23. Дахарехь зеделларш

Сайд-Эмин Мартанхо
221) Хьарам гулбина бахам эла хуьлий д1ах1утту.

222) Ша дукха хестуш волчух тешам к1еззиг хуьлу.

223) Т1е 1ежаш охкарх акказех стом хир бац.

224) Нахана дарба хьоьхуш верг шена дан дарба долуш а ца хуьлу.

225) Питана, мацца а цкъа, ша г1аттийначунна бале долу.

226) Берана довзийтинарг бераца нисса кхуьур ду.

227) Ма варра ша вевзинарг ша нахал а лакхара хеташ хир вац.

228) Къизалла де ца хиларан билгало ю.

229) Б1аьрмециг стаг даим зенах кхоьруш хуьлу.

230) Цхьана п1елгаца буй балур бац.