22. Дахарехь зеделларш

Сайд-Эмин Мартанхо
211) Муьлх - муьлхха а г1уллакх хьаьнг - хьаьнггахь товш дац.

212) Шен дег1ан лаамийн лай хилларг юьхь1аьржа хир ву.

213) Цхьанна вас ян леринарг и йича санна ву.

214) Ца декхалун долу дика а дина хьоьгара дикане сатуьйсуш верг хьуна вуон болх бинарг санна ву.

215) Гергарло хотта шераш оьшу, хадо - м цхьа дош а тоьъу.

216) Деха къамел говза а, говза къамел деха а ца хуьлу.

217) Оьзда боцчу нахана юккъехь оьзда лела хала ду.

218) Доттаг1чунна далуш долу г1уллакх, дукха хьолехь шена дан ницкъ кхочуш а ца хуьлу.

219) 1илма долу стаг кура велахь 1овдал хиларан билгало ю.

220) Стом кхио шераш оьшу, охьатоха - м ах сахьт а тоьъу.