Гакаев 1арбин-60 шо

Банжаев Аьрзу
Хьалха - мартанан к1оштарчу коьртачу библиотекан  дирекор волчу  Сулейманов Руслана  цхьанакхетар вовшахтоьхнера  шен библиотекехь. Вовшахкхетар  бахьана дара  Россин яздархойн  союзан а, Россин  журналистийн союзан  а декъашхочуьнан Гакаев  1арбин кхузткъа  шо  кхочуш юбилей  хилар. Цхьанакхетаре баьхкина  бара  дуккха 1арбин  доттаг1ий а, гергара  нах  а. Царна юкъахь  вара Нохчийн Халкъан  Яздархо Рашидов Шах1ид, иштта  Нохчийн Халкъан  Яздархо Яричев 1умар, поэт-яздархо Эльжуркаев  Мохьмад, илланча  Ясаев Мохьмад, яздархойн союзан  коьрта редактор Ирисханов 1имран, поэт  Галтаков Леча, журналист Ларсанукаев  Увайс, Исмаилов 1арби, Сулейманов Ахьмадан ц1арах йолчу  музейн директор Сулейманова Совдат, критик Гацаев 1арби, поэт Хизриев Адам,поэт Шахабов Сайд-Селим, поэтессаш Резванова Айза, Джабраилова Азман.Иштта  цу цхьанакхетаре баьхкина  бара 1едалан  векалаш а, 1арбин  кхолларалла йоьвзуш, езаш  болу г1еметтах1иттина  нах а, школан  дешархой  а. Дуккха  довха дешанаш  элира баьхкинчара. 1арбин байташ дика хилар  а, иза  кхиъна  ваьлла поэт  хилар билгалдаьккхира  шен къамелехь  Рашидов Шах1ида, Яричев 1умара  а  1арбин байташ дуьххьара дуьйна  а  ша  тидаме лаьцна  хилар, цуьнан говзарийн  ша  тайпа хат1  хилар, чулацам дика  хилар  хаийтийра. Ишта х1ораммо  а  элира 1арбин  кхоллараллех шайна  хетарг. Цуьнан кхоллараллин лаккхара  мах  а  хадийра.
1едалан  векалш  а  ца бисира  юьстаха. Нохчийн  яздархойн союзан  коьртачу редактаро Ирисханов 1имрана, яздархойн союзан  ц1арах «декъалваран  кехат» д1аделира 1арбига, мэрийн  векало "грамота"  а  елира, иштта «баркаллин кехат» даийтинера ХЬалха-Мартанан к1оштарчу адимнистрацин ц1арах а. Шайна 1арбин кхолларалла  евзий, езий  гойтуш, дешархой а  цуьнан байташ  а йоьшуш, цу  суьйренан декъах  баьхкира. Суьйре  ерзош, дуккха а  цхьана  безамна суьрташ  а  дахийтира.

“Маршо”газета 23 бекарг бутт (март) 2018 шо