28 Дахарехь зеделларш

Сайд-Эмин Мартанхо
271) Доьналла ду г1алат ца далийтар. Цул ч1ог1а доьналла ду шен г1алатна къера хилар.

272) Кхел яле бехказло лаха еза.

273) Доцчунна бен ахча оьшуш а ца хуьлу.

274) Г1алаташ дукха хилар мукъа ца 1еран билгало ю.

275) Цхьаверг вовза дахар а ца тоьъу, ткъа кхечо ша сихха вовзуьйту.

276) Шена г1уллакх мел ди шена декхарийлахь хеташ хуьлу цхьаверг.

277) Жимачуьнгахь хаза дерг, воккхачуьнгахь товш ца хуьлу.

278) Мукъа стаг кхечуьнан хан кхоош ца хуьлу.

279) Ма дакъазалла ю къанвелча а къона хилар.

280) Селханлера хьал ца девзинарг таханлерачу хьолах кхетар вац.