Хийцаме б1аьсте

Аза Атагинская
Дадийна далийна жима нускал санна
Цкъа екхна хуьлу хьо, самукъадоккхуш,
Г1уг1 доккхуш тохало, х1утту ткъес детта,
Ткъарш баржош, де-буьйса доккху ахь, йоьлхуш.

Еа хьо мехашца, дог1нашца, хатташца.
Хьан замой оьг1азе, дера бу цкъацца.
Цкъа аьхна йовхо ахь кховдайо лаьтте.
1аламах чекхъюьйлуш, хьан шело хьаьрча.

Мархашлахь малх лачкъош, я гучубоккхуш,
1алам ахь 1ехадо дохдеш, я шелдеш.
Цхьанаэшшара цахиларх, хьох даккхийдедо,
1аьно сатийссина рог1ера б1аьсте!

Азман Джабраилова