Жижиг духкучохь
Мацах цкъа, цхьа куро, лохачу дег1ехь велахь а, шех г1еххьачул б1о булуш а волу, цхьа накъост г1алахь жижиг эца вахана хилла. Х1ара ваг1анчу жижиг духкучу меттехь и эца веана рог1ехь лаьтташ масийтта божарех стаг а хилла. Царна юкъе нисъелла цхьа жима, товш зуда а хилла-кх.
- Т1аьхьара мила ву? – аьлла, хатта а хаьттина, шен рог1е д1ах1оьттина, бухарниш санна, жижиг эца веанарг.
Луьйш-олуш хан а йойуш х1орш лаьтташ, тIевеанчо, и зуда хьовзо дагахь, аьлла-кх:
- Ва зуда, ахь мукъане а х1ун леладо те, х1окху божаршна юккъе а еана, хьай ц1ахь ца 1аш, дуй хьуна?..
Т1ехьаьжна а маттана ируо йолчух тера йолчу зудчо, кхунна дуьхьал а йирзина, йела а къежаш, аьлла:
- Ватта, сан Дела! И х1ун къамел ду? Шуна санна жижиг ца деза сунаъ?
- Дезахь, хьан-сан десара, неха зударша санна, хьай стаг ваийта ма веза, дуй хьуна…
- Стаг ца хилча х1ун да деза т1акха? Шун зударийн санна, массера а ма бац стегарий…
- Дера беза, дуй хьуна, хьайн цхьа г1айг1а бан. Ца хуьлча т1е далахь, со а ву-кх хьуна кху меттехь лаьтташ, бе д1а а ца хеташ, дуй хьуна, - аьлла, куро хаьн т1е куьг а диллина, д1ах1оьттина накъост.
- ?!
- Бухахь кхоъ йолуш ю, хьо цхьаъ т1екхетарх галдала х1ума а дац, дуй хьуна- деца хьуна...
- Эс-сай… - аьлла ца йешаш зудчо, коьртера когашка кхаччалц леррина къонахчух б1аьрг а тухуш.
Т1акха т1етоьхна:
- Хьо схьагушверг бен вуй иза?! Цу Делан вазалора, хьан йоьалг1а зуда а хилла, хьуна рог1е х1уьттучул, кху метте, йелла д1айаллалц, жижиг эца баьхкинчеран рог1ехь латта реза ма ю со… Хьуна х1ун моьтту мотта?!