Паччахь

Адам Абдулкадыров

Паччахь

Цхьана пайхамаран заманахь, цамгаро лаьцна, 1ожаллина герга вахана, цхьа сийлахь паччахь хилла меттахь 1уьллуш. 1уьллура, шен д1аихна аьрха шераш дагаэхаро ойланашка а ваьккхина. Юхаметтах1иттадора ша толамаш баьхна  къиза т1емаш. Дагаоьхура  даьржина, вовшашна ч1ираш йоькхуш, даима леташ хиндолу шен махкара тайпанаш цхьаьнатухуш, г1иллакхех, доьналлех дуьзна, царах цхьа  барт болуш къам дан лууш, цаьрца латтина луьра къийсам а. Воккхавера эг1аза паччахь ша ехкинчу яртех, х1иттийнчу т1улгийн г1опех, цигахь деббачу адамех а. Амма къаналлин бухавахана, цамгаро х1ара лаьцна кху масийтта шарахь, х1окхуьнан халкъ, кхуьнан 1уьналла мелла лахдаларна, хьалхалерчу джех1илан амална гергадахнера. Адамаша юха а карладаха долийра хьалхалера вовшашна юкъахь хилла а, тайпанашна юкъахь лаьттина а дегабаамаш, девнаш а, ч1ираш а. 1есаллин руьйтанехь лахйора адамо шайн къизачу дахаран к1оршаме хьогалла. Баккхийчаьрга болу лерам кегийрхошкара лаг1беллера, цаьрца г1иллакх лелочара куьцана бен ца леладора. Ткъа кегийрхойх къахеташ я баккхий нах а бацара, даим уьш емал беш, цара лелочух ца бешаш, гуттара шайн цергахь хилла нах, церан хьуьнарш хестош, уьш т1екхуьучу чкъуорана т1ехбетташ хуьлура. Нахана юкъахь баьржинера йолахой: деших деши оьцуш, и деши деших духкуш берш а, мискачу нахе цхьацца хаза масалш а далош, уьш лебой, цаьргара цхьацца бахьанца мехала йолу х1уманаш йохий я цаьрга юхалург деши я ахча а лой, уьш шайна декхарийла бохуьйтуш, уьш дакъаза бохуш болу нах. Даьржинера нахана юкъахь х1ума юкъанаюьллуш долу ловзарш. Цара дукха хьолахой къен бинера, къечарех –лай. Жимма шен де долчо бертаза зударий идош а, зудаберех куьйгаш детташ, меттигаш нислора. Иза-м, хьовха, зудабераша мехах шен дог1маш духкуш меттигаш а хуьлура, цхьаболчара-м мах а ца боккхура. Яьржинера цхьана а г1уллакхехь а боцуш, герзаш лелош болчу божарийн г1еранаш, цара талорш деш миска я таро йолу стаг  а ца вуьтура.

Шен мохк х1аллакьхила а, шен къам дуьне мел ду даржа а  герга дуй хуучу паччахьана, халкъ иймане дало хан шена 1ожалло юьтур йоцийла хууш, шел т1аьхьа, шен паччахьаллин архаш лело, хьакъ волу баьчча вита лаьара.

Кхуьнан  кхо к1ант вара. Уьш х1ор а дег1аца а, хьекъалца а товш, паччахьан куьцехь амал а йолуш кхиънера. Церан х1ораннан шен кепара хьежар дара цу хенарчу дуьненахь хуьлучун. Паччахьан атта дацара царах шен меттан цхьаъ харжа. Цунна уьш кхуьй а цхьатерра дукхавезара. Амма, ша д1аваьлча, царна юкъахь пит1ана цахилийтархьама, царах цхьаьнгахь паччахьан таж ца дитича ца долура, вукху шинга цунна тешаме хиларна ч1аг1о а йойтуш,.

Уьш цхьацца кхойкхуш т1е а кхайкхина, шен к1ентий зен х1оьттира  сийлахь паччахь.

Хьалха дуьххьарлера к1ант т1екхайкхира цо. Чувеанчу к1анта:

– Де дика дойла хьан, сийлахь паччахь! Дада, хьал-де муха ду хьан, дег1ан могашалла г1олехь хетий хьуна? – хаьттира к1анта, шен дега болчу сий-ларамна меттахъхьан а ца х1уттуш.

Паччахьа куьйгаца ишар йира к1анте,  шен улло кхойкхуш:
– Дукха лен г1ора дац соьгахь, аса хьайга деллачу хаттарна, сихха кхетош жоп ло суна. Х1ара паччхьалкх хьайга д1аелча, х1ун дийр дара ахьа, к1ант?.
Воккхахволчу к1ентан б1аьргаш чохь цхьана м1аргонна аьрха ц1е летира, т1аккха мадаре велавелла:

–– Аса лулара, хьол т1аьхьа дисина долу латтанаш д1алаьцна, вайн мохк шорбийр бара, цул т1аьхьа ломал дехьара дист-доцу аренгара элашна т1е ясакх йожош, вайн дайн ц1ерш , вайн ц1ийнан сий-нуьцкъалла алсамдоккхур дара.

Дика кхетара паччахь воккхахволчу к1ентан лаамех, ша а хиллера х1ара иштта мацах цкъа.

Шолг1а к1ант чукхайкхира дас, цуьнга хаьттира изза.
Шолг1ачу к1анта иштта жоп делира:

– Сийлахь паччахь, аса вайн махкахь мел волчунна йоза 1амор дара, кхечу мехкашка, цхьа инзаре юьйцу пачхьалкхашка кегий нах хьовсора бара –  цигара 1илма 1амадайта, т1аккха и 1илман т1ехь вайн пачхьалкхан кхетам айбан а, цунах пайда оьцуш вайн мехкан дахар хаздан а, цуьнца цхьаьна  вайн дахар атта дан а хьожур вара.

Дукха 1ийра паччахь шолг1ачу к1анта динчу дехачу къамело ойланашка а ваьккхина. Къена паччахь ша а вацара 1илма-йозанна  хийра. Кхо ша а, цхьалха висича, цкъацкъа  шен ойланаш йозане йоьхкура, мог1анийн чаккхенаш цхьанаэшаре а нисъеш.

Кхоалг1а к1ант т1екхайкхира дас. Шатайпа вара кхуьнан кхоалг1а к1ант: даима ойланашкахь, цкъа д1ахьаьжча, дешан говзанчашца хуьлура иза, жимма хан яьлча, уггаре каде т1емалошца хьуьнарш къуьйсуш каравора, каравора кхийрапхьераца поппар керчош, амма дукхахйолу хан цо 1еламнахана юкъахь йоккхура.
Цуьнга а хаьттира паччахьо вукху шинга хаьттинарг:
– К1ант, х1ара пачхьалкх ас хьайга д1аелча, ахьа сол т1аьхьа кху махкахь дийр долчунна сурт хотто лаьара суна.
– Дада, хьан дахар дахдойла  Везачу Дала, товша ца хета суна хьоьга, хьан б1аьргаш чохь догуш хьекхале нур гуш, со пачхьалкхан да волуш санна сурт хьалхах1итто, цул сов, воккхах шина вешина т1ехула а иккхина пачхьалла дича, аса-айса сой лорур а вацара, наха муххале а.
–Ахьа дуьйцу и нур 1ожалло д1адайале воллу со, сайл т1аьхьа хьакъ волу паччахь вита, аса дукха къахьегна вайн мехкан д1асадаьржина тайпанаш вовшахдетташ, цунах ша-тайпа къам хуьлийла дог дохуш.
Со де-дийне мел волу г1еллуш лаьтта, сан дег1ан ницкъ д1абаьлла, Дала ша суна еллачу дахаран оьмаран кийсигана кестта х1уттур йолчу заманчохь зайл тухур бу, аса са халадо1у, соьга дукха а ца бохуьйтуш схьаала, х1ун дийр дара ахьа, хьой паччахь хаьржича, вайн мехкан дуьхьа.

– Къизалла х1оттор яра, – доцца жоп делира кхоалг1ачу к1анта.
Ца кхийтира паччахь
 –Т1ера д1а ца йоккхуш къизалла латтора яра аса, сийлахь паччахь , вайн къомана  т1ехь.
Кеста бакъдолчу дуьненчу д1авахара сийлахь паччахь. Цуьнан весетаца массара дуй биира  тешаме хила керлачу паччахьна – кхоалг1ачу к1антана.

Къена паччахь д1акхелхина тезет д1а а дерзале, керла х1оьттинчу паччахьо гуттар шен дагахь хилла лаамаш кхочуш беш,  инзаре  хийцамаш болийра. Уггар хьалха рибаъхой махках бехира, цара нах дакъазбохуш, гулбина харц-бахам цаьргара д1а а боккхуш. Цу кеппара дихкира кхидолу а сихха бахам гулбо а, я хьал-дахар дакъаздоккху  г1уллакхаш а, белхаш а.

Цул т1аьхьа ханна кхиъна волчу к1анте, цхьана муьрана шен эскарехь г1уллакх дойтура,  мискачу нехан я хьалдолчеран варий ца къестош, цхьана мог1арехь. Рог1ера омра дара – пачхьалкхан доза дехкар, цхьа а стаг махка а ца вуьтуш, я чуьра ара а ца волуьйтуш. Цига д1ахьажийнера, к1езиг йолчу заманчохь алсамдаьллачу эскарийн цхьа дакъа. Шен эскарийн кхин цхьа дакъа махкахь баьржинчу зуламхойн  дебба г1еранаш х1аллакьян хьажийра. Махкара массо  а лай парг1атваьккхинера, уьш шен-шен ц1а д1ахьовсинера. Цул т1аьхьа массо а стаг а, зуда а, жима-воккха а, миска-хьолада а – пачхьалкхан белхашка араваьккхира . Бакъду, мах охьабиллича, мискачу нахаца цхьаьна д1а а х1оьттина болх бан жерга хета хьолахой цхьана муьрана балхех хьалхаволуьйтура. Делахь а церан бахам, къаьсттина сонта кура волчун, сихха кхачабелира.

Цхьа а ца вуьтура мукъа. Берашна а карадора дан г1уллакх, эскаре ваха хан т1екхаччалц, цхьацца говзанчин корматалла караерзо езара цара – лаахь а, ца лаахь а.

Ч1апломаца, уггар т1улг асламболчохь шерачу аренгара 1аьржа латта кхоьхьуьйтуш бошмаш йоьхкуьйтура,. Ткъа шерачу аренашца, къаьсттина дозанашца, лекха а, нуьцкъала а г1епаш йохкуьйтура. Юькъа хьаннаш хьоькхуьйтуш, керла некъаш дохкуьйтура, даккхий хин татолаш дохуьйтура, яккхий уьшалш якъа а йой, цигахь а бошмаш кхиайора. Массо болх а, г1уллакх а чекхдаьлла а хетачу хенахь цхьана а къепехь доцуш, керла инзаре х1ума дагадог1ура паччахьна – кхин шен махкахошка дайта г1уллакх ца дисича, охьадоьду хи хьаладаладе олий омра дора.

Нах мозий сана лера, цу ницкъ ца кхочучу инзаре белхашкахь. Хьалдолу нах цу махкахь бисна а бацара, х1унда аьлча цара болх ца бан паччахьан хазни чу ясакх лора, ткъа  болх барна луш са  яцара. Луш дерг ца валлал даа рицкъ а бен дацара. Шен г1уллакх дан луш дерг баттахь цхьаъ я ши де бен дацара. Цу мукъа деношкахь цхьана а кепара шен г1уллакх дан ца ларавора. Цундела наха цхьа барт а бой, вовшийн белхех эха болабелира. Баккхийчу наха лучу мах боцучу хьекъална , уьш дуьненан механ лорура. Божарийн даима пачхьалкхан белхаш беш хиларана, ша долу ц1еран г1уллакх зударша д1акхоьхьура: беже а, же а уьш г1ора, дечиг лахьо а, даккха хьуьнах уьш г1ора, шаьш гулйина к1алд я даьтта, я йина а, тегна а х1ума йохка я хийца кхечу шахьаре уьш боьлхура. Цундела церан сийнна т1екхевдинарг вен кхачийнера наха. Цу мехкан нахана юкъахь эхь, бехк, яхь, ларам кхиа болабелира. Амма адам г1елделла лаьттара, даима ладуьйг1ура цара, х1инца х1ун дагадеана теша вайн къизачу паччахьна бохуш.

Кхин-м дан дисина х1умма а дац аьлла, хетачу хенахь паччахьан керла омра кхечира. Цу мехкан адам гуллучу майдана юххьехь, цхьана нуьцкъалчу куьйго стиглара ластийна охьакхоьссина санна йолчу, махо б1еннаш шерашкахь шарйинчу тархана  хьалакхаччалц терхеш ен аьлла.

– Тархана хьалакхаччалц терхеш яьхна, сийлахь паччахь, – аьлла, хаам бира паччахьан хьадалчаша.

– Х1инца цу тархана т1ехь боккхачу 1омана к1аг баккха, –  аьлла, керла омра дира къизачу паччахьо.

Цхьа хан-зама яьлча, хьадалчаша хаам бира:
– 1омана к1аг баьккхина а баьлла, – аьлла.

– И к1аг шуьрех буза, – аьлла, юха а к1оршаме омра дира паччахьо, иштта хала доллучу шен къомана ясакх т1е а йожош.
 – 1ам шуьрех буьзна а баьлла-кх, сийлахь паччахь, – аьлла, кхаъ баьккхира юха хьадалчаша.

– Д1акхайкхаде нахе сан керла омра, цу майдане массаьрга д1агулло ала.
Шен халкъ дерриге тарх т1ехь лаьттачу майдане д1агулделча, паччахь лекхачу тарха т1е велира, ягар а ца яллал дукха йолчу терхаш т1е байн ког боккхуш. Тарха т1ехь баьккхинчу шуьрех буьзначу боккхачу 1омана юххехула а ваьлла тархана йисте д1а а х1оьттина, майдане гулделла шен халкъ гича, паччахь вайн велакъежира, б1аьргех хин т1адамаш 1ийдалуш.

Массо а стаг, гола а вахана, стигала  куьйгаш а кховдийна 1ара, Деле доьхуш. Доьхург массара цхьаъ дара: «Я Везан Дела, бехьа тхох къинхетам, гечдехьа тхан къиношна, тхо дохкодевлла-кх оха мел  лелийнчу харцошна, тхо къера ду-кх тхайн 1есаллина а, д1аайабехьа тхуна т1ера х1ара бала, к1адъехьа тхан паччахьан амал!»

Къиза паччахь кхийтира шен къам цхьаъ хилла д1ах1оьттиний, иза иймане а деана хиларх а, Далла муьт1ахь хиларх а. Шен ден лаам кхочушхиллий гуш вара иза – шен къомо ша-тайпана амал схьа а эцна, цхьаъ хилла д1ах1оттар. Цо ша а дукха сатийсина де а дара х1ара. Цунна шена а ша 1уьналла до къам шен сил дукхадезара, амма ша паччахь х1оттале хьалха кхеттера иза, шен халкъ ийман а долуш, цхьа барт а болуш оьздачу г1иллакхехь къам хилла д1ах1уттур доцийла, цкъа хьалха хало ца 1оьвшича.