Диканиг а, вониг а довш дац

Асламбек Гайтукаев
 Цхьана дикачу стага сих-сиха олуш хилла:

   - Цхьанне а дика болх ца бина ас, цхьанне а вуон болх ца бина ас.
 
   Цуьнга  т1аккха аьлла:

   - Ахь цхьанне а вуон болх ца бина бохучух теша тхо, амма ахь цхьанне а дика болх ца бина бохучух ца кхета.

   Оцу стага аьлла:

   - Айса бина дика болх а, вуон болх а сайна бина ас...