Ден Зайнди-Хьаьжина безамна

Петимат Абубакарова
Деса ду тахна тхан кертахь,
Да вирзи Эхартан беша...
Декъал  и  хиларх дог теша-
Доьзал цуо  кхиийра бертахь...

Кхии ц1а дог1а, беш йог1а,
Т1аьхьенна диканиг хьеха.
К1ордош и вацара деха
Фирдовсан не1аран дог1а!

Вара т1ех г1иллакхе,оьзда,
Воккханиг,жиманиг лоьруш,
Вара ша 1ожаллех кхоьруш,
Динца шен 1амалаш йоьзна.

Аллах1ан бен дан г1о доцуш,
Д1аваха, дуьтуш тхо цхьалха,
Хьан  васт ду б1аьргашна хьалха
Цкъа а тхох д1акъаьстар доцуш!!!