ма бу уьш.
          - И боху-кх ас, - тIетуьйхира Мовтас. - Дала ма дохьийла вайн ловзаргахь цхьаъ лазор а, машен йохор а.
          - ХIун де вай ткъа? – хаьттира Дагуна.
          - Вай иштта дийр ду-кх, - элира Мовтас. - Цу дийнахь вайн захалой болчу моллий, замой эцна ши машен йохуьйтур ю вай. Цул тIаьхьа цхьа сахьт даьлча кегийчарна а ца хоуьтуш, къайллах кхи ши машен а дIахьажор ю. Ткъа кхузахь нускал схьакхачаре ца хьоьжуш пондарций, вотанций ловзар дIадолор ду.
          Схьахетарехь, хьалххе дуьйна ойла а йина и сацам кечбинчух тера дара Мовтас.
          - Дика дагадеана хIума ду, - элира Хьамзата. – Делахь а кегий нах совцалур бац. Уьш къайлах а, къулах а цига баха гIоьртур бу. Цхьацца  иштта машенашкахь новкъа бевлларш, цхьаьна тобанехь болчарел дуккха а кхераме бу-кх.
          - Делахь, юха а хIун до бохучунна тIе даьхки-кх вай, - элира Дагуна.
          - Дера хаац-кх, - коьртах куьг а хьокхш ойлане велира Мовта.
          Чохь тийналла хIоьттира. И бан беза некъ дуьхьалтесча, вежарех хIоранна хIумма а самукъане сарташ ца гора. ЦIаьххьана тийналла йохош, геннара схьа бумбари йогIуш санна, гIовгIа хезира. Тата чIагIлуш дара. Юха тхевнаш тIехула йоккхачу гIовгIанца, шок а етташ беркиема тIехделира. И мичара схьадеа? Кхузахь беркиема цу хенахь наггахь бен хаалуш дацара. Собар дел цкъа, сацал! Эврика! Кхаанийн а  коьртехь цхьа башха ойла хьаьвзира. Нускал беркиеманахь схьадало деза! Хилитахь и цкъа а, цхьаммо а ца лелина хIума. Амма, гIуллакх хилахь, бала а, сингаттам а дIабоккхур бу цу беркиеман тIехь нускал схьадаладаро. Вуно  дика, шен  метта дага деана хIума ду. Ши эзар шо хьалха, Архимед ларамаза хIинца шен цIарах долу гидростатикин закон схьадилча а, ванни чохь луьйчуш волуш,  воккхавийна хир вацара хIорш санна. Вежарий шайна дага деаначунна чIогIа реза а болуш дIасабуьйхира, кханнехь цу гIуллкхана тIаьхьа довла.

                *       *      *
           ШолгIачу Iуьйрана, вевзаш волчу цхьамма хьиехар а дина, Дагун аэропорте вахара. Хьаькаман приемни схьайиллина яра, чохь цхьа вацахь а. Дукха хан ялале, хьаькам сихачу боларца, юххе ваьлла шина накъосте лекхачу озаца къамел а деш, шен кабинета чутилира. ХIара схьаваре ладоьгIуш, гIанта охьа а хиъна и ларвеш Iашволчу Дагуне салам ца даларал
совнаха, тергал а ца вира цо. Тидам ца бинчух тера дара цуо хиина Iаш волу Дагуна. Жимма хан яьлча, кхин а кхо-виъ стаг гIовгIанца цу кабинета чу вахара.
          - ХIинца-м дахлур дара хIара, - гIила ойлайора Дагуна, - со кхузахь Iаш вуйла хаийта секретарь а яц.
          Амма дукха хьиежа ца дийзира цуьна. Кхунах лаьцца аьллачух тера дара тIаьха чубаханчара. НеIарх арахьаьжира хьаькамца хьалха чуваханчу шиннех цхьаъ:
          - Накъост хьан хIун гIуллакх ду?
          - Суна хьаькамна тIекхача лаьара.. Цхьа хаттар дара сан, – элира Дагуна.
          - Схьа чувола тIаккха.
          - Леррина ладугIуш ву-кх со, - элира стоьла баьрччехь Iаш волчо.
          - Сан цхьа экама, олуш ма-хиллара, личный гIуллакх дара, - хьаькамна дуьхьал вистхилира Дагун.
          - Схьадийцахь эхь а ца хиеташ. Кху чохь берриш а вайнаш бу, - серладаьллачу бIаьргашца шен хьешашка хьаьжира хьаькам.
Дагуна леррина чуьрчаьрга бIаьрг а тоьхна элира:
          - Суна беркиема оьшур-кх...
          - Беркиема? ХIунда? – цецвелира аэропортан куьйгалхо. – Муьлха беркиема деза хьуна: тIеман, киралелон, я спортивни?
          Чуьрнаш шех бела тарлойла хууш, Дагун сих ца лора. Амма жимма соцунгIа а хилла, цо дIаэлира:
          - Вешин кIантана нускал схьадало оьшу суна беркиема.
Хьаькаман цIоцкъамаш ирхдахара. ТIакха, цецвалар дицдеш,  гIадвахна , велавелира иза. Юха жимма метта а веъна:
          - Мича кхаьчна вай, хIан? Вай ца лелош хIун ду? Телевидени а богIий шай шинара цIа ца деъна бохуш лела. Ткъа хIинца нускал дало, замолха дига беркиема оьшу боху! И ду хаза! ХIара ю-кх вай хестийна демократи, хIорш бу-кх вай доза доцу лаамаш! Кхин хIумма оьший шуна? – карзахвуьйлура хьаькам. Юха массо а, забар а йитна, леррина Дагуне хьоьжуш бара.
          - Шун шеконех со кхета, - элира цуо. – Амма шуна ма моьтту, тентак а  вац со. ЛадогIийша цкъа соьга.
          Дагуна  ма-дарра дийцира дерриге а кхолла делла долу хьолах лаьцна. Дийцира шайна, вежаршна, и беркиема Теркайисте нускал схьадало дига дага дар а. Кхуо дийцинчух хIинца дика кхийтира чуьрнаш. Йиллинчу хенахь нускал дехачу эвла йистехь МИ-8 олуш долу киралелон беркиема хуьлуьйтур ду, аьлла, барт хилира церан.

                *       *      *
          Нускал схьадалада билгалдина де тIекхечира. Мовтин  кертахь хьалххе дуьйна адам гуллуш лаьттара. Шай цIийна  чоьхьара нах бара кхузахь дукха хьолахь ба-м,делахьа  кхиболу дехьа-сехьара хьеший а тIеоьхура.Амма
дахаро шен хийцамаш бира. Хьалхарчу буса дагахь доцуг хилира. Шу марша, дIаваьллера Мовтин генаро гергарло долу цхьа стаг. Иза ишколана юххехь вехаш вара. Оцу ишколан кертарчу спортан майдана охьадоссо лерина дара  беркиема. Кхечу хьелашкахь и ловзар а, зудаялор а тIаьхьатеттина хир дара. Ткъа хIинца  зуда схьа а ялийна, Мовтин кертахь ловзар а ца деш, и гIуллакх дIадерзо сацам бира. Юьртана ши-кхо чакхарма генахь орцул дехьахь пионерийн лагераш яра. Цигарчу  футболах ловзучу  майданахь беркиема охьадоссор билгалдаьккхира. Тойне схьаоьху хьеший а циггахь гулбан беза элира. Беркиема схьакхаччаллц хьеший цигахь шайн пондар а локхуш, хелхаран бал а боккхуш Iийр бу аьлла. Берашна ловза меттигаш а ю цу меттехь шортта.
          Итт сахьт долуш Мовтин кетIара ши машен новкъаелира. Царна чохь бара молла а, Мовтин гергарчех лоруш волу ши стаг а, Хьамзат а, Мусостан ши йиша а. Цаьрца 15-16 шо кхаьчча кIант а вара, Мусостан шича, чамди чохь йоккха «Панасоник» олуш видеокамера а йолуш шеца. Кхера барт бара дIа ма кхеччи цигахь лело дезаш долу хIума лела а дина, хIума кхоллучу юккъехь беркиеме ладегIа. Цуьна гIовгIа ма хеззехь, йоI йолчаьрга дIа хоуьйтур ду  нускал дIа муха дуьгур долуш ду. ТIакха замой шаьш схьадаьхкина машенашкахь нускал а эцна эвла йисте беркиема охьа хиинчу майдане тIегIур бу. Цигахь нускаллий, цуьнца берший беркиеман тIе а хоьвшина хIаваэхуьла къилбехьа дIагIур бу. Иштта дира ду аьлла бина барт бара, амма муха нислур ду  хууш цхьа а вацара, Дела ша воцург.
          Шина сохьтехь сов некъбича кхин хьовзам боцуш дIакхечира хIорш Теркйисте. Цигахь кхарна дика кечам бина хиллера. Нускал дехаш йолу хIусамаш хьеший цецбохуш яккхий хиллера. Чуьра хьал а безамехь дара. Схьаеъна ши йоI нускал долчу чуйигира. Захало дийца а, кхочушдан а баьхкинарш комаьрша кечдинчу шуьне охьаховшийра. Массо а велакъежна, самукъане а вара. Забарш а, белабаларш а хезара. Шел йоккха юьй-те аьлла йолу «Панасоник» эгIазчу белшаш тIехь а сецош, дерригенан сурт доккхуш, дIаяздеш хьийзаш видеооператор а вара. Наггахь шуьнан гонаха хьаьвзара и, юха нускал долчу  воьдура.
          Моллас, дехьа чу а ваьлла, ши теш юххехь а волуш, нускалан дегара а, цул тIаьхьо нускалера а мукъ баьккхина, шарIо ма-бохху мах бина  чекхдаьккхира ша дан лерина гIуллакх. Массо а хIума йиъна а, чай мелла а бевллера. Амма хьеший хьалагIовттуш бацара. ХIусамадайшна хьеший дIабаха мегар дара, аьлла хеташ хила а мегара. Ткъа хьеший вовшашка а хьоьжуш, беркиемана гIовгIа хазаре сатуьйсуш Iаш бара. Жимма тийналла хIоьттира чохь. Моллас шен каралецира и гIуллакх. Делан кхиелах а, яздинчух вала йиш ца хиларх лаьцна дийца волавелира иза.
          - Вайн кхолламаш шашаха, я ларамаза хуьлуш бац. ХIора адаман хиндерг Дала азаллехь билгалдина ду, - хьиехам бан волавелира  молла, чохь хIоьттина йолу тийналла а йохош. -  Тахана тхо кхуза кхачар а шашах ду моьттухирду шуна. Дац. Вайн кIант а, йоI а дуьненчу а далале яздина хилла церан цхьаьнакхета дезаш хилар. ХIоранна шех боьзна бу цо хоржуш болу некъ. Амма яздинчух кIелхьара вала йиш яц.
          - Кхин цхьа хIума тIетоха а лаьара суна, - бохура моллас шен къамел дахдархьама, беркиеманан гIовгIа хаззалц, - хууш ма ду, таханлера вайн захало шеконе дуьллуш берш хир бу шина а агIор. Тхо долчу агIора болчара ала тарло:  «Кху цIахь дало нускал ца карийна те кхарна?» Кхузарчара шух лаьцна ала мега: «ЦIахь маре яхийта ца мегар те кхара шайн йоI?» Шина агIонна а стенна оьшу хIара генара захало?
          - Цаьрга массаьрга а боху ас, къинош ма летаде шайна тIе, гIийбаташ деш. ХIара захало азаллех кхолладелла ду. Доцца аьлча, мацах тхан эвлара Iисас ма аллара,  кегийчарна а, церан дай-наношнаа хорошо делахь, кхечарна ладно хила деза-кх хIара гIуллакх, – вела а луш, чекхдаьккхира моллас шен къамел.
          - И стенна тIехула аьлла ду? – хаьттира хIусамдайх цхьамма.
          - Тхо долчохь массарна а хууш ду иза. Дийцахьа и кхарна, Хас-Мохьмад, - аьлла шеца веанчу накъосте дош делира моллас.
          - Нохчий цIера баьхна Казахстанехь болуш, тхан юьртахочо Зубайрас ялийна хиллера, шен дай-наний дуьхьала доллушехь, цIера кхечу юьртара йолу йоI. Зубайрин дас Iисас шен хIусамненаца цхьана яло билгалйина кхин йоI хиллера, кхера эвлара а йолш. Шаьш бохург а ца деш, кIанта кхин зудаялор халонга даьлла хиллера Iисина. Гергарчарна а, лулахошна и хьал хууш хилла. Дуьхьал моссуза кхийти, Iоттар еш санна хоттуш хиллера цара: «Нус муха ю вай, ва Iис? Реза дуй шу несана?» Ша хIуъу аьлча а наха харцахьа тидарна кхоьруш, дуьхьала жоп ца луш, IадIаш хилла Iис. Цкъа маццаъ шена и хаттарш кIордийча, Iисас доцца хадош, аьлла хIинца кица хилла лелаш долу дешнаш: «Зубайрин - хорошо, Iисин - ладно!». Цул тIаьхьа цхьаммо а Iисиг несах дерг ца хаьттинера, – чекхдаьккхира шен къамел Хас-Мохьмада. Кица массарна а  тайра. Нах бийлабелира.
          Цул тIаьхьа минот ялале, геннахь беркиеманан тата хезира.  ГIовгIа совйолуш яра. Юьрта тIехула цхьа-ши гуо а баьккхира цо, ша схьакхаьчнийла хоуьйтуш санна. Хьеший са паргIат а даьлла баккхийберца вовшашка хьаьвсира.
          - Тхуна тIаьхьа богIурш схьакхечи моьтту суна. Оцу беркиеманца дIадаха дезаш ду тхо, - хаам бира моллас  хIусамдайшка.
          Массо а инзарваьллера нускал беркиеманахь дIадуьгу бохург шайна хезча. Массеран лере а кхечира и хаам оцу минотехь. Нехан цецбовларан доза дацара. Ткъа хьеший дукха чехка дIабаха тогIа белира. Хьамзат нускал кечдинчу чоьхьа велира. ДогIуш ма-хиллара, «йохк-иэцар» дира. Нускалан дола дечу зудчуьнга баьццара ахча а кховдийна, нускалах богIу «мах»:
          - БисмилахIирохьманиррохьийми… Тахана дуьйна дIа тхан нус ю-кх хьо, - аьлла арахьа волавелира Хьамзат, дукха йоьхна, бегош болу Зулайн пхьарс а лаьцна.
          Еххачу сени чухула зударий, берашний юккъехула  аравелира Хьамзат  нускалцаний.  Шинна  а агIора декъалйора йоI. Декъалдаран ловцаш хезаш лекхачу лами тIера меллаша чу а доссина, цу лами юххехь лаьттачу машен чу хаийра нускал. Цунна шина агIора юххе хиира ши марйиша а. Церан неIарш тIе а къевлина, шоферан юххе машен чу  Хьамзат а хиира. Хьеши схьаеана ши машен меллиша уьйтара ара а яьлла, эвла йисте беркиема вахь дуьссинче дIатилира.
          Кхеран оцу новкъахь дуьхьало йоцуш дIадахар дара цецвоккхуш. Нускал дуьгачу меттехь бераша  моссуьйттаза некъ лоьцуш, машенаш сецош хIума ма хуьлу хIора юьртахь а, гIалахь а. Иштта ламаст ду-кх вайн. Уггаре а сих-сиха нускал дехачу урамехь а нисло иза. Шайн караеънарг такхайой,  некъ боьхкуш дуьхьало йо бераша. Новкъа таса тарло коьллаш, генаш, муьлхха еха дечиг, эчиг. Муш, я зIе тосий меттиг а нисло. Наггахь баккхийнаш а ца къаьхка некъ лаца.
          Нускал долчу юьртара берашна а хууш дара шай юртара йоI тахана ара йолуш юйла. Цара кечам бина а хир бара некъ лаца. Амма цIаьххьана охьадоьссинчу беркиемано церан Iалашонаш галъяьхнера. Бакъдерг аьлча, и беркиема мультикехь ма-дийцара, стигал басахь дацара. Делахь а хьанна хаьа? Цу тIехь берашна маьхза гайта еана кино а, пхи бIе эскимо а хила ма тарлора. Массо а бер эвлайисте, оцу тамаше хьовса, дIадахнера.
          Цундела, некъ паргIат а хилла, чехка беркиема долчу кхечира нускал эцна боьлхурш. Цигахь хIоьттина хьал иштта дара. Беркиеман гондахьа дукха адам гулделлера. Церан тоба стамлуш яра. Юххехула тIехболу новкъахь,шина а агIора схьайогIу машенаш юьстах йохий сецош, хуьлуш дерг хIун ду хаа лууш хуьлура массо а. И беркиема хIунда деъна ца хууш, сагатлуш берш а бара. Вовшашка ден хеттарш а жоп доцуш дуьсура. Беркиеманан хьийзаш долчу, дехачу пиллигаша чехка дарц даьлча санна мох хьоькхура. Хьалхахь тIегIуртийла а яцара  охьа таьIний бен.
          «Цара мотор дIа хIунда ца йойъу? Нускал хьала муха доккхур ду хIокху хьолехь? Цуьнан кIайчу духарна хIун хир ду хIокху дорцехь»? -  дуккха хаттар хьаьвзира Хьамзата коьртехь. Зама луьра йолу дела, цхьа тешнабехк оцу тобанна юккъера шайна барна кхоьру те и беркиеман пилоташ? Хууш ма-хиллара, «оппозицин» бен болу юьрт ма яй хIара. Массане хила тарло… ХIорш гинчух тера дара беркиемантIехь. Цхьа жимо неI схьаеллаелира. Цу чуьра охьакхоссавелира цхьа жимха. Иза Мовтин гергара стаг хиллера.
          - Беркиеманан аккумуляторш ледара йолуш, дIаяйъича и мотор юха хьалалаталур яц шайга боху цара, - элира цо Хьамзатига.
          Оцу чехкачу мохехула нускал беркиеманна тIе хьаладаккха дезара. Шен вешин шина йоIе, нускал машенара охьадоссадайтира Хьамзата. Нускал гучудаьлча, гондахьара адамаш кхин а  чIогIа цецдевлира. Юха, ша бахьана долуш хIара йоккха гIовгIа эккхийтина йоI хьенан ю те бохург хаа лууш бара нах. Амма цунах гIуллакх ца хилира. Хьамзата шена тIера схьаяьккхина дари, пилг санна яй, костом нускалан корта къайла боккхуш тIекхоьллира. Хьалхахьа охьа а теIаш нускалца беркиема долчу тIеведира Хьамзат. Цуьнан накъостий а цунна тIаьхьа хьаьвдира. Халла тIекхечира уьш. Хьамзат чехка чоьхьавелира беркиеманна. Юха жимачу лами тIехула нускал а, шен вешин ши йоI а хьалаяьккхира цо. Биснарш а хьалабевлира. Массеран а, нускал доцчун, месаш мохо дIасаяржийнера. Ткъа нускалан тойина месаш, Хьамзата доладар бахьана долуш, меттах ца евллера.
          Беркиеманхошний, кхарний  юккъехь дукха лекха а доцуш ога дара.  Цу тIехула кхаьрга схьа а вирзина  царах  цхьаммо кхарна хьийхира беркиема хьалагIоттуш а, дIадоьдуш а, охьахууш а хIорш муха Iан беза аьлла. Чекхволуш доьхкарш дIатаса а элира цо.
          - Тхо чуэгарна-м ца кхоьру хьо? – забарйира замойх цхьамма.
          - Шайна хуур ду шуна, – велакъежира беркиеманхо.
          Хьамзат оганна тIевахара. Цхьа боккха Iаьржа пакет дIакховдийра цо беркиеманхочуьнга. Вукхо безо болу и тIоьрмиг схьа а эцна хаьттира:
          - ХIун ю хьан кху чохь?
          - Берашна морожени иэца ахчанаш ду. Вай хьала гIоьвтчхьана и пакет оцу лаьттахь буьсчера коьрташна тIе чуерзор ю-кх ахь, - гIад вахна велавелира Хьамзат.
          Россехь 1993-чу шеран аьхка советски соьмаш лелачуьра совцош, керла российски ахча юкъадаьккхинера. 100, 200, 500, 1000  соьмаш долу кехат ахча дара и. Цул совнаха 5 000, 10 000, 50 000 сом долуш ахча а хецнера ара. Амма эца волавелча кIезга хIума-м йогIура цунах. ЧIогIа дайделлера ахча цу заманахь. Масала, цхьана американски доллар мах 1 000 соьмана тIекхаччалц хьалабаьллера. Нахарт олуш Ичкерин ахча а ду арахоьцур долуш, бохуш къамелаш а хезар нахана юккъехь.
          Ишттачу хьолехь шена дукха зен а хир доцуш, нехан  самукъа а дера долуш  хIума дагадеънера Хьамзатна. I00, 200, 500 соьмийн кехатийн масех туп ахча кечдира цуо. Юккъехь леланза цIена ахча дара иза. ХIора туппана юккъехь бIе кехат хуьлура. И керла ахчанан таппаш схьа а яьстина, хьарчийна оцу Iаьржачу пакет чуйоьхкнера Хьамзата. Юха цу пакет чохь дикка кега а динера цуо и кехат ахча.
          Моторан гIовгIа  совъелира. Беранаш чехка хьаьвзира. Лаьттах дIакъаьсташ йиега а йеш хьалаайъаелира болатан машен. Стохкалера  якъаелла буц а, чан а гIаьттира хIаваэхь. ГIеххьа лакха а даьлла, стиглахь кхозаделира беркиема. Цунна бухахь маьхьарий детташ, куьйгаш лестош адамийн йоккха тоба яра.
          Беркиеманхочо, шена юххера жимо кор схьадиллира, цу корах ара а кхевдин, шегара пакет охьаерзийна, цу чуьра ахча чуластийра. ХIаваэхь хьийзаш, мохо хьалий-охьий идош, меллаша лаьтта охьаэгаш дара къорза ахча. ЦIеххьана стиглахь кхозуш хилла дола беркиема сихонца къилбехьа дIатилира. Цунна тIаьхьатасайелча санна, яхъелла ахчанийн шуьйра аса яра. Бухарчу адамашна, дуьххьарлера бес-бесара кехаташ лаьтта охьакхаьчча хиира хуьлушдерг хIун ду. Цигахь хилларг тIаккха! Маьхьарий детташ беркиеман дIадаханчу агIора дIахьаьвдира уьш, охьаэгаш долу ахчанаш а гулдеш.
          Беркиеман тIехь болчарна и ма-дарра ган йиш яцара. «Куьг бехкениг» а яра эхьхиеташ лаьттан бIаьра хьоьжуш Iаш. Шен синхаам хьулбинера цо. Вуьш, самукъадаьлла корашкахула охьахьуьйсура гушдолчу башхачу суьрте. Хенан хIоттам хаза бара. Сийначу стиглахула некадора кIайчу мархаша. Къеггина хьоьжуш малх а бара. Бухахь гушдолу сарташ кино чохь санна хийцалора. Меллаша тIехъюьйлура дола ца деш дIахецна мокха аренаш, аьхна Iаьржа латта гора, хьаладевлла гуьйренан ялтанаш а хаалора. Хьийзаш богIуш некъ бара. Оцу новкъахула дIасаоьхуш кегий  машенаш а гора. Видеооператор а вара цхьана жимчу корера  вукху коре дIасауьдуш, и башха сарташ дохуш хьийзаш.
          ГIалина тIехула ца довлуш, малхбузехьахула чекхделира беркиема. Цхьа  шовзткъа  минотехь  бен  кхин  беха а ца хиллера и хIаваэхула бо некъ.
          Йиллинчу метте, пионерийн лагере дIакхочуш лаьттара уьш. Орцан къилбаседа агIуора Iуьллуш яра и лагерь. Ткъа Мовтин юьрт оцу орцал тIехьа Iуьллура. Амма хьалххе барт бина ма-хиллара, юрт йолчу агIора ца дахара беркиема. Лахахь буьрканах ловзу майданахь цаьрга хьоьжуш  йоккха тоба яра. Массара а куьйгаш лестош маьхьарий хьоькхура. Бераш даккхийдеш кхиссалора. Царна тIехула масех гуо тесча, беркиеманхошна хиира хенан хIоттам хийцалуш буйла. Цигахь и тамашийна а дацара. БIаьстенан юьххьехь ишттаниг сих-сиха нислора. Малх къайлабелира. Орган чIожехула мокха мархаш схьахьаьвдира. Стигал макхъелира. ДогIа доладелира. Лаьттара адамаш догIанах девдда цхьаберш кхалораш  кIела хьаьвдира. Важаберш шайн машенаш чухевшира. Беркиема охьа ца дуссуш, кхозаделира.
          - Охьа хIунда ца ховшу вай? – хаьттира Хьамзата.
          - Майда шера яц. Раз ю, хила мегачул а сов. Буца ю тIеда. ЧIогIа бацахь а, мох а бу хьоькхуш. Беркиема чухахка даларна, харцарна кхиерам бу. Охьаховша кхин меттиг лаха еза, - элира беркиеманхочо.
          Юха а лакхадаьлла беркиема оцу лагерна юххехула тIехболучу некъал дехьа Iуьллучу аренга хьаьвзира. Цхьана агIора коьллаш а, вукху агIора бIарийн беш а йолуш, цу юккъехь аьхна Iуьллуш ехха аса яра, некъа тIера генна дIайоьдуш. Цу тIехула а хьаьвзина оцу охунна юккъехь цхьа шеро меттиг карийначух тера дара беркиеманхошна. ТIуьна йелахь а, йочано качдинчу охунна тIехь беркиема бухарчу гура тIекхаччалц къайладолуш лаьттах даха кхиерам белахь а, цара беркиема охьахаийра. Теркайистехь санна сацанза хьийзаш дара беранаш. ДогIа а сихлуш дара. Охунах ткъарш хила мегара. ДогIа саццалц Iан йиш а яцара. Я и маца соцур ду а ца хаьара. ТIаккха кхаьрца схьавогIаш вола Хас-Мохьмада мохь туьхира:
          - ХIара догIа хьаха ду окху захалонан тIаьхье беркате хирг хиларан тоьшалла! АлхьамдулиЛлахI! Дуьло, охьадуьссу вай!
          - Вперед! – хIорш ир-кара хIиттош мохь туьйхира кхечо.
          - Дала динарг ша дерг а дика ду! КIентий, мехкарий, гIовттал! Хьалхарниг - вало! – аьлла, ша шена омра а дина, массарел хьалха лаьтта воьссира Хьамзат. Хьалххие кечбина хилла, ши тIегIа долу жима лами а хIоттийна, нускална охьа юссуш гIо дира цо. Вуьш а царна тIаьххьий охьабиссира. Хьийзачу беранаша иштта чехкадогIучу догIанан тIадамаш юьхьдуьхьал деттара. Шийлачу мохо ловзо шен гIабали а, кирхьа а сецош дара нускал. Массо а тIадийнера. Гуш хIума доцуш мокха догIанан пен бара гондахьа. Охуна йистехь генхьо байтIаьхь лаьтташ машенашца кхарна дуьхьал баьхкинарш бара. Нускал кара а эцна дIаваха дагадеара Хьамзатна цкъа. Юха ша и нускал а карахь оцу ткъарша юккъехь висна охьавожахь, кхин а эрчадолу хIара, аьлла, и ойла дIатеттира цо. ТIаккха Хьамзата мохь туьйхира юьстах лаьттачаьрга:
          - ХIун деш лаьтта шу, латта! Схьадуьйла! ДIаэца нускал!
          Хьамзата вешин берех шиъ тIеведира, гоьллелц бохург санна хоттала а оьхуш. Цхьацца пхьарс а лаьцна нускал дIададийра цара. Башхачу, лекха кIажош долчу тухлеш чохь болу нускалан кегий когаш, цкъа хотталахь къайла болуш, юха хIаваэхь лесташ бара. Ши кIант шаьшшиъ а хоттал оьхура. Амма, болар кхи лагI цадеш, чекхвелира и шиъ оханна тIехула. Царна тIаьххье хатташа буьзна, тIадийна, милла сенбелла бола замой а сехьа бевлира. 
          Цхьана машен чохь къорза юргIа а карийна, иза эгош лаьтташ дола нускалах хьарчийра цхьаммо. Оцу ткъорша юккъехула замойшна доьхьал йаьхкина машенаш, уьш чу а ховшина, хала а, атта новкъа йоьвлира.Некъ маьрша бара. Цхьаммо некъ а ца лоцура. 1аьмнаш а, дуьхьал детта дог1а а тергал ца деш д1ахаьхкира машенаш.Т1еоьг1ш  комаьрша б1аьстенан дог1а а долш Мовти к1ет1а кхечира т1аьххьара а нускал дало замой.

                *       *      *
           Со дийцина велира. Тийналла х1оьттира купе чохь. Буьйса юкъал т1ехъяьллера. Мелла а шелъеллера. Тхан ц1ерпошт йистйоцчу г1алмакхой аренашкахула йоьдура, шен аьчкан тата а деш. Ас дийнчуо инзарбаьхнера сан некъанакъостий. И шиа дист ца хуьлуш 1ара, х1уммаъ ца хоьттуш. Амма т1аьххьара Вах1ида дина хаттар дог1уш дара:
          - Хьан ц1е х1ун ю? Оццул къамелаш деш ца вовзийти-кх ахь хьуо.
          - Вай юьххьехь дуьйна вовшийн ц1ерашца довзар ца нисделира, цул т1аьхьа товш а ца хетара. Цхьа бахьана даллалц, бохуш 1ара со-м. Х1инцца санна, - велакъежира со.
          - И Хьамзат хьо вуйла хиира суна хьалхехь дуьйна, – къамеле елира зуда.
          - Со вац-кха иштта х1ума хууш, – «хьан ц1е муха ю?», бохуш санна, элира ас.
          - Пет1мат, – кхийтира иза ас бохучух. – Хьан инзаре дийцар  цхьа башха кино а яккха мегар долуш ду. Суна цкъа а хезна дацара ишттаниг.
          Цкъа мацах беркиемана т1аьхь Теркйистера нускал дигнера  бохуш дола дийцарш суна а хезнера. Амма и дийцарш цхьатера ца хуьлура. Я ца хилларг хиллера оли  т1етоьхна кара дора суна, я хилларг юкъарадаьккхина карадора. Цхьаволчо, дийцар хаза хилийта олий шен дагахь, шеггара тIе пуьташ тухура. Тхан керлачу гергарчу нахана, Зулай цIерачарна,  а ца хаара цу дийнахь оха лелинчух, наха тайп-тайпана шайна дийцинчул совнаха. Ткъа суна лаьара и хIума нускал беркиемана тIаьхь дIадуьгуш цигахь хиллачо, ше бIаьргашна и гинчо, дуьйцийла. ПетIмат царех яра. Цундела ас цуьнга дехар дира:
          - Дийцахь, ПетIмат, хьайна гинарг цу дийнахь, дийцахь…
          - Цу дийнахь со сайн вешица а, цуьнан доьзалца а и беркиема охьадоьссина меттехула тIехйолуш яра, - аьлла дIадолира ПетIмата шен къамел.
          - Цхьа ондда аьчкан чарх яра беранаш а хьийзош, инзаре гIовгIа яьккхина, лаьтташ. Цу хьийзачу беранаш дарц санна хьоькхуш мох а бара. Буьрса сурт дара. Тхоьца машенахь догIу берийн цу суьртах ч1ог1а самукъадаьллера. Тхешан машен юьстах а яьккхина, гулъеллачу тобанна тIедахара тхо. Массара гIарош йора. И беркиема хIунда деъна ца хууш, сингаттаме а бара нах.  Амма  массарна  а баьхкинарш  «дудаевцаш»  бу,  аьлла  хиетаделлера.
          Беркиеман чуьра араволуш стаг а вацара. Цуьнан беранаш ца совцуш хьийзаш хиларна, и хьалагIатта тарлуш дара. Цундела нах дIаса ца бовлура. Мелхо а хуьлуш долчунна тIаьхьакхиа гIертачеран тоба стамлуш яра. Массарна хIун хуьлу хаа лаьара.
          Эццахь новкъара чуйирзина цхьа Iаьржа ши «мерседес» тхо долчу агIор чухахкаелира. Хьалхарчу машена чуьра охьаиккхира цхьа жима  стаг. И хьо хилла-кх, - елакъежира ПетIмат. - ШолгIачу машена чуьра охьабиссира куьцехь ши стаг а, видеокамера карахь а йолу жима стаг а. И камера шен белша тIе а йиллина сурт даккха волавелира иза. Цул тIаьхьа беркиеманчуьра охьавоьссира цхьа стаг. Иза машенашна тIевеара. Цо цхьаъ элира хьоьга. Хуьлуш долчух ца кхетара гондахьарниш. Хьалхарчу машена тIехьара неI схьаеллаелира. Араелира цхьа жима зуда. Жимчу стага, юххера кегийчу зударш цунна гIо а деш, чукхевдина, пхьарс а лаьцна, меллаша охьадоссийра…нускал.
          ХIинца массо а кхийтира: беркиемана тIаьхь берш «дудаевцаш» бу зуда йига баьхкина. И маре йоьдуш йолу йоI хьена, мила ю хаа луъш вара массо а. Вовшашка хоьттура цунах дерг. Нускал юьхь кирхьан кIелахь ца къаьстара. Хьоькхш луьра мох а бара. Эцца ахь хьайн костом нускал коьртана тIе кхоьллира. Доцца аьлча, нускал а, цуьнца хилла замой а беркиеман чохь къайлабевлира. Иза жимма лакха а даьлла цхьана меттехь кхозаделира. Цул тIаьхьа къилбехьа дIадахара. Стиглара охьаоьхура бес-бесара кехаташ. Уьш мохо ловзош хIаваэхь хьийзара. Беркиеман цIога санна хеталора и сурт. Массарна а уьш «листовкаш» ду моьттура юьхьанца. Амма хьалхара кехаташ лаьтта охьакхаьчча хилларг! Иза ахча дуйла а хиъна бераш, зударий, божарий а цхьана, вовший дIаса а туьттуш беркиемана тIахьа хьаьвдира. ХIаваэхь доллушехь и ахчан кехаташ схьалаца гIертара цхьаберш.Ког тасалой охьакхетара. ХьалагIоттий, юха а дIабовдура. Башха сурт дара. Ткъа стиглара меллаша охьаоьхуш ахчанан кехаташ дара. ЦIена, банкера ара
ма-хеццара, бес-бесара ахчанаш. Цу кеппара ахчанан дог1а дар-кх стиглара охьаоьхуш, - чекхдаьккхира Пет1мата шен дийцар.
          - Цул т1аьхьа цхьа шо далале тхан доьзалш мух1ажарш а хилла шу долчу баьхкина ма 1ийра. Эхашарахь бохург санна-м 1ийра. Амма иза кхин дийцар ду, – элира ас, тхай къамел цу т1аьхь чекх даьллий а хоуьтуш.
          - Х1ан, дика ду делахь, Хьамзат. Мусостан, Зулай дахар муха нисделира мукъа а алахь? – хаьттира Пет1мата.
          - Йилбазан лергаш Дала къордойла! Ч1ог1а бертахь, боккха а, хаза а доьзал бу цушинна. Царна - хорошо, тхуна – ладно,  бохаш 1аш тхо а ду-кх, -  доцца дерзира ас сай къамел, вела а луш.



               
                Гочдина Исмаилов Абус

               Рассказ опубликован в литературно-художественном журнале "Вайнах",
               №1 за 2017 год. Переведен на чеченский язык и опубликован в
               литературно-художественном журнале "ГОЧ", №2 за 2017 год.